Кадыровн 17 шо долу кIант Путин Владимирца цхьаьнакхеттера, нохчийн политикан тутмакхна Мусаева Заремина дуьхьало йина могушаллица доьзна хенал хьалха маьршайала, Украинан Iедалхоша бакъ ца до Сумской кIоштара эвла схьайаккхарх лаьцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо дина дIахьедар, - цунах а, и доцчух лаьцна шуна хезар ду Маршо Радион 67-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Кадыровн кIентан Путинца хилла цхьанакхетар
Нохчийчоьнан урхалхочун кхин а цхьа воI тIеийцира Кремлехь Путин Владимира. ХIинца аудиенци йира I7 шо долчу кIантаца Кадыров Iелица (ишта олу цунах Эли, йа Зеламха). Цуьнан воккхахволчу вешица Ахьмадца а санна, цу цхьанакхетарх совгIат хилира цо зуда йалочу деношкахь. Пачхьалкхан куьйгалхо а, кхиазхо а ву суьрташ тIехь оццу Сенатан шахьарера кабинет чохь - вовшашка куьйгаш ло цара, къежа, мар-мара веттало.
Кремлехь тIеэцна шолгIачу дийнахь КадыровгIеран дай баьхначу Ахмат-Йуьртахь Кадыров Iелина нускал далийна той хIоттийра. Кавказ.Реалиин редакцин хьасташа бахарехь, оццу эвлара, пачхьалкхан думин депутатан Делимханов Адаман шича йоI йу йалийнарг. Ловзаргахь суьрташ, видео йахар дихкина хилла, дуккха а хадархой хилла цунна тIехь терго латтош.
Нохчийчоьнан куьйгалхчоун кIентарех уггар а хьалха I7 шо долчу Кадыров Ахьмадца стохка цхьаьанакхийтира Оьрсийчоьнан президент. Зуда йалочу цунна дина совгIат дара и цхьаьнакхетар. И аудиенци бахьана долуш карьера йолайелира Кадыров Ахьмадан пачхьалкхана гIуллакхдарехь: Азербайджане вахара иза дипломатин Iалашонашца, цигахь Iедалхошца а, бизнесхошца а, муфтийца а цхьанакхийтира иза. Ткъа цул тIаьхьа масех бутт баьлча кхиазхо Оьрсийчоьнан делегацин декъехь Дубайхь хIоттийначу климатан саммите вахара, цул тIаьхьа кегийрхойн гIуллакхийн министран дарж делира цуьнга, ткъа цуьнан тIаьххаьара дарж ду – спортан министр.
Оцу кепара шен кIентий нахалахь хьалхатеттаро дохош ду меттигера гIиллакхаш, элира Маршо Радиоца къамелаш динчара. Тхан подкастана лерина хIокху хаамех лаьцна шена хетарг дийцира Бирмингеман университетера Къилбаседа Кавказехула эксперт волчу Квахадзе Александра: "Кадыровн берийн агIор хIара Путин волчу лестар - цхьана агIор, Путина гойту Кадыровна, иза мехкан урхаллехь виссар а, цуьнан доьзал кхерамзаллехь латтор а шен карахь хилар. Ткъа Кадыровн агIор Путинна муьтIахь хиларан билагло йу хIара".
Мусаева хенал а хьалха арайаккха дуьхьалойар
Нохчийчуьра Устрада-ГIаларчу колонихь шена тоьхна пхи шо хан токхуш йолу политикан тутмакх Мусаева Зарема могушаллин хьолаца доьзна хенал а хьалха маьршайаккха дуьхьал хилла Шела гIалин кхел. Цхьа могIа дарба ца хуьлу лазарш ду цуьнан дегIаца, инсулинах йоьзна диабет а цхьаьна.
Хьалхо диагноза тIехь йаздина дара, чолхе йирзина шолгIачу кепехь диабет йу цуьнца аьлла, ткъа хIинца кехаташ тIехь билгалдаьккхина, и лазар аттачу кепехь токхуш ду, дина таIзар набахтехь такхийта цо йан новкъарло йац аьлла.
Дагадоуьйту, Мусаева Зарема – нохчийн ЯнгулбаевгIеран вежарийн –оппозиционерийн нана йу. 2022-чу шарахь кадыровхоша Лаха Новгородера церан хIусамехь лачкъийна иза бертаза Нохчийчу дIайигира, цигахь бехкаш дехкира цунна полисхочунна тIелатар дарна, тIаьхьо курхаллаш лелорна а бехкейира иза.
ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсира Кадыровс, Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. Дукха ца Iаш шен кхерамаш хазийра цо дIайазйинчу видео тIехь. Кхерамашна тIетайра нохчийн лаккхара ницкъахой а, хьаькамаш а, Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал хIоттийна митинг. Цигахь дагийра, когашца хьийшира, этIийра церан суьрташ.
Бакъоларйархой тешна бу, нохчийн вежарийн-оппозиционерийн нанна тIаьхьабовлар политикан бух болуш ду аьлла, ткъа адвокаташа дIахьедора оцу гIуллакхехь лелийначу харцонех лаьцна. Мусаеван хьокъехь бакъонаш йохийна хилар бакъдира Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело а.
Рыжевка схьайаккхарх Кадыровн дIахьедарш
Украинера Сумской кIоштара Рыжевка эвла схьайаьккхина аьлла дIахьедина Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана. Украинхойн Iедалхойн хаамашца, стигалкъекъа-бутт бовш масех вахархо вара цу йуьртахь виссинарг, ткъа Украинан тIеман ницкъийн эскархой банне а бацара цигахь.
Оцу йукъанна Кадыровс дIахьедира, "лерринчцу Iалашонца даккхий тIелетарш" дина цигахь аьлла. Оцу постаца цхьана Нохчийчоьнан куьйгалхочо хIоттийна видео йу, цу тIехь тIеман министраллин "Ахмат-Чечня" полка йукъара эскархоша герзаш детта гIишлона а, хьуьнан асана а – билггал маца, стенгахь и видео йаьккхина йу, хууш дац.
Мел дера дуьхьало латтийна кадыровхоша Рыжевкехь, хууш дац, эвла схьайаккхарх бина хаамаш бакъ ца бира Киевехь, Кадыровн "пропагандин операци" йу и бохура цара.
Курскан кIоштаца дозанехь йу Рыжевка эвла. ТIеман аналитикаша оцу дозанах "сира зона" олу, кест-кеста цига кхочу Оьрсийчоьнан талламхойн дакъош.
ХIора кIиранах аьлча санна дIахьедо Нохчийчоьнан урхалхочо Украинерчу тIаме республикера йолахойн керла тобанаш хьовсорах. Оцу йукъанна стенна пайдаоьцу "Ахмат" дакъойх – хууш дац.
Стохка вовшахтоьхна тIеман министраллин "Ахмат-Россия", "Ахмат-Чечня" полкаш цхьна а баккхийчу тIемашкахь дакъалоцуш гина йац, билгалдаьккхира возуш воцчу тIеман аналитико Михайлов Кирилла.
Мангал-баттахь нохчийн "Ахмат" спецназ Белгородан кIошта дехьайаьккхира Харьковн агIор боьлхучу тIемашкахь дакъалацийта, дIахьедира декъан командиро Алаудинов Аптис. Пачхьалкхан агенталлийн хаамашца, Iалашо йара дозанехь буферан зона кхоллар. Оцу йукъанна шо хьалха Белгородан кIошта хьажийра нохчийн кхин цхьа дакъа а – "Запад-Ахмат" батальон. Цо ларйан йезаш йара регион диверсийн рейдех, делахь а, кеп-кепарчу хьастийн хаамашца, тылехь позицеш дIалецира цара, Украинехьа тIемаш бечу лаамхойн тобанийн а, иштта Ичкерин дакъойн а чулелхар саца ца делира цаьрга.
Путина инарла-майор вина Алаудиновх
Инарла-майоран чин делла Нохчийчуьра Хьалха-Мартанан кIоштан куьйгалхо лаьттинчу, "Ахмат" спецназан командиран вешина Алаудинов Iабдуллина, оцу омрана куьгйаздина президенто Путин Владимира.
Алаудинов Аптин жимахволу ваша Хьалха-Мартанан кIоштан куьйгаллехь Iийна дукха хан йалале 2022 шарахь пурстоьпийн Федералан хьукмате дехьа велира иза. Цул а хьалха Нохчийчохь куьйгалла дира цо цуьнан йалх шарахь, ткъа дахначу шеран дечкен-баттахь Перман махкахь коьрта кхелан пурстоьпан дарже хIоттийра.
Нохчийчохь Алаудинов Iабдулла воьзна вара Хьалха-Мартанан кIоштарчу ГIойтIахь бакъо а йоцуш гIишлош йохорца долчу гIуллакхаца. 2006-чу шарахь меттигерчу бахархошна администрацино латта делира хана лелон, амма цул тIаьхьа исс шо даьлча Алаудинов Iабдуллин омраца цу тIехь йина гIишлош дIайохийра. Латта дIаделира АлаудиновгIеран йишин Асетан цIарца йолчу "Мартан Парк" компанина. Оцу гIуллакхан республикера талламан урхаллин куьйгахочо Волков Виталийс йист цайаккхар чиллан-баттахь кхело бакъойоцуш лаьрра.
Нохчийчоьнан кхелан коьрта пурстоьпан даржехь волчу Алаудиновс цхьаьнатоьхнера "латаран федерацин, юристийн ассоциацин, тIеман-историн а, йукъараллин а, динан таронаш" декхарш тIехь долчу нахаца а, уьш цаьргара схьадохучаьрца а болхбан. И дийцинера цо ша Перман кIоштахь керлачу дарже хIоттийначул тIаьхьа.
Гуьмсера спецназан университет Путинан цIарах йу
Украинерчу тIаме хьийсо йолахой Iамочу Гуьмсерчу "Оьрсийчоьнан спецназан университетана" хIинца официалехь Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран цIе тиллина. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цунах лаьцна хьалхо чиллан-баттахь дIакхайкхийнера, амма йукъаралло цIе кехаташ тIехь а цхьана хийцина хIинца.
Юридикан нахана регистраци йечу пачхьалкхан йукъарчу базера документашца а догIуш, структурин йуьззина цIе хийцина: корматаллин дешаран "Оьрсийчоьнан президентан, лаккхарчу буьйранчан Путин Владимиран цIарах спецназан университет" аьлла.
Дагадоуьйту, "Оьрсийчоьнан спецназан университетан" Нохчийчоьнан Дешаран министраллин лицензи йу, цхьана а ницкъаллин хьукматийн куьйгакIел йац и.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: