ТIекхочийла долу линкаш

 
КIантана йелла нехан орден, йийсархошна кхерамаш тийсар: муха дагахь лаьттар йу Кадыровн духхьалдIа эфир
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIантана йелла нехан орден, йийсархошна кхерамаш тийсар: муха дагахь лаьттар йу Кадыровн духхьалдIа эфир


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Кхаа сахьтехь йоьдучу дуьххьалдIа эфирехь Нохчийчоьнан урхалхочо тергал ца дира бахархошкара кхаьчна цхьа процент а хеттарш. Амма ларийна иза Талламан комитетан куьйгалхочунна Бастрыкин Александрна а, чоьхьарчу гIуллакхийн министрна Колокольцев Владимирна а критика йан а, шен 17 шо долчу кIантана Кадыров Адамна нехан мидал йала а, Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь шайна са лоьхура аьлла, ГIалгIайчуьра бахархошкара бехк баккха а. Уггар а резонансе цо дина дIахьедарш листира тхан редакцино.

Стохка Кадыровс бегашена чIагIо йинера махкара информацин хьалханчана таIзар дийр ду ша, нагахь санна, шен дуьххьалдIа эфирехь ира хеттарш хир дацахь аьлла. "Ира хеттарш ца хьулу церан – цхьа ледарнаш бен", - дIахьедира хIетахь цо. Шо даьлча а йацара эфирехь дозуш доцчу зорбанаша а, бакъоларйархоша а йийцарейен теманаш

Эфир вовшахтоьхначара хьаха ца дира республикехь ницкъахошна цхьа могIа тIелетарш динчул тIаьхьа меттигера бахархой лечкъор а, нохчийн оппозиционерийн нанна Мусаева Заремина дуьхьал айдина керла бехкзуламан гIуллакх а, Сулейманова Седех хилларг а, ишта бертаза цIа бигинчу кхечу йоьIарех лаьцна а. Ца хилча санна дитира хьахоза Wildberries маркетплейсана тIехула сенаторца Керимов Сулейманца даьлла дов а, чIир хьейеш тийсина кхерамаш а, дукха хан йоццуш Гуьмсера а, Соьлжа-ГIалара а гIишлошна дронашца дина тохарш а. ТIаьхххьара и тайпа тIелатар нисделира дуьххьалдIа эфир дIахьочу дийнахь.

Шен эфир йолийра Нохчийчоьнан куьйгалхочо мехкан "кхиамех" а, цо кеп-кепарчу рейтингашкахь – официалан а, йукъараллин а- хьалхара меттигаш бахарх а лаьцна дуьйцуш. Оцу йукъанна республика аутсайдер йуьсу коьртачу социалан-экономикан гайтамашкахь, уггар а хьалха бахархойн дахаран тIегIанца: кхузахь пачхьалкхехь уггар а гIад дайна жамIаш гойту белхазаллица а, банкроташ бийларехь а, пенсин барамца а, хьехархойн алапашца а, банкашка ахча дилларехь а, иштта бахархойн аьхналлица а. Официалехь уггар а лахара тIегIа йу регионашкахь дечу зуламашца бохуш, дечу дIахьедарша а шеконаш йуьту. Кху шарахь республикехь къаьсттина дукха зуламаш дина хилар билгалдаьлла.

Кадыровн дешнаша бакъ ца бо официалан рейтингера хаамаш, царех лаьцна дийца а ца лиира цунна дуьххьалдIа эфирехь. Масала, 2023-чу шарахь Iер-дахаран эвсаралла толлуш "РИА Новости" агенталло динчу хьесапашкахь Нохчийчоьно дIалоцу 68-гIа меттиг, Дагестан а, Къилбаседа ХIирийчоь а, ГIебарта-Балкхаройчоь а хьалха а йолуш.

Нохчийчохь уггар а чIогIа дуьйцучех дара Соьлжа-ГIалара таксин балхах лаьцнарг а, урамашкахь герзашца лаьтта полисхой дукха хилар а. Соьлжа-ГIалин бахархоша латкъамаш дора, кхайкхина машен йаре хьоьжуш дукха хан дIайолу шайн, ткъа машенлелорхой дукха хьолахь реза ца хуьлу шаьш гена доьлхуш дацахь бохуш. И гIуллакх къастаде аьлла, тIедиллинчу Кадыров Рамзана дош ца элира, монополист хилла "Грозненское такси" фирма шен 20 шо долчу йоьIан Табарикан долахь хилар: кхинйолу сервисаш махкахь магийна йац.

