ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь а, Оьрсийчоьнан къилбехь а  цIеххьана алсамдаьлла ахча гулдар – Украинехь эшамаш хилар гойту цо


Украинехь йохийна Оьрсийчоьнан танк, гайтаман сурт
Украинехь йохийна Оьрсийчоьнан танк, гайтаман сурт

Къилбаседа Кавказан мехкашкахь а, Оьрсийчоьнан къилбера регионашкахь а 2023-чу шарахь цIеххьана лакхабаьлла меттигерчу бахархоша банкашкахь латточу ахчанийн барам – и доьзна хила тарло Украинера тIамехь дакъалаьцначарна а, церан доьзалашна а ахчанаш даларца, беллачарех а, иштта чевнаш йинчарна компенсацеш йаларца а.

Ишта хьесап дина Финлядин Коьрта банкехь йолчу экономика толлучу Институтан (BOFIT) талламхочо Соланко Лаурас; Оьрсийчоьнан официалан хаамаш тIехь кхоьллина цуьнан аналитикан материал зорбане йаьккхира чиллан-беттан 21-чохь, "Медузо" тахана тергойина цуьнан.

Къилбаседа Кавказехь а, Оьрсийчоьнан къилбехь а банке дохку ахчанаш уггар а дукха ду Адыгейхь – 32%, цунна тIаьхьа йогIу Нохчийчоь (30%), Къилбаседа ХIирийчоь (28%), ГIалмакхойчоь (28%), Дагестан (27%), Ростовн кIошт (21%). Йоллу Оьрсийчохь аьлча, жимма тIекхетта гайтина Тыва республикехь (53%). Цул а хьалха хиллачу пхеа шарчохь бахархойн чоьташ тIера ахчанийн барам алсамбалар 6-9% дара.

BOFIT-н талламхочунна хетарехь, и зераш кхин а тIе индикатор санна хила тарло, муьлхачу регионера Украинера тIаме божарий дукха хьийсийна, муьлхачу регионашкара дукха байъина кхеташ хилийта.

  • Кавказ.Реалиин редакцина къаьстина Къилбаседа Кавказера а, Оьрсийчоьнан къилбера а Украинехь байъинчийн терахь. Кубанехь дIабоьхкина ЧВК "Вагнеран" 850 гергга йолахо ца лерича а, уьш хуьлу 6618 . Йуьхьанца дуьйна дуьззина доцу хIара терахьаш схьаэцна зорбанан гIирсашкара а, меттигерчу ресурсашкара а, социалан машанашкара хаамашкара а, Iедалхойн дIахьедаршкара а, бакъоларйархойн а, жигархойн а, тхайн хьасташкара а. Билггал долу терахьаш кхин а дуккха а лакхара хила йиш йолуш ду.
  • Оьрсийчоьнан тIеман министралло шозза гIараяьккхира эшамех лаьцна информаци: Зазадоккху-беттан 2-хь дуьйцура 498 стеган кхалхарх, Зазадоккху-беттан 25-хь – 1 351 стеган. Гезгамашин-беттан 21-чохь тIеман министро Шойгу Сергейс дIахьедира, 5937 стаг ву велларг аьлла. Украинхойн агIоно чIагIдо, оьрсийн эскаршна хилла эшамаш кхин а лакхара бу бохуш.
  • Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал тIом болийна ши шо кхочуш "Медузин" а, "Медиазонин" а журналисташа зорбане баьккхира Оьрсийчоьнан агIор хиллачу эшамех шаьш бина таллам. Цара далийна терахь ду – 75 эзар. "ХIаллакбар лахлуш а дац", - билгалдоккху журналисташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG