Талламан комитето таллам дIахьош бу, адвокато Алиева Азас Ичкерин командир Гелаев (Хьамзат) тIехь волуш видеоролик инстаграме хIотторна. Iазапаш хьегначу Къилбаседа Кавказера волайнхойн интересаш йовзуьйтуш йу иза.
"Социалан медиашкахь дийцаредеш ду, Интернетан машанахь террорхо леринчу стага дуьйцург гойтуш ролик хIоттийначу цхьахволчу Москварчу адвокатах лаьцна", - хаамбо урхаллин официалан телеграм-каналехь. Цунах бинчу талламан жамIаш шена довзийта аьлла Талламан комитетан урхалхочо Бастрыкин Александра.
Алиева Азин а, 2004-чу шарахь вийначу Гелаев Русланан а цIераш Талламан комитетан хаамехь йаьхна йац, амма дечкен-беттан 1-чохь бусалбашна а, мигранташна дуьхьал йолчу уггар а йоккхачех телеграм-канало зорбане хIоттийна ролик, чIагIдарехь, Алиевас йаржийначу видеон экрана тIера йуха дIа а йазйина.
Оцу фрагментехь Гелаевс боху: "Шен эскарш арадаха иза кхуза вагIахь – схьавола. Нагахь санна, тIамца вогIий – оха иза эккхор ву". Маца дIайазйина ю и видео, хууш дац. Карарчу хенахь Алиевас лелочу инстаграмехь и йоцуш йу.
- Дагестанера тутмакх Антимагомедов Мохьмад ву цо Iалашвеш – къизаллаш лелийна цунна тIехь ГIалмакхойчуьра номер 2 йолчу колонихь, набахтен белхахошна лецнарш тIелеттачул тIаьхьа. ФСИН-н цхьа белхахо вийра хIетахь, ворхIанна чевнаш йира. Тутмакхаша дийцарехь, динан билгалонца эшам бина хиллера царна.
- Иштта Алиевас латтош йу Барановская Елизавета цIе йолчу зудчун интересаш а – Москвара метро чохь цо никIаб стенна лелайо бохуш, шога кочабаьхкинера цунна.
- Товбеца-баттахь Алиева Аза, Федералан таIзар кхочушдаран хьукматан Iаткъам бина, Саратовн кIоштара адвокатийн палатера дIайахара болх бан Москва. Хьалхо урхалло аьрзнаш динера цунна, тутмакхаша шайна тIехь гIело хьегийтарх дийцинарг нахала даккхарна.
- 2021-чу шеран лахьан-баттахь Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь Алиева Азас дийцира ша Iалашбечарна тIехь Iазапаш лелорах, иштта Къилбаседа Кавказера бахархошна а цхьаьна. Инфекцин лазаршна дарба дечу Саравтовскан кIоштара дарбанан цIийнехь а дийцира, тутмакхашна тIехь терго латточу а, талламаш бечу а инстанцешна а хууш, оцу системо адамаш хIаллакдарх.
- Руслан (хьаьжца вахначул тIаьхьа – Хьамзат) Гелаев – Ичкерин командир вара, гуьржийн-абхазхойн конфликтехь дакъалаьцна цо, иштта Нохчийчохь хьалхара а, шолгIа а тIемаш боьлхуш а. Ичкерин тIеман дакъошкахь лаккхарчу даржашкахь хилла ву иза. Официалан версица, вийна иза 2004-чу шеран чиллин-беттан 28-чохь дагестанхойн дозанхошца хиллачу тасадаларшкахь.
- ГIадужу-баттахь Москвахь лаьцна ММА-н латархо, Нохчийчуьра 31 шо долу Якубов Ильяс, цунах шеконаш йу массарна а хезаш терроризм къобалйийна. Бахьана ду - гIаттамхойн командиран Басаев Шемалан монологе ла а доьгIуш, спортхочо тренировка йеш дIайазйина видео.