ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказан муфтиято никъаб лелор буьззинчу барамехь тIедуьтуш цахиларх дIахьедина


Къилбаседа Кавказера бусулба нехан Координацин центр
Къилбаседа Кавказера бусулба нехан Координацин центр

Къилбаседа Кавказерчу бусулбанийн координацин центро (КЦМСК) дӀахьедар арахецна, цу тIехь буьззинчу барамехь юкъара даьккхина "Оьрсийчохь кхузаманан хьелашкахь" никъаб лелор. Хьалхо кхаарийдийнахь КЦМСК-на юкъайогӀучу Дагестанан муфтиято дӀакхайкхийра "ханна дехкар" юкъадаккхар.

Координацин центро лору никъаб а, бурка а, кхин долу юьхь къайлаяьккхина духарш лелор "бусалба нахана зенаш деш, динийн а, къаьмнийн а юкъаметтигашкахь барт ца хиларна кхерам болуш", аьлла ду организацин сайта тӀехь зорбане даьккхинчу документехь.

И позици бакъйина дукхахболчу бусулба динан Ӏеламнаха, "Къилбаседа Кавказна цкъа а ламастан духар хилла доцу" никъаб лелор тIедожийна дац аларна. Хир ду боху зен стенца хила тарло билгал ца даьккхина.

Хьалхо кхаарин дийнахь Дагестанан муфтийс Салимов Iабдуллас дIакхайкхийра "ханна доьхкуш" хилар никъаб лелор – "динан Iеламчийн керла хьесап дар а, билгалбаьхна кхерамаш а берззалц". Оцу кепара сацам, цо бахарехь, тIеэцнера мехкан муфтийс Абдуллаев Iабдуллас. Буьйцурш хIун кхерамаш бу а, маца уьш дIабоьрзур болуш бу а, муфтиятехь билгал ца даьккхира.

Шинарин дийнахь Абдулаевс дӀакхайкхийра никъаб лелор доьхкуш фатва (теологин жамӀ) арахоьцуш хиларх лаьцна. Амма де хьалха муфтиятан фатваш арахоьцучу декъо дӀахьедира, шайна "тоъал бух ца го никъаб йукъара йехкарх лаьцна сацам тӀеэца" аьлла. "Цхьадолчу хьелашкахь, кхерамазаллин бахьанашца, меттигера никъаб лелор дехкар юкъадаккха тарло", - аьлла ду хаамехь.

  • Охан-беттан 23-чу дийнахь Дагестанехь цхьа могӀа герзаца тӀелатарш динера полицин белхахошна а, килсашна а, синагогашна а. Цул тӀаьхьа Оьрсийчоьнан Ӏедалан векалша дӀакхайкхийра, республикехь йаьржина радикализм ю аьлла. Цуьнца цхьаьна юха а чӀагӀделла никъабаш лелор дехка мегаш хилар дийцаре дар – цу юкъахь Дагестанан куьйгалхо а ву. Хууш ду, тӀелатар динарш божарий хилар, царах цхьаммо а никъаб лелош ца хилла.
  • Къилбаседа Кавказерчу бусулбачийн координацин центрна юкъайогӀуш ю Къилбаседа Кавказан массо а регионашкара а, ткъа иштта Адыгейн а, Краснодаран мехкан а, ГӀалмакхойчоьнан а бусулба нехан Динан урхаллаш, цуьнан коьртехь ву Кхарачой-Чергазийчоьнан муфтий Бердиев ИсмаьӀал.
  • "Кавказ.Реалии" сайто къамел динчу говзанчаша шеконаш кхоллало, тахана бусулба нехан Динан урхаллаша бусулба нехан бакъонаш юьззина гайта а, царна тӀеӀаткъам бан а йиш хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG