Украинерчу тIаме вербовка йеш цхьана хена чохь уггар а дукха ахча лучарлахь нисъйелла Къилба а, Къилбаседа Кавказан а регионаш, хьесапаш дина "Важные истории" сайто. Оцу йуккъанна уггар а кIезиг ахчанаш далар билгал даьлла ду Кавказехь – Нохчийчохь а, Къилба-ХIирийчохь а.
ТIаме вербовка йеш уггар дукха ахчанаш лур ду боху Москвахь а, Санкт-Петербургехь а: 1,9 а 1,7 млн сом. Цунна тIаьхьа йогIуш йу Кхарачой-Чергазийчоь (1,6 млн сом), цигахь лур ду боху ахча метигерчу бахархойн йукъара алапал лакхара хуьлу (23,4 эзар сом) 68-зза – иза уггар йоккха башхо йу пачхьалкхехь.
Кхин дIа рейтингехь йогIу Ставрополь -мохк а, ГIебарта-Балкхаройчоь а (1,5 млн сом), Адыгея, Астрахань а, Волгоград (1 млн сом). Йолахошна уггар кIезиг ахча лучех йу Нохчийчоь а, Къилба-ХIирийчоь а (100 эзар соьмаш) (Пскован мохк а, Карели а хьесапе ца лоруш, цигахь регионо цхьана хена чохь ахча луш дан а дац).
Журналисташа хьесап деш пайдаэцна цхьана хена чохь луш долу регинан бюджетера ахчанех.
- Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира куьг таӀийна Указана, цуьнца а догӀуш, Марсхьокху-беттан 1-чу дийнера гIуран-беттан 31-чу дийне кхаччалц Оьрсийчоьнан тӀеман министраллица Украинина дуьхьал бечу тӀамехь дакъалаца контракт йиначарна федералан бюджетера 400 эзар сом луш – хьалха луш хилла долу федералан ахча дара 195 эзар сом.
- ТӀаьххьарчу шина баттахь Волгоградан махкахь регионийн ахчанаш алсамдахар дӀакхайкхийна – 300 эар соьма тIера 800 эзар соьме кхаччалц, ткъа регионо официалехь шегара ахчанаш далар тӀе ца эцна, Ростовн-кӀоштахь – 700 эзарера 1 миллион 200 эзар соьме кхаччалц , Ставрополан махкахь – 200 эзарера 1 миллион 500 эзар соьме кхаччалц а, ГӀебарта-Балкхаройчохь – 805 эзарера 1 миллион 100 эзар соьме кхаччалц а.