ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь бераш дуьненчу довлар тIаьххьарчу шерашкахь лахделла


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дечкен-оханан беттанашкахь Къилбаседа Кавказан федералан гонехь бераш дуьненчу довларан терахь, меттигерчу бахархошца дуьстича, тIаьхьарчу 13 шарчохь уггаре лахарчу тIегIанехь нисло, боху Росстатан жамIаша. Билгалйаьккхинчу ханна регионехь хIора эзар вахархочунна 11,7 керла бер догIу. 2010-чу шеран дечкен-охан беттанаш схьаэцча, гайтам 16,5 хуьлу; дIадаханчу шарахь - 12, 3.

Республикашкахь динчу зерийн жамIашца аьлча, Дагестанехь 2023-чу шарахь дечкен-охан беттанашкахь хIора эзар вахархочунна дуьхьал 12,5 бер нисло - иза а ду тIаьхьарчу шерийн лаххара терахь. ГIебарта-Балкхаройчохь и терахь 10,4 ду - цул кIезга иза 2006-чу шарахь бен ца хилла(9,7). Цхьатерра хьал ду - Кхарача-Чергазийчохь: 8,9 керла бер хIора эзар вахархочунна дуьхьал. Нохчийчохь беран дуьненчудовларан коэффициент 18,5 йу - жимма кIезга хилла 2021-чу шарахь(18,1). Терахьаш лахлуш ду Къилбаседа ХIирийчохь а - республикерчу эзар вахархочунна 10 керла бер нисло.

Йоллу Оьрсийчоь схьаэцча, бераш дуьненчудовлар 2023-чу шеран дечкен-охан беттанашкахь уггаре лахарчу терахьца гуш ду. Украинерчу тIамца а, дахаран хьелаш эшарца а доьзна ду иза, боху эксперташа.

  • Дагестанехь, ГIалгIайчохь, ГIебарта-Балкхаройчохь, Къилбаседа ХIирийчохь бераш дуьненчу довлар лахделла, доьзалаш бохаран терахь хьаладаьлла. 2022-чу шарахь дечкен-охан беттанашкахь Росстато динчу зераша гойту и хьал.
  • 2023-чу шарахь Къилбаседа Кавказерчу республикашлахь доьзалш бохаран терахь хьаладаьлла, керла доьзалаш болор а ишттачу хьолехь ду. Беа беттачохь Нохчийчохь керлачу доьзалийн терахь охьадаьлла хьалхалерчул шозза. Росстатан хаамаша боху иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG