Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира хьастагӀа кхайкхам бира регионийн Ӏедалшка Курскан кӀоштана "гӀодан гӀорта" аьлла. Оьрсийчоьнан къилбаседан регионийн куьйгалхоша шаьш гуманитаран гӀо а, лоьрийн тобанаш а цига кхачон кийча хиларх лаьцна хаам бина. Къилбаседа Кавказан цхьацца йолчу республикашкахь бахархошлахь дIакхайкхийна дозанерчу регионна гIо дан дезаш хилар - цхьаболучара тесна буьту кхайкхам.
Кхарачой-Чергазийчохь Ӏедало дӀахьедина мехкан цIарах гуманитаран мохь вовшахтоха ахча гулдан деза аьлла. Республикин куьйгалхочо Темрезов Рашида шен социалан машанашкахь зорбане йаьккхина волонтерийн регионерчу штабан банкан чоьтан номер, кхайкхам бина бахархошка "ма-хуьллу гӀо дар" доьхуш. ГӀалгӀайчохь шаьш а кечдеш ду гуманитаран гIо "оьшург" гулйеш аьлла республикин куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Ӏелас.
Старополан кӀоштахь беш кечамаш бу дозанера мехкан бахархой тӀеэца - 100 стагана лерина ханна дӀатарбала центр йу схьайелла кечъйеш, хаамбина губернатора Владимиров Владимира. Цул сов, Ставрополан Ӏедало лоьрийн а, волонтерийн а тоба а хьажор йу Курскан кӀошта, иштта гуманитаран гӀо а: хи а, юург а, молханаш а, коьрта оьшуш долу хӀуманаш а, аьлла тӀетоьхна цо.
Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс, Курскан кӀоштарчу бахархошна гӀо дарх лаьцна вистхуьлуш, къадийра республикехь дуккха а нах дIанисбина шаьш, адамаш дукха хиларна гатто йу аьлла. Цо дӀахьедира, Курскан а, Белгородски а кӀошташкара пхи бӀе сов бер хӀинцале а Дагестанехь "садоӀуш" ду аьлла - амма тешийра, Ӏедалш "кхин а оьшучу барамехь тӀеэца кийча хиларх". Мангал-бутт болалуш аьхкенна Дагестане кхаьчнера Белгородан кӀоштара 400 бер, ткъа товбеца-бутт бовш республикехь тӀеийцира Курскан кӀоштара кхин а 200 сов бер - цӀахь, церан дахар а, могашалла а "боккхачу кхерамехь ду", - бохуш, кхетийра хӀетахь Дагестанан дешаран министро Бучаев Яхьяс.
ГӀебарта-Балкхаройчоьнан куьйгалхочо Коков Казбека Курскан кӀоштахь беллачийн гергарчаьрга кадам бира, республика кийча йу элира цо "оьшучу массо а гӀоьнна а, гӀорторна а". Цу кепара ду Кубанан администрацин куьйгалхочун Кондратьев Вениаминан лелар а – "оьшуш хилахь", гӀо дан кийча йу Краснодаран кӀошт, элира цо.
Ростовн махкахь муниципалан лаамхойн центрашкара волонтераша дакъалоцур ду кхачанан пакеташ Курскан кӀошта дӀахьажон вовшахтухуш, дийцина губернаторо Голубев Василийс.
Къилбаседа ХӀирийчоьнан куьйгалхочо Меняйло Сергейс ца хаийтина шаьш ден долчу гIоьналлех лаьцна, цуьнан метта цо тидам тӀебахийтира оццу цхьаьнакхетарехь Путина аьллачу кхечу дешнашна – Украинан герзахойн ницкъаша провокацеш йарх лаьцна – ткъа къийса долийра "Киев сурт хIиттош йу шен Малхбузерачу долахойн бӀаьргаш чохь" бохуш. Курскан кӀоштарчу бахархошка доцца элира цо "ХӀирийчоь шуьца йу".
Цу кхайкхамна жоп ца деллачех цхьаъ ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. "Ахмат" олучу спецназан тоба Курскан кӀошта йахана аьлла, хаамбира хьалхо декъан буьйранчас Алаудинов Аптис. Ша Кадыровс комментари ца йира дозанехь лаьттачу тӀемашна а, йа нохчийн батальонашна йукъахь эшам хиларх лаьцна даьржинчу хаюаршна а, йа президенто Курскан кӀоштана гӀо дехарна а.
• КхоалгӀа де ду Курскан кӀоштахь тӀемаш лаьтта. Марсхьокху-беттан 8-чу дийнахь Ӏуьйранна регионан куьйгалхочун декхарш кхочушдечу Смирнов Алексейс дӀахьедира, ПВО-н системаша регионна тӀехула 7 ракета а, 6 дрон а йохийна аьлла. Официалехь Ӏедалхоша дийцарехь, вийна 4 стаг, лазийна 34 стаг.
• Курскан кӀоштахь доза дохорца долу хьал "кхин дIоггара гIад дайна дац" аьлла, дӀахьедира "Ахматан" лерринчу ницкъийн буьйранчас Алаудинов Аптис. Цо харцдира хьалхо нохчийн батальонаша дозанера позицеш йуьтуш хиларх лаьцна даьржина хабарш – цхьаболчу хаамашца, ахматхошна йукъахь эшамаш хӀинцале а иттаннашкахь бу.