Йист йоккхучу меттана хуьсигаш кхийдор

ДуьххьалдIа йоьдучу эфирехь зевне дIахьедарш дечу йукъанна тамашен дара бахархоша луш долу хеттарш. Масийттаза дехар дира политике балха хIоттор доьхуш а, протезаш оьцуш гIо дахьара аьлла а, иштта компьютер, микроавтобус а йийхира. Кхечу регионийн губернаторша а иштта шайн дуьххьалдIа эфирашкахь тIеоьцу бахархойн дехарш, амма цаьрга ладоьгIча, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга оцу кепара дина дехарш тIех дукха дара, билгалдаьккхира Оьрсийчоьнан политолого. Оьрсийчохь репрессийн низамаш лелаш хиларна, шен цIе цайаккхар дийхира цо.

"Шайна гIо доьхуш дехарш дар дуккха а кIезиг нисло кхечу губернаторийн дуьххьалдIа эфирашкахь. Оцу кепара сагIа дIа-схьа кховдоро регионан хьалханчана а, бахархошна а йукъара зIе денйо, совгIат дан меттиг болу, лаам кхочушхилар нисло Керла шо герга кхочуш", - билгалдаьккхира къамелдечо.

Комаьршачу "паччахьо" уггар а хьалха шен а, шен доьзалан а кханенан гIайгIа бо

Кхин а цхьа хIума ду тамашен: Путина а, губернаторша а хьалхе дуьйна кечдинчу хеттаршна жоп луш делахь а, амма телефонехула тIеоьцу бахархойн хеттарш, ткъа Кадыровга йаздина кехаташ цуьнан куьйгакIел болчара довзуьйтура. Эфир вовшахтоьхначарна лиъна хир дара эфире могIарера нах ца бита, цхьа дагахь доцург нислахь а, кхин дIа дуьйцура политолого.

Республикера дахарх хьакхалун дуккха а дехарш шега дина доллушехь, ЖКХ-н, некъийн, могушаллаIалашйаран проблемаш йийцаре йечу меттана, дукха дийцира Кадыровс Трампах, Маск Илонах, Бстрыкинах, Колокольцевх лаьцна, иштта дош делира Украинера тIом кеста боьрзур бу аьлла а, дерзийра эксперто.

"Йамартхо", "нохчийн къам доьхкинарг" аьлла, шена техкинчу цIерех вала хьийза мехкан урхалхо, халкъе шена гIортор а йойтуш. Кегий хуьстигаш а туьйсуш, ша дика, нийсо лелош урхалхо ву аьлла, кеп хIиттон хьийза иза, аьлла хета Европехь болх бечу "Цхьааллин ницкъ" политикан организацин куьйгалхо волчу Сулейманов Джамбулатана.

"МогIарерчу бахархошлахь чIагIлуш лаьтта Украинехь дукха махкахой баларна а, дахаран тIегIа лахйаларна а, йоллу Оьрсийчохь аьлча санна нохчашца ксенофоби лелорна а реза цахилар. Кадыров кхеташ ву, Кремлера Iедал хийцалахь, Путинан меттиг хьаъа дIалацахь а, уггар а хьалха шен гIуллакх галдериг хиларх, цундела и хуьсигаш а кхийдош, бахархой шегахьа берзон гIерта иза. Комаьршачу "паччахьо" уггар а хьалха шен а, шен доьзалан а кханенан гIайгIа бо", - бохура къамелдечо.

Шен доцу совгIат

Ша кхечу хаттарна жоп луш, Кадыровс билгалдаьккхира, республикехь вовшахтоьхначу тIеман министраллин батальонашна нохчийн къоман паччахьаллин Оьрсийчоьнна дуьхьал тIемаш бинчу турпалхойн цIераш леррина техкина йара ша, аьлла. Цунна хетарехь, имам Шейх Мансура а, полкан хьалханча хиллачу Бенойн БойсагIара а "тIемаш бина дешан маршонехьа", шен дас, Оьрсийчоьно хIоттийна, Нохчийчоьнан хиллачу президенто Кадыров Ахьмада а санна. Цул тIаьхьа регионан премьер-министро Даудов Мохьмада а, министро Дудаев Ахьмада а политикан 17 шо долчу кIантана Кадыров Адамна "гуттаренна а лелон, Iалашйан" дIайелира бархI са болу дато орден. И йу хьуна Имам Шемала шена наибана Бенойн БойсагIарна йелла хилла мидал. Ишта сацам тIеэцна хилла Нохчийчоьнан парламенто, дIакхайкхийра йоьдучу эфирехь.

Муха лелор йу шен йоцу орден, кхечу стеган, тайпанан, кланан совгIат?

Иттанашкахь орденаш йелира Кадыров Адамна, КъорIан дагорна лаьцна латтош хиллачу Журавель Никитина стохка марсхьокху-баттахь йиттинчул тIаьхьа. Иза кхиазхо ву хIинца а аьлла, полици дуьхьал хилира бухкзуламан гIуллакх доло, делахь а, кхиазхочунна республикан лаккхара дарж делира – шен деден Кадыров Ахьмадан цIарах орден. Ишта "Нохчийчоьнан турпалхо" а вира цунах, мехкан куьйгалхочун кхерамзалин декъан хьаькам а хIоттийра, ишта цхьа могIа совгIаташ делира цунна ГIезалойчоьно а, Кхарачой-Чергазийчоьно а, ГIебарта-Балкхаройчоьно а. Билгалдаьхначу совгIатех, даржех цхьадерш дала хан йолуш а вацара иза.

Ша дIахIиттийначу нахана совгIаташ деш хилла Имам Шемала лерринчу билгалонашца, мидалшца, йа орденашца. Оцу йукъанна Кадыров Адамна делла совгIат дуьххьара хьахийнера кху шарахь Тесаев Амина арахецначу Iилманан артиклехь, дийцира редакцина шен цIе а ца йоккхуш, Кавказан тIом толлучу Нохчийчуьра историко. "И дац, артефакт бакъ йац бохург. Билгалдаьлла ду, турпалхойн доьзало тIаьхьенгара тIаьхьенга а луш, латтийна, ларйина хилар шайн цIахь и орден, цунах тамаш ца беш, нахана дIа а ца оьхьуш", - бохура историко.

Хеттаршка вуьйлу къамелдийриг: "Нохчийн турпалхочун орден кхиазхочунна стенна йелла? Муха лелор йу шен йоцу орден, кхечу стеган, тайпанан, кланан совгIат?"

"И лартIахь хIума дац нохчийн ламасташца а, йукъарчу гIиллакхашца-оьздангаллица а. Советан заманахь а ур-атталла вайн ветеранаша шайна тIамехь йеллачу орденех дозалла ца дина, уьш нахана дIа а ца эхьна. Кадыровн дуьххьалдIа йоьдучу эфирехь хилларг - цхьа жухаралла лелор ду", - дерзийра къамел историко.

Делах тешачарна хетачуьнций?

Цхьана хIумана америкахойн трофейн Bradley БМП тIехь веара цхьанакхетаре Кадыров Рамзан йийсаре лецначу украинхошца цхьаьна. Машенара охьавоьсинчу цо, цхьахволчуьнга элира айхьа хьайна тапча тоха. Важа реза ца хилча, регионан куьйгалхочо элира: "Нах байъа лаьа, ткъа шена вала ца лаьа".

"Украинерчу тӀеман йийсархочуьнца цо динчу къамело йерриг а Оьрсийчоьнан Ӏедалан адамалла йоцу юьхь гайтина ца Ӏаш, цу стеган шен къизалла а гойту. Кадыров кхеташ ву, оцу видеох лаьцна дуккха а дуьйцур дуйла, ишта Украинехь а, кхечу пачхьалкхашкахь а цхьана. Массо а нохчий къинхетам боцу зуламхой болуш санна сурт кхуллу цо, цуьнца Оьрсийчоьнан пропагандин хаамашна тIе а товжуш", - билгалдоккху Ичкерин арахьарчу Iедалан Францехь векал волчу Албаков Шамила.

Кадыров веза стаг а хеташ, боллу нохчий къинхетам боцу зуламхой бу аьлла васт кхуллу цо

Лулахошца йолчу йукъаметтигех лаьцна дуьйцуш, Кадыровс йоьдучу эфирехь ГIалгIайчуьра бахархошкара бехкаш дехира 1990-чу шерашкахь тIемаш боьлхучу хенахь нохчийн мухIажаршна гIо ца дина аьлла. Цо дIахьедира, "цхьана лаппагIаш чохь" Iара нохчий, 90 процент мухIажарша лаьцначу чоьнах ахча лора аьлла.

Оцу дешнаша сий дойъу, уьш бакъ а дац элира Албаковс. Шина халкъан йукъаметтигаш хедар йолуш йац, гергарлонан а, кхинйолу а йукъаметтигаш къесталур йолуш йац, Кадыров шен ма-хуьллу и дан хьийзахь а, билгалдаьккхира цо.

"Луларчу махкахь нохчийн мухIажарш тIеэцна эзарнаш масалш цуьнан чIагIдарша харцдо, цхьаболу нах бохамах пайда эца гIертаро ма-дарра хилла сурт ца гойту", - билгалдаьккхира йукъаралхочо.

ДуьххьалдIа эфирехь меттигерчу зудчо дехар дира шен цIийндех ша дIакхетийта доIа дахьара аьлла. Кадыровс а, цигахь гулбеллачара а дира доIа. Iеламстаге оцу кепара дехар дар динехь дихкина дац, билгалдоккху Албаковс, ткъа кхиндIа иза хеттаршка вуьйлу: Кадыров делах тешаш стаг ву олийла дуй? "ХIан-хIа, иза пропагандистийн кеп йу, Кадыров веза стаг лору нохчашна аьлла, сурт хIоттош лело", - дерзийра цо.

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран гIуран-беттан 14-чохь хинйолу дуьххьалдIа эфир хилале хьалха хилира Кадыров Рамзанан цхьанакхетар. Махкарчу зорбанан гIирсийн хаамашца, Кадыровга кхаьчна хилла 7 эзар дехар, кхаа сахьтехь гергга хиллачу эфирехь цо жоп делира 46-на.

  • Оццу дуьххьалдIа эфирехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо критика йира Талламан комитетан куьйгалхочунна Бастрыкин Александрна а, чоьхьарчу гӀуллакхийн министрна Колокольцев Владимирна а. Цунна ца тайнера, полицино нохчашна а, бусулба мигранташна а дуьхьал гӀуллакхаш толлуш хилар, регионашкахь синхаамех кхеташ ца хилар, цундела уьш оцу даржашкахь хила ца беза, бохуш вара политик. Оцу юкъараллин конфликтах а, Кадыровн политикан позицех а лаьцна къамел дира Маршо Радион оьрсийн сервисо политологца Шелин Сергейца.
  • Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс дIахьедира, Нохчийчоьнан куьйгалхочо эфирехь МВД-н министрна а, талламан Комитетан куьйгалхочунна а критика йарх лаьцна, шена "комментарий йан ца лаьа" аьлла. Адамийн бакъонашкахула йолчу президенатн Кхеташонехь билгалдаьккхира, регионан куьйгалхочуьнгара оцу кепара къамел хазар "тамашен ду" аьлла.
  • "Ахматан" спецназан командиро Алаудинов Аптис федералан радиостанцин эфирехь дийцира Оьрсийчохь нохчашна дискриминаци йарх лаьцна. Цунна хетарехь, цара дакъалоцуш муьлххачу а тасадаларехь республикера схьабевлла бахархой бехке бо, ур-атталла Iер-дахарн хьелашца доьзна дов а Оьрсийчоьнан официалан хаамийн гӀирсашкахь дуьйцу, къаьмнашна йукъара конфликт санна. Иза тешна ву, республикера бахархой хIинца а Кавказехь "къевлинчу меттигехь" латтош бу аьлла, федералан ницкъаллин структурашка балха а ца оьцуш.
  • Нохчийчоьнан урхалхочо ша чIир хьейеш дIахьедар динчул тIаьхьа, цхьа а тоьшаллаш ца далийра, ша вен гIортарх. Хаам ца бира ишта кIелойарх таллам болийна аьлла а. Кадыровн хьокъехь таллам барх а хаамаш бац, цуьнан дIахьедар Бехкзуламан кодексан стаг вер аьллачу артиклаца догIуш доллушехь. Оцу тIехула набахтехь йаккха пхеа шаре гергга хан кхачайо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG