ГIалгIайчохь безаман романан жанрехь стохка 46 процент киншкаш йоьхкина, и терахь йухкуш йолчу йоллу хIуманел эханне а ца кхочу – пачхьалкхехь уггар а лакхара дакъа ду и, хаамбина* информаци ТАСС агенталло, книгийн "Литрес" сервисо бинчу талламашна тIетевжина.
Безаман романашца интерес йолчу пхеа регионан-лидеран топехь йу Нохчийчоь, Дагестан, ГIебарта-Балкхаройчоь, Къилбаседа ХIирийчоь – 25 процентана тIера 32% проценте кхочу цигахь йоьхкинчу книгийн дакъа.
Билгалдоккху, цхьа ГIалмакхойчоь йоцчу йоллу регионашкахь безаман жанрехь къаьсттина гIарайаьлла йу digital-авторийн книгаш.
* "Литрес" сервисо шен талламехь зийна 84 регион, аннекси йинчу ГIирмера а, Севастополера а, Украинан оккупаци йинчу Донецкан, Луганскан, Запорожьен, Херсонан кIошташкара хьал лериний оцу зерашлахь, хууш дац.
- Оьрсийчохь 2023-чу шеран йуьххьехь эзотерин литература къаьсттина йезаш тIеэцар хааделла Къилбаседа ХIирийчохь. Оцу декъехь 2023-чу шеран дечкен-марсхьокху беттанашкахь оцу регионехь йерриг а йоьхкинчу терахьаллин книгийн процент йу 4,37. Эзотерин литературе интерес хиларца топехь йолчу пхеа регионашлахь нисйелла ГIебарта-Балкхаройчоь а.
- 2022-чу шеран товбеца-баттахь Буьри-ГIалара полицин белхахоша йукъахйаьккхира Тлостанова Мадинин "Деколониальные гендерные эпистемологии" книгина йен презентаци. Жимчу барамехь дуьххьара 13 шарчохь йуха арахецнера и книга. Официалехь ницкъахой бахкаран бахьана дара йихкинчу "Иеговн тешаш" организацин гулам бу цигахь аьлла, анонимехь бина хаам. Барам хIотточара дIахьедира, книгин темо кхерийначу меттигерчу хьакамаша кхерамаш тийсира шайна аьлла.