Къилбаседа Кавкъазерчу къаьмнийн диаспораш кхиина Туркойчохь мухIажараллехула, Кавказан тIом бирзича, эзарнашкахь Осмалойн импере дIаихинчу нахах лаьтта уьш. Хьижрат динчу ламанхошлахь массарел а дукха хилла чергазий. Амма яккхийчу тобанашкахь дIаихина цига абхазой, нохчий, дагестанхой, хIирий, ногIий, кхарачой, балкхарой.
XX бIешо юккъе кхочучу ханна Туркойчохь цхьа эзар гергга юрт яра Къилбаседа Кавказера дIабахначу нехан, ткъа тIаьхьо, болх лохуш а, деша а, гIаланашка дIасабахара дукха нах –Хонкара, Истамуле, Измире, кхин а цхьацца мегаполисашка.
Тахана Хонкарахь ю къилбаседа-кавказхойн ворхI юкъаралла, 20 ю Истамулехь. Цхьацца газеташ арахьоьцу, книгаш зорбане етте чергазийн центраша, школаш а ю оцу цхьаьнакхетараллашкахь. СагIанаш деш, халчу хьелашкахь бехачу шайн махкахошна накъосталла кхачош хьийза уьш.
Кавказхойн векалш бу Туркойчоьнан Iедалехь а, парламентехь а, университеташкахь хьоьхуш а, бизнес лелош а.
Шен рогIерчу подкастехь историка Вачагаев Майрбека къамел дира Гуьржийчоьнан стратегин а, дуьненаюкъарчу талламийн а фондан Iилманчица Квахадзе Александрца къаилбаседа-кавказхойн Туркойчуьрчу диаспорех а, туркойн юкъараллаца цара йинчу интеграцех а, церан меттанаш, къоман ламасташ Iалашдарца йолчу проблемех а лаьцна.
- Александр, хьуна стенна кхечира бала Туркойчуьрчу къилбаседа-кавказхошкара хьал зен – иза ма юй хьан талламийн цхьа тема?
- Цхьаъ делахь, сайна туркойн мотт хаарца дуьйзира ас иза, сан хьалхара диплом дара Туркойчоь зерца доьзна. Шиъ делахь, магистратурехь доьшуш чергазийн мотт талла волавелира со. Амма и болх бан Оьрсийчу ваха хала дара – визанаш яха ца лора, кхийолу дуьхьалонаш хIуьттура тIе, ткъа сан аьтто белира чергазий бехачу Туркойчуьрчу меттигашка кхача а, цигахь Iама а.
- Вайна хаьа-кх Туркойчуьра къилбаседа-кавказхойн юкъаралла XIX-чу бIешарахь а, XX-чу бIешеран юьххьехь а хьижрат динчу нахах лаьтташ юйла. ХIун хьал ду цуьнгахь тахана? Нийса дуй оцу нахах диаспораш алар?
- Ахь нийса боху, вай тахана къилбаседа-кавказхойн диаспора эриг – иза Оьрсийн-Кавказан тIеман тIаьхьало ю. Аьлча а, церан дай оцу заманашкахь шайн мехкашкара бохийна. Диаспора царех алар а ду нийса, хIунда аьлча, бу церан исторехь бисина даймохк а, хьалхалеррачу лаьтта тIехь деха къаьмнаш а. ТIемаша уьш шайн даймехкех хедийнехь а, дIакхалхийнехь а, кхобу цара зIе шайн "орамашца".
Туркойчоьнан муьлхачу меттигашкахь еха хIара я важа къилбаседа-кавказхойн диаспора, иза хаалуш дуй?
- Кавказхой Туркойчухула дIасабаржар зуьйш, карта вай теллича го симметри йолу ши аса. Хьалхарниг Iаьржачу хIорда тIера дIа Туркойчоьнан махбалехьа йоьду, Анталехула чекхйолий, кхочу Дуьненаюкъарчу хIорда йистонашка. ШолгIаниг – иза Балканан ахгIайрехула чекхйолуш хилла аса ю, Осмалойн империн долахь и меттигаш йолчу заманара схьа ю иза. Оцо гойту Осмалойн Iедална кавказхой тIемалой санна оьшуш хилла хилар. Цундела дIатарбина уьш пачхьалкхо ша агресси ларъечу меттигашка, масала, Оьрсийчоьнехьара – малхбалехь, ткъа малхбузе кавказхой дIатарбина Балканашкахь гIаттамаш бевлча яЕвропера тIелатар нисделча дуьхьалбаха.
Кавказхой боцу провинцеш Туркойчохь тахана ян а яц
Амма Балканашкахь гIиттамаш буьйлабелча, кавказхойн дезна шозлагIа а боха – Туркойчоьнан малхбузенехьа, Мармаран хIорда йистошка а, кхечу агIор а дIабахна уьш, цхьаберш дIакхелхина тахана Урдун, Шема, Израил лаьттачу меттигашка.
Кавказхой боцу провинцеш Туркойчохь тахана ян а яц. Масала, гIебартой дукха болу меттиг ю Кайсери провинци. Цигахь 60 сов ю церан ярташ. Ткъа малхбузенан чргази болу меттигаш ю Стамбулний, Хонкарний юккъеранаш. Масала, абхазой дукха бу Сакарья провинцехь. Чергазашца дуьстича, нохчий кIезиг бу, церан ярташ ю Сивас а, Кахраманмараш а, кхийолчу а провинцешкахь. Дагестанхой доккхачу декъанна Ялова провинцехь беха. ХIирийн ярташ а ю масех, курдой бехачу меттигашкахь а ю уьш. Кхарачой а, балкхарой а дIатарбелла ярташ ю, амма дукха яц.
- Тидам биний ахь, гIебартой шаьш къастабелла, малхбузенан чргазий шаьш къастабелла. Къаьмнаш дIассакъасторан, декъаран политика-м ца лелла-те Туркойчохь а? Масала, нохчий стенна ца тарбина оццу Сивасе, я боллу дагестанхой я чергазий цхьаьна? ТIемашна эшаре терра дIасабаржийна-те уьш Туркойчухула?
- ТIемаш доьзна боцу бахьанаш а хилла, аьр вай, провинцийн хьашташ а лийрина Iедало. Цхьайолчу провинцешна юьртабахамашкахь белхалой эшна, къаьсттина ялта кIезиг кхуьучу меттигашна. Кхечу меттигашкахь бухарчу кегий къаьмнийн гIиттамаш хьошуш а оьшуш хилла кавказхой.
Дагалаца деза кавказхой цхьана хенахь дIакхелхина бацар а, цкъа дукха, цкъа кIезиг хуьлуш хилла дIакхалха арабевллачу мухIажирийн тобанаш, некъаш а хоржуш хилла кеп-кепара. Малхбузенан чергазий Туркойчу хIордаца буьгуш хиллехь, гIебартой Гуьржийчуьрчу некъаш Iтехула дIакхачийна, цундела атта хилла уьш Юккъерчу Анталехь, Кайсери я кхечу регионашка дIатарбан. Нохчех, гIалгIайх, хIирех, дагестанхойх дерг аьлча, уьш лаьтта тIехула бигина Туркойчу. Ткъа адыгейхой, шапсугаш, абадзехаш, джедугаш, масала – хIордаца. Цуьнга хьажжина, хIордан йистошца совцийна уьш, цигара дIасабаьржина. Ламанхоша лаьмнаш, хьаннаш йолу меттигаш лохуш хилла баха ховша.
- Муха ю Туркойчуьрчу кавказхойн юкъаметтигаш? Юй уьш цхьанатуху юкъараллаш, цхьаьнакхетараллаш, юкъара гIуллакхаш луьсту хьукматаш?
Ататюрк Iедале веъча, ассимиляци сихъян йолийна, массарех а баха долийна «чергазий»
- Иза масийттазза хийцаделла хIума ду. Iосмалойн империн тIаьххьарчу шерашкахь Истамул хилла кавказхойн шатайпа центр – цигахь арахьоьцуш хилла меттанийн абаташ – абхазойн, чергазийн, курсаш а хилла хеьхархошна. Оцу муьрах дашо зама олу Туркойчуьрчу кавказхоша.
Ткъа Ататюрк Iедале веъча, ассимиляци сихъян йолийна, сацийна меттанаш Iамош бен болх. Кавказхойн проблемаш тIехьататтаелла, массарех а баха долийна «чергазий», хуьлда уьш нохчий, хIирий, дагестанхой, я шаьш чергазий. Делахьа йисина хилла кавказхошца къахьоьгу цхьацца юкъараллин институташ а. Амма кест-кеста, масала, карчам иккхича пачхьалкхехь, доьхкуш хилла иштачу хьукматашна болх бан, я беш хиллла цара иза къайлах.
Советан пачхьалкх йоьхча, цуьнан дозанаш дIасадаьхча, хIун хуьлу? Кавказхой Туркойчохь цхьаьнакхета Абхазехь тIом баьлча, Туркойчуьра ахбIе гергга кегийнах абхазашкахьа дIахIитта боьлхуш, Абхази Гуьржийчоьнах дIакъастор а, абхазашна ахча-бохча латтор а юьхьаръоьцуш.
Амма дIасакъестабала буьйлало Туркойчуьра кавказхой цигара нохчий шайн Оьрсийчуьрчу даймахкахь лаьттачу тIемашна сагатдан боьлча. Кхеташ ду, нохчаша даймахкехьа са гIерташ бара, ткъа дукхахболу кавказхой – чергазий, абхазаш – юьстахлаьттара, туркойл а хербелла Нохчийчуьрчу хьелашка болчу хьежамашца, Нохчийчуьрчу тIамна буха дин дигар дара уьш къехкориг.
ШозлагIа дасабекъабалар нисделира Сочехь Олимпан ловзаршна Оьрсийчоь кечлучу муьрехь абхазойнний, чергазийнний: абхазойн шайн даймахкарчу, Абхазин, Iедало къастийна некъ къобалбеш хьийзира, ткъа чергазий, децIера шайн къоман юкъарлонаш а санна, дуьхьал бара олимпиаданна. Гуьржийчоьно чергазашна Оьрсийчоьно геноцид хIоттор къобалдаро а дIасабийкъира уьш.
Таханенна вон яц кавказхойн юкъаметтигаш. Къилбаседа Кавказера схьабевлла нах цхьана ойланашца, цхьана сатийсамашца беха. Амма политикан жигаралла йозуш хуьлу даймехкашкарчу шайн къаьмнийн лаамашца.
(Чаккхе хир ю)