ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Киллер Красиков Оьрсийчоьне дӀаваларна дуьхьал Венехь нохчийн диаспоран митинг дӀайаьхьира


Ичкерин тIемалойн командир Хангошвили Зелимха вийнарг лIаваларна дуьхьал хIоттийна митинг. 2024-чу шеран марсхьокху-беттан 19-гIа
Ичкерин тIемалойн командир Хангошвили Зелимха вийнарг лIаваларна дуьхьал хIоттийна митинг. 2024-чу шеран марсхьокху-беттан 19-гIа

Мангал-беттан 19-чу дийнахь Венерчу Германин векалтана уллехь нохчийн диаспоро митинг дӀайаьхьира мангал-беттан 1-чу дийнахь Красиков Вадим хийцина, Оьрсийчоьне дIаваларна дуьхьал. Ичкерин буьйранча Хангошвили Зелимха верна Германехь велла дӀаваллалц набахтехь йаккха хан тоьхнера Красиковна.

Барам вовшахтоьхначу, Австрерчу Нохчийн Ичкерия республикин векало Дунаева Розас Кавказ.Реалиин редакцига ма-аллара, 20 гергга стаг веанера митинге. Диаспоран векалш хилла ца Ӏаш, цигахь бара Австрера жигархой а, Украинера мухӀажарш а. Киллер Красиков Оьрсийчоьне дӀавалар "эхье политикан акт" йу элира акцин декъашхоша.

"Ичкерин дозанал арахьарчу Ӏедалан цхьана а векалца, тхан диаспоран цхьана а куьйгалхочуьнца, йа Хангошвили Зелимхан доьзалера цхьана а стагаца хийцарх лаьцна дийцарш дечу хенахь дагабевлла бац", -аьлла, Европера нохчий эргIад бахаран кхин а цхьа бахьана довзийтира Дунаева Розас.

Австрин Iедалхоша Германин векалтана хьалха митинг хIоттон бакъо ца лора шайна, цундела гIишлона 20 метар дехьа хIоттон дийзира аьлла, тIетуьйхира цо. Дуьхьалонан акци йирзинчул тIаьхьа и вовшахтоьхначара шайн кхайкхам бахьийтира векате.

Марсхьокху-беттан 12-чу дийнахь Францера Страсбург гIалахь Германин а, Американ Цхьанатоьхначу Штатийн а векалташна хьалха дуьхьалонан акцеш дӀайаьхьира нохчийн диаспоран декъашхоша. Иза хIоттийнера къайлахчу сервисан агент Красиков Вадим Оьрсийчоьне дӀаваларна дуьхьал. Верриг а цу барамехь дакъалоцуш вара 20 гергга стаг. Цигахь дакъалаьцнарш немцойн консулаллан векалшца зӀене бовла гӀоьртира, амма уьш дуьхьал ара ца бевлира протестхошна, шайн кхайкхам почтехула дIакхачабе аьлла.

  • Мангал-беттан 1-чу дийнахь Оьрсийчоьнан Федерацина а, Малхбузерчу пачхьалкхашна а йукъахь хилира тутмакхаш хийцар - набахтешкара мукъабаьхна, Путин Владимира гечдира оппозицин политикашна а, журналисташна а, ткъа Европехь кхел йина Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн белхахой Москва йухабирзира. Царна йукъахь уггаре а резонансе вара нохчийн гIаттамхойн буьйранча лаьттина Хангошвили Зелимха верна Германехь велла дӀаваллалц набахтехь хан токхуш волу киллер Красиков Вадим. Хьалхо политикца Навальный Алексейца хийца тарлучу нахалахь цӀе йаьккхинера цуьнан. Цу гӀуллакхо нохчийн диаспорехь йитинчу реакцех лаьцна дийцира Кавказ.Реалии сайта тӀехь.
  • Кавказ.Реалии сайтана йеллачу интервьюхь Германехь йехаш йолчу Хангошвилих йисинчу Циатиева Мананас (Раисас) дийцира, шена муха хетар дара шен цIийнда вийнарг Оьрсийчоьне дIавалар а, шена хетарехь, Зелимха верна жоьпалла хьанна тIехь ду а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG