Оьрсийчоьнан къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионийн кхелашка бахархойн искаш кхочу Оьрсийчоьнан контрактхойн а, эскархойн а гергарчаьргара. Украинана дуьхьал бечу тIамехь уьш белла бу, байна бац алий, тIечIагIдеш кехаташ ло шайна бохуш тIедожадо цара. Оцу тайпа статус луш йу тIеман министралло, нагахь санна вийначун дакъа цуьнан кхалхар хиллачу меттигехь дисинехь а. ТIамтIехь велла хиларх тоьшалла оьшу церан гергарчарна социалан ахчанаш эца.
Шен хIусамда валар кхелехь тIечIагIдар тIедожийра Ставрополь-махкарчу Ибрянова Альбинас. Латкъамехь йаздо, шен цIийнда, шина беран да, Новороссийскера номер 42091 йолчу десантхойн-штурмхойн полкехь гIуллакх деш хилла ву. Украинехь "тIеман декхарш кхочушдечу заманчохь" иза тIепаза вайна аьлла хаам кхечира Ибрянове тIеман министраллера. Изобильненскан кIоштан кхело цуьнан иск къобалйира мангал-баттахь.
Волгоградан кIоштара Волжский гIалара Попов фамили йолу эскархо вийна хилар тIечIагIдан дуьхьало йира кхело цуьнан хIусамнанна Стрельникована – церан цIераш цхьацца элпашца бен билгалйаьхна йац. Волгорадхочо дийцарехь, сержант Попов гIуллакх деш хилла ву контрактаца номер 22179 йолчу тIемалойн декъехь, "Шторм Z" пхоьалгIачу ротин декъашхошлахь хилла иза командиран даржехь. Цо гIуллакх деш хиллачу декъан командиро хаамбинера Стрельникове, "лаамхо" доь доцуш вайна сепаратистийн "ДНР-н" дозана тIерачу Водяное эвлахь аьлла. Церан йоI йара кхуьуш, цундела берана догIу пенси хIоттадайта лууш йу иза а. Цуьнан иск тIечIагIйан реза ца хилира кхелехь, цIийнда муха велла хоуьйтуш кехаташ суьде ца кхачорна.
Оцу тайпа иск чуйеллера Краснодар-мехкан Абинскан кIоштан кхеле Висковатова Валентинас а – цуьнан кIант 2023-чу шеран зазадокху-баттера схьа дуьйна гIуллакх деш вара наводчик-оператор санна 123-чу бригадехь сепаратистийн "ЛНР-н" территори тIехь. Эскархойн декъан командиро хаийтинера цуьнга Белогоровка эвлахь стохка мангал-баттахь иза вайна, шолгIачу дийнахь массо а кехаташ тIера дIаваькхира аьлла. Иза вайна (иск чу лучу заманчохь) шо гергга хан йаьлла, цундела нана кхеле йаьллера иза кхелхина аьлла регистраци йайта, социалан ахча эцархьама. Цуьнан тIедахкарш кхочушдина кхелахоша.
- Кавказ.Реалии сайто ларарш ду дIахьош Украинехь шуьйра болийначу тIамехь къилбера а, Къилбаседа Кавказера а беллачех. Хаамаш гулбо социалан машанашкара а, меттигерчу администрацин а, зорбанан гIирсийн а публикацешкара а. Карарчу хенахь хууш ду велларг бархI эзар сов сов хиларх.
- Къилбаседа Кавказера контрактхойн гергарнаш кхелашкахь тIечIагIдайта хьийза Украине тIамтIе бахана хилла шайн нах белла хилар. Церан декъий дисина тIемаш бечу аренашкахь, цундела официалехь уьш белла лоруш бац. Ткъа уьш кхалхарх тоьшаллаш оьшу гергарчарна шайн доьзална компенсацеш, пенсиш хIиттадайта.