ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Килсана тӀелата кечлуш бара? ГӀалгӀайчохь керла лецарш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГӀалгӀайчоьнан коьртачу гIалахь ницкъаллин структурашна тӀелатар дина мила ву ца хуучу стага: цхьа полисхо лазийна. Цул а масех де хьалха Кантышево, Наьсара йарташкахь дӀалаьцнера меттигера 6 вахархо – ницкъхоша чӀагӀдарехь, полицина а, Сунжера керстанан килсана а тӀелатар дан дагахь хиллера уьш. И ши хилам вовшашца боьзна бу йа бац, хууш дац. Цуьнца цхьаьна бакъонашларъярхоша билгалдоккху "террорхойн" бехктакхаман гӀуллакхашеа тIекхача шайн аьтто цахилар, ткъа редакцица къамел динчу эксперташа дуьйцу, и тайпа ницкъаллин структураша луьра лелон кепашна дуьхьал радикализаци алсамйалар кхерам бу аьлла.

Магасехь динчу тӀелатарх лаьцна хууш кӀезиг ду цкъачунна: хааме даьккхина, тӀелатар динчун карахь герз ца хилла, сетал йоцург бохуш. "Маш Гор" телеграм-канало бинчу хаамца, чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан сержантана Хакиев Мохьмадна чевнаш йина, амма цуьнан дахарна цхьа а кхерам бац. Полисхочун накъоста, цуьнан цIе йовзуьйтуш яц- тIелатар динчунна дуьхал герз диттина вийна бохуш хаам бо канало.

Катышевохь а, Наьсарахь а лецарш хилира кхула а кӀира хьалха, марсахьокху-беттан 28-чу дийнахь. Цул тӀаьхьа республикин куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Ӏелас дӀахьедира, меттигера йалх вахархо, Дагестанерчу синагогашна а, килсашна а марсхьокху-баттахь дина тIелатар саннарг дан хьийза хилла аьлла. ФСБ-но хаам бинера, лаьцнарш "дуьненаюкъарчу террорхойн организацин" декъахой хиларх лаьцна, муьлхарг йу билгал а ца доккхуш. Царах кхоъ терроризмна бехкевина, кхин а кхоъ а оьккхуьйтург лелорна бехкевина. Уьш берриш а лецна талламан дехарца.

Ма-дарра аьлча, хьенан тIедилларца, хьан кечдеш хилла тIелатар бохучух лаьцна йуьззина информация ца хиларо, сингаттам кхуллу- комментари йо, шен цIе а цайовзуьйтуш, "Мемориал" бакъонашларъяран центран адвокато: "Цкъа делахь, шерашкахь девзаш ду, дуккха а цунах тера кхоьллина гӀуллакхаш. ШолгӀа делахь, цу кепара гIуллакхашца терроран тӀелатарш дарх а, тӀемалой бу бохучу нахана дуьхьал ницкъ бар нормализаци йарна а кхоьруш, цу тайпа гӀуллакхаш объективехь луьстуш хиларх тешна хила йиш яц".

И тайпа гӀуллакхаш бакъонтIехь луьстуш хиларх догдилла йиш яц

Цул тӀаьхьа ницкъахоша зорбане яьккхира килсана тӀелатар кечдина аьлла, бехке а вина, лецначех цхьаннан видео. Оцу кадрашкахь цо дӀахьедо, ша "Къилбаседа Кавказехь исламан радикализман апологетех цхьаъ волчу Костекский ӀабдуллахӀан лекцешка ладогӀа волавеллира, гӀалгӀайн имамаш эшна хетарна"а, "джихIадан некъ" дIабахьа дагахь. Лаьцнарг муьлхачу хьолехь хилла, цунна ницкъ бина хилла йа ца хилла, хууш дац.

ГӀалгӀайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iалис ФСБ-н релизера информацина тIе а тоьвжаш, йуха а тӀечӀагӀдира, и теракт Дагестанехь динчу тӀелатарийн "кепехь" дан лерина хилар. Хьаькамо бахарехь "радикалан исламисташ" кегирхой Iехош бу, цундела уьш кийча бу шайн доьзална а, низамна дуьхьал бовла. Керстан килстана кечдеш хилла тIелатар - иза Оьрсийчоьнан хьолана дестабилизаци йан гӀертар ду, элира Калиматовс.

Мангалл-беттан 23-чу сарахь ХIинжа-ГIаларчу а, Дербентерчу а килсашна а, синагогашна, цхьана хенахь тӀелатар дира масех герзахочо. И бахьана долуш вийра 22 стаг, шайна юкъахь 16 ницкъаллин белхахо а, масех маьрша вахархо а, 66 шо долу килсан мозгIар Николай (Котельников) волуш. ТӀелатар диначех пхиъ герз тоьхна вийра. ТӀаьххьарчу итт шарахь республикехь уггаре а йоккха теракт йара иза.

Террорхойн "Исламан пачхьалкх" олучу тобанан тийначу дакъошна дуьхьал болх барна меттана, нахана чу гранаташ а, наркотикаш а туьйсу ницкъхоша. Оьрсийчуьрчу юристаша а, бакъонашларъярхоша а билгалдоккху, дукха хьолехь тӀемалой бу аьлла лаьцначара кхелехь дӀахьедо, шайна тIехь юьхьанцара таллам бечу муьрехь, ницкъбина хилар, и и бахьана долуш шаьш бехке ду аьлла тоьшаллаш дина хиларх.

Дукха хьолахь, террорхойн гӀуллакхаш кхоьллина хуьлу, шеконашца лецнарш хьийзабо - Джордж Вашингтонан университете кхайкхина веаначу талламхочо Ильясов Марата дагадаийтира цунах лаьцна, полисхоша ницкъ бинчу нахаца болх бина шен зеделларг хиларе терра, бакъонашларъяран организацешкара аналитика а ялош.

Низамхой  наггахь бен жоьпаллехь бац, гӀуллакхаш харцдарна а, Iедалан бакъонал сов а буьлуш, лаьцнанчарна тIехь ницкъбарна а

"Низамхой Ӏаламат наггахь бен жоьпаллехь бац гӀуллакхаш харцдарна а, лаьцначу нахана тIехь ницъа барна а. Нийсонца таллам бан беза хӀора а цу тайпа гӀуллакхан, амма тахана иза дан йиш йац", - билгалдоккху Ильясовс.

Иштта а къамел дечо дуьцу, терактийн терахь (бакъдолу йа ницкъахоша шаьш вовшахтоьхна) алсамдалар доьзна хила тарло Украинина дуьхьал тӀом болабаларца а, къаьмнийн республикашкара кегийрхой Москвах бозуш ца хила лаарца а.

"Низамхой Ӏаламат наггахь бен жоьпаллехь бац гӀуллакхаш харцдарна а, ницкъах пайда а оьцуш шайн бакъонал тӀехбовларна а Объективни таллам бан беза хӀора а цу тайпа гӀуллакх, амма тахана иза дан йиш яц», - билгалдоккху Ильясовс.

"Украинан хьал чIогIа хилар го царна Оьрсийчоьнан агрессина дуьхьало йеш хиларца, и тӀом къоман автономи а, маршо а йаккха баьлла аьто хета царна. Калиматовца реза ца хила хала ду, Къилбаседа Кавказ уггаре а "экама меттиг йу", амма иштта ду иза, Кремлан колониалан политика бахьана долш, тахана а дӀайхьош йолу", - аьлла, дерзийра шен къамел аналитико.

Тахана ницкъахойн официалан структурех тешам бац, гӀалгӀайн бакъонашларъяран "Машр" организацин куьйгалхочо Муцольгов Мохьмада комментарий йо регионехь нах лецарх лаьцна болчу хаамна: "Ма-дарра долу хьесапаш дан лаахь, вайна массо а агIо йовза йеза, факташ, тешаш болу нехан агIоне а ладогIа деза, зе хиллачаьрга а, церан гергарчаьрга а, иштта лаьцначарга а, амма тхоьгахь йац и тайпа информаци".

