ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Киевера СИЗО-хь дин лелон бакъо хьоьшу шайн аьлла дIахьедина Кавказера бахархоша


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Исламан динан барамаш кхочушбарна новкъарло йо лецначарна Киевера номер 13 йолчу СИЗО-н администрацино. Цунах лаьцна Кавках.Реалии сайте дIахьедина цигахь лаьцначу Нохчийчуьра вахархочо Гакаев Шархана. Цо бахарехь, хIинццалц схьа ламаз дан а, хьалалан йуург йаа а аьтто болчу цхьана камери чохь латтийна бусалбанаш, кхечу камераш чу дIасабаьхна. СИЗО-хь ламазаш дан бIегIийла йолу кхин чоьнаш йац.

Гакаевс билгалдаьккхина, дин лело карарчу хенахь бусалбачийн аьтто цахиларх, хIунда аьлча, йукъара камераш чохь цхьаний дIахIиттина ламаз дан аьтто болуш йац.

"Цара (кхечу тутмакхаша- Билгалдаккхар) цигаьркаш уьйзу, боьха мотт лебо. Девнаш дуьйлу –тхоьга-м уьш совцалур бара, амма хаттар машарца листа лаьара тхуна аьлла администрацига бевллера уьш. Цара боху, низамца а догIуш, цхьана латтон безаш бу цхьана кепера зуламаш дина нах. Тоххара бусалбанаш цхьаьна бара, оха къепе латтайора, тхоьца проблемаш йацара администрацин. "Блатной" болчаьрца бусалбанаш дIаэбан цхьанна лууш долуш санна хета тхуна", - аьлла Гакаевс.

Шайн чоь йу керста нехан а, иудейн а, амма бусалбанийн йац аьлла, тIетоьхна цо. Гакаевс дискриминаци йу боху шайца лелориг.

Цуьнан дешнашца, набахтера джамаIатан векалшца цхьаьнакхета баьхкинера Украинан юстицин министраллин криминалан сервисан векалш: цара дош делира бусалба берш йукъарчу камери чу йухабуьгар бу аьлла, амма цкъачунна и дина дац аьлла, тIетуьйхира цо.

Сервисан куьйгалхочун гIовс Галай Андрий Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь тIетевжира низамна, цо бакъо ца ло динан билгалонашца лецнарш дIасабекъа. Галайна хетарехь, резабоцу бусалба тутмакхаш эвсара хьелашкахь хила лууш бу, амма цо дош делира оцу гIуллакхан тергойан.

Кавказ.Реалиига Украинера вайнехан диаспоран векало дийцарехь, цо хан йаьккхина Киевера номер 13 йолчу СИЗО-хь, 2016-чу шарера схьа дуйна администрацица барт а бина, бусалба нах къастийна кхаа камери чохь латтош бара. Церан шайн душ а, туалет а йара, иштта шайн чоьтах эцна оьшу техника а, кузаш а дара.

"ТIаьххьарчу заманчохь, хIокха цхьана шарахь эхашарахь а, цIеххьана лахбелла лецна латтон бусалба нах. ТIаккха техника дIайаккха буьйлабелира, хьалалан йуучуьнца а проблемаш хилира",- аьлла къамелдечо.

Цо билгалдьаккхира, бусалбанаш а, кхинболу тутмакхаш а къаьстина латтийча летарш ца хилара, хIинццалц схьа изоляторехь сих-сиха нислуш хилла арсаш деттар а ца хуьлура.

  • Кавказ.Реалии сайто хьалхо дийцира, Оьрсийчоьнан колонишкахь бусалба нах Iитталучу халонех а, ницкъахоша цаьрца хIуьттаренаш лелор стенца доьзна дара а.
  • ГIалмакхойчуьра "набахтен джамаIатах" долчу гIуллакхехула Ростов-на-Догу гIаларчу кхело хенаш тоьхна кхин а йалханна: царна пхеа шарера бархI шаре гергга хенаш кхайкхийна къаьстинчу рожера колонихь йаккхийта. Талламан версица, 100 сов тутмакх чохь Iашшехь"Исламан пачхьалкхан" гара кхолла лууш хилла "Оьрсийчуьра конституцин дIахIоттам бохон". Шаьш оцу гарана йукъахь хилар, и гара йу бохург а санна, бакъ ца до тутмакхаша- Кавказ.Реалиин редакцин аьтто хилира кехаташкахула цхьаболчаьрца къамелдан. "Набахтен джамаIатах" гIуллакхаш шайггара кхуллуш ду аьлла хета бакъоларйархошна: ГIалмакхойчуьра инциденто гучудоккху Оьрсийчуьра набахтешкахь бусалбанашца дискриминаци лелош хилар, аьлла хета царна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG