ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбера а, Кавказера а спортхошна дуьхьал санкцеш йаха Iалашо ю украинхойн парламентан


Евлоев Муса
Евлоев Муса

Шайн пачхьалкъан кхерамзаллин Кхеташонна а, тIеман министраллина а хьехна Украинан Лакхарчу Радо, Украинана дуьхьал тIом бакъбечу Оьрсийчоьнан 56 спортхочунна дуьхьал персонале санкцеш йаха аьлла. Тептарехь нисвелла Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а бархI стаг.

Санкцеш тоха тарло латарехула Олимпикан чемпион волчу ГIалгIайчуьра Евлоев Мусана а, Дагестанера маьршачу кепехь латарехула Олимпикан чемпионашна Садулаев Iабдулрашидна а, Угуев Заурна а, Къилбаседа ХIирийчуьра Сидаков Заурбекна а, Таймазов Артурна а (Узбекистанера вовшахтоьхначу тобанца леташ вара). Пачхьалкхан думин депутат а ву иштта Таймазов.

Тептаре ваьккхина Краснодар-махкара боксан дуьненан чемпион Пирог Дмитрий а, Оьрсийчоьнан парламентерчу физкультурин а, спортан а комитетан куьйгалхочун хьалхара гIовс вара иза. Санкцеш тоха тарло иштта Ростовера спортан гимнасташна а: Олимпикан чемпионашна Уразов Владиславна а, берийн патриотикан тIеман "Юнармия" боламан куьйгалхочунна Нагорный Никитина а.

Документаца а догIуш, санкцеш итт шарна тоха дагахь бу. Уьш тIеэцахь, спортсменийн бакъо хир йац Украинан территори тIе бахка, цаьргара оцу пачхьалкхо делла совгIаташ а дIадохур ду, иштта блок тухур ю церан активашна а.

Багарбина спортхой боцурш а, тептарехь бу, масала, гимнаст Кабаева Алина, ша тIехь хелхарш ден Плющенко Евгений, боксер Валуев Николай, шахматех ловзу Карякин Сергей, футболисташ Тарасов Дмитрий а, Широков Роман а, гимнаст Немов Алексей а.

  • Оьрсийчоь Украинана тIелатарна бехкебечу нахана дуьхьал санкцеш йохуш хьалхо Украинан президенто Зеленский Владимира омрана куьйгйаздира. Санкцийн тептаре вазвира Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан думан депутат волу Делимханов Адам а, цуьнан кхуьй а ваша а.
  • Лахьан-бутт бовш Британино санкцеш кхайкхийра Оьрсийчоьнан 22 лаккхарчу даржхочунна, бертаза мобилизаци дIайахьарна а, йолахой лецар къобалдарна а бехкебина. Тептарехь бара Оьрсийчоьнан итт регионан куьйгалхой, царех пхиъ Оьрсийчоьнан Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а вара.
  • Оьрсийчоьнан хьаькамашна а, совдегаршна а, компанешна а дуьхьалйаьхна санкцеш кхин а тIе шорйира Керлачу Зеландино. Цу юкъавахна Ставрополь-махкара энергетикан министран гIовс Курашов Денис, Ростовн кIоштара ясакх оьцучу хьукматан куьйгалхочун гIовс Шмелев Дмитрий а. Хьалхо сепаратистийн "ДНР-н" администрацешка балха хIиттийнера уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG