ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь ледарчу гIишлойн терахь лакхадаьлла


Черкесскера йукъара Iойле. Гайтаман сурт
Черкесскера йукъара Iойле. Гайтаман сурт

Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь а, Ставропол-махкахь а 2020-чу шарахь дуьйна дикка лакхадаьлла чохь Iен кхерам болчу ледарчу гIишлойн терахь. Масала, Нохчийчохь ши шо хьалха хиллачул стохкалерачу шаре кхаччалц иза 133 эзар квадратан метр тIера 343 эзар тIе кхаччалц хьаладаьлла. Оьрсийчоьнан ЖКХ-н, гIишлош йаран министраллин зераша дуьйцу иза.

2020-чу шарахь Дагестанехь ледара гIишлош 23 эзар квадратан метр йара. Цул тIаьхьа шо даьлча, ишттачарех йу аьлла билгалйаьккхира 81 эзар квадрат, стохка - 88 эзар. Кхарачой-Чергазийчохь ледарчу гIишлойн терахь 900 квадратан метр ши шо хьалха хилла, 21 эзар 2022-чу шарахь. ГIебарта- Балкхаройчохь - 18 эзар тIера 36 эзарна тIекхаччалц билгалйаьккхинчу йукъанна.

Ставропол-махкахь 2022-чу шарахь ледара леринера чохь Iачу гIишлойн 61 эзар квадрат. Амма цул ши шо хьалха и терахь 54 эзар дара. ГIалгIайчохь терахь 44, 50 эзар квадратан метр ду. Къилбаседа ХIирийчохь иза 45 эзар тIера 62 эзар "квадрат" тIе хьаладаьлла.

Ледарчарех ларалуш йу ахчоьнаш чохь Iен кхераме йолу, охаэгарна шекойолу гIишлонаш, хIусамаш. Низамо бахарехь, Iедал декхарийлахь ду, цу гIишлошкарчу бахархошна мехаца цхьаьнайогIу хIусамаш йала. Йа керла хIусам эца ахча даларца, дакъалаца, кхечанхьа уьш дехьабохуш. Бюджетан ахча цатоарна, кхечанхьа нах дехьабахар шерашкахь дахдала тарло. БIе эзарнаш Оьрсийчоьнан махкахой хIинца а ледарчу гIишлошкахь бехаш бу.

*Талламашлахь йу аннекси йина ГIирма а, Севастополь а. Амма бац цкъачунна оккупаци йина лаьтта Украинин Запорожье-мохк, Херсонан-мохк. Иштта цу йуккъе ца лаьцна сепаратистийн "ДНР", "ЛНР"а.

  • Къилбаседа Кавказан йиъ республика 2022-чу шеран Оьрсийчоьнан социал-экономикин зераша гайтинчу жамIашца эшначийн могIарехь нисйелла. И терахьаш* даладо РИА "Рейтинго". Билгалйаьхначу регионийн кхиамийн терахьаш хьалхалерачу шеран терахьал дукха гIоле а дац.
  • 2023-чу шеран жамIашца Нохчийчуьра бизнесхойн кегийчу а, йуккъерчу а барамашкахь долчу кредитийн декхарш 795 млн соьмаца билгалдевлла ду. Иза стохка зазадоккху-баттахь хиллачул 13-за дукха нисло.
  • Чиллин-беттан йуккъехь Кадыровс дакъалоцуш, Нохчийчура парламентан рогIера белхан гулам дIабаьхьира. ДIахьедарш дира масех хьаькамо. Царлахь вара вице-премьер Алханов Адам - цо элира, республика адамийн таронашца Оьрсийчоьнан регионашлахь бархIолгIачу меттехь йу. "Стратегин инициативийн агенталла" (АСИ) хаамашна тIетевжина, дира цо и къамел. Амма билгал ца даьккхира, и зераш бахархойн хьежамашца хIиттийна хилар. Пачхьалкхан зераша а, эксперташа а и тайпа дIахьедарш харц лерина.
  • 2022-чу шарахь Нохчийчоь хьалха йара белхазаллин терахьца а, некъаш тIехь ДТП-хь кхалхаршца а, банкроташ хиларехь а, мехах хIусамаш ца лацалуш хиларца, нехан банкашкахь ахчанаш кIезга хиларехь а. Иштта йара республика алапашца нийсо ца лелорехь, нехан таронашца, пенсийн барамашца регионашлахь иттана йуккъехь а. Цунах дерг хьаькамаша белхан гуламехь Кадыровга хьаха ца дира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG