ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а векалша дакъалаьцна ворхIолгIачу "ПостОьрсийчоьнан къаьмнийн Форумехь"


"ПостОьрсийчоьнан халкъийн Форум". Архивера сурт (Европарламент, 2023-чу шеран дечкен-беттан 31-ра де)
"ПостОьрсийчоьнан халкъийн Форум". Архивера сурт (Европарламент, 2023-чу шеран дечкен-беттан 31-ра де)

Нохчийчоьнан Ичкерия республикин а, Чергазин а, ГIалгIайчоьнан а, ГIалмакхойчоьнан а, Кубанан а, НогIийн аренгара къаьмнийн боламийн жигархой а ворхIолгIачу "ПостОьрсийчоьнан къаьмнийн Форуман" декъашхой хилира. Токиохь дIайоьдуш йу иза. Дискуссин майданан декъашхоша дийцаредира, Украинера тIом бахьанехь шайна йухур йу аьлла хетачу Оьрсийчоьнан территорийн политикан, экономикан кханенах.

Форумехь дакъалацарх дIахьедира къобалйазчу Нохчийн Ичкерия республикан а, "Маьрша Чергази" боламан а, Iойрат-гIалмакхойн халкъан конгрессан а, чергазойн (адыгийн) культурин Центран а, Кубанан "ЦIен зайл" ("Малиновый клин") боламан а, дуьненайукъара Чергазийн кхеташонан а, ногIийн къоман боламан а, гIалгIайн маршонан Комитетан а официалан наха. Иштта цигахь хилира Японин парламентан масех декъашхо а.

Хьалхарчу дийнахь тIеийцира Токин деклараци, цу тIехь дIакхайкхийра "Оьрсийчоьнан Федерацина деколонизаци а, деимпериализаци йеш, Оьрсийчоьнан дозанаш тIехь мел деха халкъаш маьршадохуш" пачхьалкхаша цхьаьна болх бийр бу аьлла. Къастийна билгалбаьккхира Курилийн проблема эххар а машарца йерзош кхайкхамбар, Японино "оккупаци йина къилбан территореш" лору уьш.

"ХIинца ворхIолгIа форум йу хIара, кхуьнан тергойира, кхунах резонанс хилира, Европарламентан гIишло чохь пхоьалгIа барам хиллачул тIаьхьа. Кхул а хьалха хиллачу форумашкахь оха дийцира, чергазошна йале бIе шо хьалха ногIийн къомана йинчу геноцидах. Токиохь дIахьочу форумехь тхан боламо къамел дира экономикан программица, иза хир йу ногIийн пачхьалкхан тIейогIучу заманчохь", - билгалдаьккхира Кавказ.Реалиин сайтаца динчу къамелехь ногIийн къоман боламан векало Курманакаев Анвара.

Iойрат-гIалмакхойн халкъан конгрессан векало, хьакъйолчу ГIалмакхойчоьнан Iилманан гIуллакхдархочо, археолого Очир-Горяева Марияс къамел дира форумехь "Керла йозуш йоцу пачхьалкхаш а, глобале кхерамзалла" а аьллачу рапортаца.

"Украинаца болу тIом – метрополина йухайезна колонина дуьхьал болу империн тIом бу. ГIалмакхойчоь а, кхинйолу республикаш а 1990-чу шерийн йуьххьехь иштта гIоьртира Москвах дIакъаста, амма Нохчийчохь болийначу тIамо а, кхин а цхьа могIа бахьанаша а новкъарло йира цунна. Тахана цхьаболчу политикашна хета, Орсийчоь йохаро цхьа кегари гIаттор бу аьлла, амма и бакъ дац. Массо а мехкийн шайн-шайн официалан дозанаш ду, шайн-шайн куьйгалхо ву, парламент, символш – пачхьалкхан хила мел йеза билгалонаш йу", - аьлла хета Очир-Горяевана.

Масална цо хьахийра Советан Iедал машарца дохар. Экспертана хетарехь, тахана Оьрсийчохь йолу республикаш кийча йу кхетамца шаьш даха, кхерамзалла латтон йала гаранташ йу церан, шайн дозанаш тIехь диссина зарратан герз лоруш.

Федерацин субъекташ дIакъасторах кхайкхамаш барна Оьрсийчохь бехкзулламан гIуллакх гIаттош низам ду.

  • Оьрсийчоь шуйрачу тIамца Украинана тIелеттачул тIаьхьа 2022-чу шарахь шайн маршо къовса Iалашо хиларх дIахьедира Къилбаседа Кавказан масех республикийн векалша. И процесс йолон дагатесира Киево, Украинан Лакхарчу радехь депутато Гончаренко Алексейс фракцешна йукъахь "Маьршачу Кавказехьа" тоба кхоьллича. ХIетахь дуьйна шайн суверенитетехьа кеп-кепарчу форматашкахь дIахьедира Нохчийчоьнан а, Дагестанан а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан а, ГIалмакхойчоьнан а векалша. ТIаьхьо царех дIакхийтира ГIалгIайчоьнан маршонан агIончаш а.
  • ПхоьалгIа "ПостОьрсийчоьнан маьршачу къаьмнийн форум" дIайаьхьира дечкен-беттан 31-чохь Европарламентехь. Цуьнан тема билгалйаьккхира "Деимпериализацин а, деколонизацин а перспективаш" аьлла. Къаьмнийн боламийн жигархоша дийцаредира, Украинера тIом бирзинчул тIаьхьа Оьрсийчоьнах дIакъастаран Iалашонех – кхузахь цунах лаьцна деша таро йу.
  • ГIебарта-Балкхаройчуьра бакъоларйархой бистхилира мехкан урхалхочуьнга Коков Казбеке, регионехь мобилизаци сацайе, къоман генофонд кхерамехь хиларна. ТIекхуьйкхуш "керла тулгIе" йолайахь, кегий къаьмнаш дисарх хаттар кхоллалур ду. Кавказ.Реалиин сайто эксперташца къастийра, йукъаралхойн кхерамаш мел бух болуш бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG