ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа ХӀирийчоьнан Ӏедалша дIахьедина Моздокан кӀоштахь ши дрон йохийна аьлла – цигахь авиабаза ю


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къилбаседа ХӀирийчоьнан Ӏедалша дӀакхайкхийна республикерчу Моздокан кӀоштахь ши дрон йохийна шаьш аьлла – цигахь тӀеман аэродром йу. Регионан куьйгалхочо Меняйло Сергейс бина йукъахйаьхначу дронех лаьцна хаам, цо дIахьедина, лазийна-вийна стаг вац, йохийна гIишло а йац аьлла. ТӀеман аэродромца йолчу зӀенах лаьцна комментари ца йира цо.

"Цхьа хӀума кхоьсира, иккхира дикка цӀе а йолуш, кӀур бара", - боху Mash Gor телеграм-каналехь зорбане йаьккхинчу видео тӀехь цхьаммо. Герз тоьхна меттигна геолокаци йан аьтто бац, кадраш тIехь гуш йу, дIахьедарехь, ПВО-н ракеташа йитина стиглара кIайн асанаш.

Моздокера тӀеман аэродромехь дIатардина ду оьрсийн стратегин бомбанаш йетта Ту-22М3 а, Су-24М/МР кеманаш а, тайп-тайпанчу кепашкара вертолеташ а, йаздо "Канал 24" гIирсо.

Товбеца-беттан 8-чу дийнахь Оьрсийчоьно Украинана тӀелеттачул тӀаьхьа дуьххьара тӀеман тӀелатар хилира Къилбаседа ХӀирийчоьнна. Цул тӀаьхьа Ӏедалхоша дӀахьедира, дронийн Ӏалашо Моздокера тӀеман аэродром йу аьлла. ХIетахь, Меняйлос дийцарехь, "жима-тIама гIишлош йохийра, цӀераш кхерстинера".

• Оьрсийчоьно Украинина буьззинчу барамехь тӀелатар дичхьана Оьрсийчоьнан регионашна рогӀ-рогӀехь тохарш а, дронашца тӀелатарш а до. Оьрсийчоьнан тӀеман министралло хаамбо Украинин тӀелатарш "йукъахдахарх", дIахьедо Оьрсийчоьнан территори тӀехула хьийзаш хилла ракеташ а, дронаш а хIаллакйарх лаьцна а. Цигахь лазийнарш бу, хIаллакйина гIишлош йу. Дукха хьолахь Киево комментари ца йо оцу хаамашна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG