ТIаьхьарчу пхеа баттачохь украинхойн Бахмут гIалана гергачу кIоштахь 20 эзар оьрсийн эскархо велла. 80 эзар гергга чевнаш йеш лазийна ву. Бахмутна тIелатаран жигаралла лахйелла, аьлла оршот-дийнахь дIахьедира Америкин Цхьаьнатоьхначу Штатийн къоман кхерамзаллин кхеташонерчу стратегийн хаамийн координаторо Кирби Джона. Хаам америкахойн талламхошна тIетевжаш, бина бара.
Кирбис дийцарехь, беллачех ах "Вагнер" тIеман компанин йолахой бу. Оьрсийчоьнан агIоно цу хаамна цхьа комментарий ца йира. ТIаьххьара Оьрсийчоьнан тIеман министралло беллачийн терахь довзийтира дIадаханчу шеран гезгмашин-баттахь - 5 937 велларг, йаздо Свобода Радионо.
"Вагнер" вовшахтоьхначо а, лелош волчо а Пригожин Евгенийс а билгал ца даьккхира и терахь, амма белларш "дуккха" бу элира. Би-би-си оьрсийн декъан девзачу хьостанашкара хаамашца, охан-беттан чакхенгахь Украинерчу тIамехь кхелхина лоруш ву 21 эзар, 700 Оьрсийчоьнан эскархо.
Украинин эскарера беллачийн терахь Кирбис ца довзийтира. Цунна бахьана дийцира цо. МостагIчунна дуьхьало йан кечлучу "бертахьчунна новкъарло йан цалаарна". Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн къоман кхерамзаллин кхеташонан векало дийцарехь, Киевна "100% тIеман гIо дина" ала мегар ду.
- Хьалхо Оьрсийчоьно дIалаьцначу латтийн деоккупаци йархьама Украино кечдина тIелатар, Киеван дIахьедаршка ладоьгIча, кестта хир ду - бIаьстенан чакхенгахь, аьхкенан йуьххьехь. Цу Iалашонна Малхбузехьарчу бертахьчаьрга тIеман гIирс бехнера цара. Бронетехника а, 150 чакхарма гена кхета ракеташ а, F-16 кеманаш а. Ракеташ, кеманаш, официалерчу хаамаша дийцарехь, царна ца кхачийра. Британхойн талламчаша бахарехь, оьрсийн эскаро Украинан латтанаш тIехь рекордийн терахьашца йуста тарлон фортификацийн чалхаш хIиттийна. Царна Украинан тIеман ницкъаша тIелатарш дийр ду.