Чиллан-беттан 23-хь дуьйна Къилбаседа Кавказан йалх республикера дешархоша шайн де долор ду иллиалархочун Шаманан "Со оьрси ву" иллига ла а дугIуш.
Школашкахь кхетош-кхиоран программийн йуккъе илли дилла аьлла, Кадыров Рамзанан Iалашо къобалйина Адыгейн а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а, Дагестанан а дешаран министраллаша.
“Ларамечу Рамзан Ахматовичан исбаьхьа ойла хазахетарца тIеэцна оха кхузахь, ГIебарта-Балкхаройчохь”, - республикан дешаран министран Шхагапсоев Сафарбин цитата йалайо "Адыгэ макъ" газето.
Зорбано чIагIдарехь, Кадыровн лааман тергойира пачхьалкхан йукъарачу тIегIанехь а – школаш а, кхин йолу регионаш а патриотикехь кхиоран планан йуккъе йахийтар хьийхира.
Дахначу шеран заздоккху-баттахь "Со оьрси ву" илли бахьана долуш дов хилира Казанерчу цхьахйолчу школехь. Берашка илли дагахь Iамадайтира, тIедожийра "Со оьрси ву. Со йуха ца волу" олучу меттигехь куьйгаш айдар. Бераш и дан реза ца хилча, хьехархо уьш къарбан гIиртинера, илли йукъахь дуьйцург къам дац, махкалла ду, ткъа реза воцчунна “махкара дIавахар” тоьлу бохуш.
- Хьалхо Кавказ.Реалии сайто йаздира, Оьрсийчоьнан историн керла дешархойн жайно хьехархошлахь а, историкашлахь а эргIадалла гIатторах. Цу тIехь, масала, чIагIдора, Сталинан халкъашна депортацеш йан бахьана делира "цара Гитлеран Германица йукъарлонаш лелийна меттигаш" хиларна. Махках даьхначу къаьмнех текст йукъайахийтинера "Оккупанташна гIодинарш" аьллачу декъехь. Цхьа могIа йукъараллин, пачхьалкхан а гIуллакхдархоша шаьш резадацар дIахаийтинчул тIаьхьа жайнин дакъа йухайаздира.
- Оьрсийчоьнан Iилманан министро Кравцов Сергейс Нохчийчу а веана, республикан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанаца йийцаре йира керла хийцамаш бина йолу историн книга. Хьалхо оцу жайни тIехь йаздинера, Къилбаседа Кавказера репрессеш лайначу кхаьмнаша а, ГIирман гIезалоша а Гитлеран Германин оккупацин эскархошца йукъаметтигаш лелийна бохуш.