Кадыров Рамзана хаам бира, шен кIант Ахьмад Путин Владимирца цхьанакхетта аьлла. ХIинца шолгIа деш ду цо и тайпа хIума - Путинан пресс-сервисал хьалха лелхаш лаккхарчу тIегIанехь хуьлучу цхьанакхетарех лаьцна дIахьедеш. Президенто дуьххьара тIелоцуш ву губернаторан кIант.
2004-чу шарахь иштта, хIинца шен кIант ма-ваххара, Кремле вахара Кадыров Рамзан, шен да, Нохчийчоьнан президент Кадыров Ахьмад вийча. Цу хенахь цуьнан 27 шо дара, ткъа цуьнан кIентан 17 бен дац. КIентан хьошалгIа вахар самукъанечу деношкахь нисделира - зуда йалош вара жимхо.
Кадыров Ахьмат "Хьалхарчийн болам" ("Движение первых") цIе лелочу йукъараллин цхьанакхетаран куьйгалхо санна вахана вара Путин волча. Зазадоккху-беттан 4-чу дийнахь Кадыров Рамзана Кремлехь даьккхина ши сурт гойтуш, шен телеграм-каналехь дийцира цунах дерг. Куьйгалхочо схьадийцарехь, кIанте Путина дийцира цуьнан ден дех Кадыров Ахьмадах лаьцна.
"Владимир Владимировичо дуккха а хьехарш дира жимачу Ахьмадна, цо билгалдаьккхира, Ахьмад-Хьажин кхоалгIа тIаьхье шайн ден-дех йаккхийра йина ца Iаш, цо болийна Некъ дIакхехьа беза, кхиамаш совбаха беза", - йаздира Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен телеграмехь.
Кремлан сайтехь Кадыров Ахьмат цига веана хиларах хаамаш бац, амма иза "неформалехь" дара ала йиш йац – цхьанакхетар кхечу пачхьалкхашкара хьеший Путино тIеоьцучу чоь чохь дIадаьхьира.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо цхьаъ бен вац регионийн куьйгалхошлахь, протоколан низамаш дохош, официалехь цхьанакхетарш хиларх лаьцна хьалхара дIахьедечех. Масала, ишта дира цо, 2022-чу шарахь Мусаева Зарема дIалоцучу муьрехь а. Песков Дмитрийс Кадыров шаьш долче ван везаш вац боххушехь хIара сихха цига дIавеана, дIахIоьттира.
Нохчийн Пионералла, тIаме бахар а
"Оьрсийчоьнан берийн, кегирхойн болам "Движение первых"( цу боламан цIарах вахана вара Кадыровн кIант Кремле.) И болам 2022 -чу шеран гIуран-беттан 18-чу дийнахь йукъабаьккхина бу Путинан лаамца. Цо схьадийцарехь, йуьхьаралаьцначу Iалашонех йу: Оьрсийчоьнна йукъадогIучу къаьмнийн цхьа барт хилийтар, йукъара истори Iалашъяр, мехкан турпалхойн сийдан кегирхой Iамор. Ленинан 100 шо кхочуш пачхьалкхан думе кховдийна йара и проект.
КIент-кIанта шен ден а, ден-ден а гIуллакх чекхдоккхур ду аьлла къадийча санна дара Путинан дешнаш
Путин бIобулуш ву Кадыровн кIантах. Шен дендас а, дас а хаьржинчу новкъахь Ахьмат ледара хир вац аьлла тешна ву. Нохчийчуьра "Хьалхарчийн болам" 2023 шеран дечкен-беттан 25-хь магийна тIеэцна йу Соьлжа-ГIаларчу спортан а, кегирхойн а министраллашкахь. Кегирхойн болам гIарбаларца башха бевзаш бац: зазадоккху-баттахь Кадыров Ахьматан "ВКонтактехь"цунна тIейазвелларг 12 стаг бен вацара, телеграмехь -259.
Ишта-м и тайпа цхьанакхетарш кхин а хилла Ахьмадан - 2022 шеран гезгамашан-баттахь 16 шо долчу Ахьмадан къамел хилира Кравцов Сергейца. Иза ву иза оцу керлачу боламан куьйгаллехь хилар къобалдинарг. Официалерчу цхьанакхетарехь йаьккхина арахецначу видео тIехь гуш ду, боламан хьалханчас халла дIадоьшу планшета тIера хаттар.
ДIадаханчу шеран гIадужу-баттахь Кадыров Ахьмад шен вежаршца а, йишица а Украинерчу Донбассе вахара. Кавказ.Реалии сайто дийцира, эксперташа и хилам цабашарца тIеийцира аьлла. ТIаьхьо гучуделира, цигахь йина видеош цара шаьш кечйина хилар.
Кадыров Ахьматан политикан новкъахь дIаволавалар иза керла куьйгалхо хила кечвар ца хета шена элира Кавказ.Реалиин сайтаца къамел хилла волчу оьрсийн политолога Гусий Андрейс. "Амма Кадыровн доьзалца Путинан шатайпа йукъаметтиг хилар гойтуш цо", - билгалдаьккхира къамелдинчо.
Зуда йалорна дина совгIат, йа "ТIаьхьа вогIург" операци?
Кадыров Ахьмадан 17 шо бен дац. Цунах губернатор ван хьалхе ду, ур-атталла Путинан политикан системехь а, боху Соьлжа- ГIаларчу "Мемориалан" хиллачу куьйгалхочо Титиев Оюба.
Кадыров Рамзанан доьзалца шен леррина гергарло хилар лечкъош дац Путина. Цкъа хьалха Рамзанан деца Ахьмадца, йуха - Кадыров Рамзанца. Ткъа жимахволу Кадыров зуда йалочу деношкахь ша волчехь тIеэцаро, иза оцу хиламца декъалваро кхин цкъа а гойту президентан цу доьзалца шатайпа гергарло хилар, уьш цунна оьшуш хилар, боху бакъоларйархочо.
Кадыровн кIант ша волчохь тIеэцарца Путина гойту шен а, Кадыровн а йукъаметтиг дика хилар. Оьрсийчоьнан президенте Кадыров Рамзанан аьтто бу шен кIант Кремле ваийта аьлла дехар дан, боху "Либеральная миссия" фондан декъашхочо, политолога Жаворонков Сергейс.
"Дера и доьзна дац цхьанна а оьшуш боцучу оцу Iедалехь болучара магийначу боламашца. Кемеровера, йа Ростовера кегирхой ма ца оьцу Путина ша волчохь иштта тIе – беламе хир дара иза. Хетарехь, Кадыровс оцу кепара шен кIантана шен таронаш гайтина, цо зуда йалорна совгIат а деш. Дерриг долчу кхиазхочунна кхин хIун совгIат дийр ду", – боху Жаворонковс.
ХIинца, кху муьрехь Кадыров шен даржера вохор Путинан оьшуш дац - дукха къахьегна вукхо, регионехь резабоцурш охьатаIорна тIехь, цхьадолу хIумнаш цуьнгара дийлахь а.
"Масала доцуш ма даций вай - [Беларусера] Лукашенко [Александран] кIант - цуьнан ворхI шо долуш дуьйна дас даимна шеца массанхьахула лелош вара. Гуш ма ду, иза шен меттана цо кечвеш хилар. Лукашенкос иза а ма вахийтира Путин волче. Ша цхьаьна волуш. Цу тайпачу ловзарех самукъадолу диктаторийн. ХIинца Кадыров Ахьмадах оьрсийн Коля Лукашенко ала мегар ду, шайн метта кечвеш волу", – боху политико.
Путин Владимирна дика хаьа, ша Кадыровн меттана кхин стаг хIоттавахь, Нохчийчохь долу хьал чолхе доьрзур дуйла
Лукашенко кIантаца цхьанакхетар а, Кадыровн кIант цига вар а цхьанадогIуш хета политолога Колочев Константина, амма башхаллаш гучуйоху цо: Лукашенко кIант вовзархьама кхайкхинчух тера дара, ткъа Кадыров Ахьматан хьошалгIа вар кхин чулацам болуш хетало.
"Масала, Путина бохуш ма-хиллара, "нохчийн хьалхарчу президентан Кадыров Ахьматан некъ дIабахьар ладаме ду. Кадыров Ахьмад-Хьаьжас республика Оьрсийчоьнехьа йерзийна, Путинан къамелехь цо кхадийнера, кIанта шен ден а, ден-ден а гIуллакх дIакхоьхьург хиларх. Кху тIаьхьарчу хенахь Кадыровн могашаллех лаьцна дукха къамелаш ду хезаш. Иза-м лоьраша ледар вуьтур вацар. Амма керла куьйгалхо кечвича новкъа дац", - дийцира политилога.
Хетарехь, Оьрсийчоьнан президентана КадыровгIеран доьзал боцург кхин цхьа а ца го Путинна Нохчийн республикан куьйгаллехь. Хаьа цунна, царел муьтIахь шена цхьа хир воцийла. Рамзана шен кIант хIоттаве алахь, и цуьнан лаам Путина кхочушбийр бу, ша цу доьзална резахилар гойту цо, аьлла дийцира эксперта Кавказ.Реалиин сайтаца динчу къамелехь.
17 шо кхаьчна кIант керла куьйгалхо хила кечвеш хиларх тешна ву ичкерхойн "Единая Сила" боламан хьалханча Сулейманов Джамбулат. Цо дийцарехь, Путина Кремлехь Ахьмад тIеэцар лаа дац. Цунах регионан куьйгалхо ван иза кийча хиларан билгало йу и, боху цо.
"Нагахь иза иштта нислахь, Кадыровн кIант куьйгалхо вина дIахIоттор ву. Ткъа цунна хьалхара болх кхечара бийр бу", – боху цо.
"Путин Владимирна чIогIа дика хаьа, ша Кадыров дIаваккхахь, республикера хьал долчун тIе а кегалур дуйла. Кху тIаманна йуккъехула кхин цхьа тIом оьшуш бац цунна. Цундела, церан доьзалца дерг хIуъа мегаш ду цунна", – дерзийра Сулейманов Джамбулата.
- Нохчийн республикан куьйгалхочун гергара нах - бераш, йижарий, йишин доьзалаш, шичой, маьхчой-лаккхарчу даржашка дIахIиттош хилар Кавказ.Реалии сайто хьалха а моссуьйтуза дийцина дара. Уьш массо схьаецча, 100 сов гергга нислора. И хьал иштта хиларан бехк шена тIера дIатоттуш, регионан куьйгалхочо, элира: "Тхайна тIедехкина декхарш оха дикка кхочушдичхьана, хьенан хIун бала бу? КIезга сагатло сан аша дуьйцучунна, шуна хетачунна".
- Кадыров Рамзан дIасалела RA-73417 бортан номер йолу долара кема юха а нисделла радарашкахь. Чиллан-беттан юьххьехь Мальдивашкахь хааделла иза, Таиландан а, Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмиратийн а хийистошкахь. Оццу деношкахь цигахь тергалбира Нохчийчоьнан куьйгалхочун воIарий. Ша хьаькамо тIе ца дуьту, республикера ша араваьллера бохург, чIагIдо шен кема дац бохуш а. Шен бераш курорташка лестарх йеш комментарий йац цо. Кавказ.Реалиин корреспонденто къастийра оцу историх лаьцна дерг.