Оьрсийчоьнан либерала боламан байракх а хилла лаьттинчу Ходорковский Михаила, шен политикан хьежамаш къадийначулла тIаьхь, цунна сагаттадинарш, цец ца баьхнехь а, цакхетамехь бисина. Шен доьххьарлерачу интервьюхь, цо хаийтина, ша националист ву аьлла.
Оьрсийчоьнах, масла, Кавказ дIакъастахь, оцу хIуманна доьхьала тIом бан беза, ша а гIура ву цу тIам тIе, боху, цхьана хенахь, Оьрсийчохь уггаре а дукха ахча хилла волчу цо. Интервью дIахьочу Альбац Евгенийс, хаьттира: «Кавказ? Вай ца кхеташ йолу культура ма ю иза!».
"И латта вай тола а тоьлла муьтIахь дина ду. Дуьненахь муьтIахь дина доцу латтанаш данне а дац," жоп делира Ходорковский Михаила. Ша Берлинехь ханна нисвеллачу, цунна дицделла хила там бу, 10 шо набахтехь доккхуш, и немцойн мохк а Оьрсийчоьно шозза, ишта тола а тоьлла, муьтIахь бина хиллийла.
Харцонна доьхьал а ваьлла, таIзар лайначу стагах нохчийн даиманна дог лезина ду. Ходорковский Михаилан маршо ло бохуш, митингашка нохчий вовшах беттабала йиша яцара иза чохь валлачу хенахь. МуьтIахьалла чIагIъян махка чудеанчу оьрсийн эскарах бала ловш бара шаьш а. Амма, дукхачу нехан цуьнах дог лозура, шинна а тIамехь, хIаллак деш хилчу къоманна дашца а тIехоьттина воцучу оцу хиллачу хьоладех. Ходорковский Михаилца шортта нохчий а хилла чохь бахкаш. Уьш боцуш-м, Оьрсийчохь цхьа а набахте яц.
Шен гергара стаг а хилла цуьнца цхьана колонехь боху нохчийн совдегархочо Рустама. Шаьш цуьнца зIене доьвлча, оцу стаган гIо дан аьтто бацахь а, цуьнан некъ мукъне а ма хадабе бохуш хьехамаш бора, аьлла тидам бира цо.
Рустам: «Ходорковский Карелехь набахте чохь валлачу хенахь, сан гергар стаг а хилла цуьнца цига чохь валлаш. Цигара къайлахь телефонаш тухуш ма яй.
Ходорковский а ву шаьш долчохь, цо аьлча, тхан невцо, цуьнан некъ ма хадабелахь, цунна вас а гIело а ма елахь, иштта ахча долуш Iедалан доьхьала ваьлла, иза историйн юккъе вахан стаг ву хьуна, аьллера. Ахча долу стаг ишшта доьнал долуш хилла меттигаш яц хьуна. Ахь цунна во болх бахь, вай нохчийн цIе бехйийра ю хьуна,бохуш хьехарш динера тхан невцо. Ткъа тахана гуш ву-кх иза. ДIаяьккхахь дIа! ХIумма а йоцург ю-кх иза».
Нохчийн совдегар волчу Рустаман, Ходорковскийс дина долу и къамел, кхеравелла деш ду аьлла хета. Набахте юха чу ца ваха, цо хIуъа а дийра ду аьлла хета цунна.
Рустам: «Путинс, ша мел долчу ахчанах а ваьккхина, ша чувоьллина волу, ара вала ах шо диссинчу хеналла хьалха, аравалийтина аьлла, цо хIинца Кавказехь а тIом бийра бу хьуна. Тахана тIом бан а , Iедална доьхьала вала а, къонахалла а, доьналла а ма оьшу. Нах набахте чу бахана а ца Iаш, тахана шай синош дIа а луш Iаш бу. Кавказехь цхьа а тIом а , хIумма а йийра яц Ходорковскийс.
Цхьа ши бутт ма баьлнехь, кхечу агIора къамел дийра ду цо. Шен чохь воллуш, кхерийн. Бакъдерг дийцича, бехк а бац, итт шо чохь даьккхинчу стага иштта алар. Жимма майра ма ваьлнехь, кхечу агIора дуьйцура ду. Оьрсийчоь а хилла цхьан хенахь, гIезлоша-монгалаш 300 шарахь церан кога кIелахь а йолуш, царна ял луш. Кавказелла йоккха меттиг йоллушехь, уьш а паргIат ма боьвла. Цкъа Кавказ а ера ю-кх ишшта мокъа. Рицкъ а, аьтто а, хилахь».
Ходорковский Михаила, Кавказах лаьцна къамел данне а дан оьшуш дацара аьлла хета совдегархочуьнна Рустаман. Нохчийчоьнца а, я регионца а, бала болуш хилла иза цкъа а хилла вац. Шена ца кхета бохуш вара иза, цуьнгахь, и империйн ойланаш хIунда йоьвла.
Рустам: «Тахана со я Iедалан, я Путина доьхьала а вац. Ходорковский арахецча а, ца хецча а , цуьнца сан бала а бац. Со а, со санна болу сан махкахой бойучу хенахь, Ходорковский мехкдаьтта а духкуш, иза лачкъа а деш, Оьрсийчоь юуш Iийна стаг ву.
Ахча ца хиллехьарий, из цхьаммо а вуьйцура а вацара. Итт шо даьккхина набахтера араваьлча, хьой, сой, цхьанахь вокзалашкахь буьйсанаш а йогIуш, цIа вахан хира вара. Ткъа, хIара, Германера министр Геншер а веан, цхьа а паспорт а доццушехь, виза цигара схьа а еъна, ишшта дIавигна. Вайна хууш ду-кх иза, ахча долу стаг миччанхьа лелор ву.
Ткъа, иза доцуш, хьо мел чIогIа майра валахь а, хьекъал долуш валахь а, хьо велча а, цхьанна а хьоьца бала хира бац».
Нохчийчоь Оьрсийчоьнах дIакъастарна сагаттадан оьшуш дац Ходорковскийс а, кхечара а, аьлла хета, политологан Кутаев Русланан. Къомо ша хIинца ловзадойтура долуш дац, ян цуьнга а, цхьаьнге а, аьлла дийцира цо.
Кутаев Руслан: «Со цецволуш хIумма а дац. Оцу Путинс а, Ходорковскийс а, вовшах бойура бу, тешнабехкаш бийра бу цара, ямартлонаш лелора ю. Амма, церан даиманна барт хира бу кавказера къаьмнаш вахьтаIор тIехь.
Ходорковскийна а, Путинна а хаа деза, Кавказ къаьмнаш дебаш доьлхуш ду, Оьрсичоьнан дозанера арадовла лууш а дац. Ас Ходорковскийга сала-маршалла дохуьйту, цунна дIа а хоуьйту. Тхо Оьрсийчоьнан дозанера арадовла лууш дац, оха Ходорковскийна а, Путинна а, ловза ян оха юьтура яц.
Оьрсийчоьнан коьрте дан кечлуш ду, тхо ца дагIахь а. тхан бераш а, я тхан берийн бераш а. Оха Оьрсийчоь дIахоьцура яц. Мехкдаьттах а , жовхIарах а тхайн дакъа схьа а оьцуш тхо Iийра ду, цу тIера тхо даха нах банне а бац.
Со аравала гIерташ соьца тIом бан ванн дезара дац цуьнан. Бакъду, соьца тIом бан безар бу цуьнан, Ходорковскийс хIара пачхьалкх йоха а йина, Кавказан къаьмнашна цуьнах дакъа ца кхачийтахь. Тхайн дакъ схаьдаккха оха тIом бийра бу. Оьрсийчо оха юьхуьйтура яц. Оьрсийчоь оха цхьанне а дIалура яц. Оьрсийчоь-тхна пачхьалкх ю».
Ходорковский Михаила, ша политик юккъе гIоьртура вац бохуш ду. Амма, доьххьарлерачу дIахьедаршца гуш ду, лууш болу юккъараллийн болх, цуьнга, политикех а ца хьакхалуш дIакхехьалура боцийла. Ткъа, Кавказ, иза, Оьрсийчоьнан уггаре а, лазаме чов ю, кхечарна юккъахь. Иза, даиманна, оьшучу хенахь метах а йоккху луучара а, хуучара а.