Муцольговс чӀагӀдарехь "хаамийн гIирасашкахь, исламана а, мигранташна а дуьхал "информационан компани" чIагIйар (пачхьалкхан Оьрсийчоьнан зорбанаша дIайаьхьна ца Iаш, цара къобал йина), терроризм бусалба нахаца а, Къилбаседа Кавказера а, Йуккъерчу Азера а схьабевллачу бахархошца а йозар, Муцольговна хетарехь, шайн "планехь лелош йолу политикан спекуляци" йу. Цуьнан Iалашонех ду бохура цо, Украинехь бен тIом а.

Бехктакхаман гӀуллакхна а, Наьсарахь а, Кантышевохь а лецначарна тӀекхача аьтто боцуш хиларна, хала ду Iедалан версин мах хадо, тӀечӀагӀдо Къилбаседа Кавказехь болх бечу бакъоларъярхойх цхьаммо, шен цӀе ца йовзийтар дехнера цо.

"Хила тарло, лецначех цхьаболу нах радикалан нехан хьехамшка ладоьгӀна, йа официалан имамашна дуьхьал хилла хилар. Амма провокаци юкъара йаккха йиш йац. Уггаре а тидам тӀебохуьйтуш долу масал ду – "Маша" олу гӀуллакх.

Шаьш агIончаш ду а бохуш, ницкъахоша хаа а хууш, титтина хир бу бехкенаш хьаштдоцур алийта, йа цхьа радикале хIума леладайта, тIаьхьа уьш бехке а бина, лацархьама", - бохуш, чӀагӀдо бакъонашларъярхочо.

Кхерамзаллин ницкъан белхахоша бехкебийраш цхьана Iалашонца тIетитина хила тарло ларамза дӀахьедарш  дайта, йа радикалан гӀуллакхаш дан

Цо билгалдоккху, жимчу стага, ша лаьцна видео тӀехь боху, Костекский ӀабдуллахӀан хьехамашка ладогIар шен гӀалат а, Ӏехавалар а дара . Оцу къамело гойту, мел кӀезга а, цуьнан оцу кепара хьежамаш гIийла хилар – динан радикалан стага шен дуьнене хьежамаш оццул сиха хуьйцуш бац.

ТӀаьххьарчу хенахь террорхойн тохарш лелоран кхерам баккъалла а дикка лакхара бу, бохуш комментари йо "Мемориал" цӀе йолчу бакъонашларъяран центран адвокато. Цунна тоьшалла ду тӀаьххьара "Крокус Сити Холлехь" а, Дагестанехь а, Нальчикехь а, Кхарачой-Чергазийчохь а хилла хиламаш.

Иштачу инциденташна тӀаьхьа мигранташна дуьхьал дечу дӀахьедаршна а тидам тӀебохуьйту къамелхочо: "Ӏедало, оцу хилларшна комментареш йеш, дукха хьолехь бехкевеш верг, цуьна динна а, къомана а тӀе тидам бохуьйту, ткъа Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра кхайкхам бо Пачхьалкхана Думехь мигрантийн низамаш чӀагӀдан деза бохуш”.

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан декъо жоьпалла шена тӀелаьцначу "Крокус Сити Холлехь" тератк хиллачул тIаьхьа, тӀеман а, политикан аналисташа дӀакхайкхийра Оьрсийчоьнан лерринчу сервисийн эшамах, шайлахь хьахийра цара Къилбаседа Кавказехь терроризмца къийсам латтабо шаьш бохуш, кепаш хIиттор а.

  • Оханан-беттан 11-чохь Нальчикан ФСБ-н лерринчу ницкъаша вийра ши стаг: ницкъаллин структураша хаам бира "контртерроран операцехь тӀемалой байина" аьлла. Зазадохькху -бутт болабелчхьана Къилбаседа Кавказехь кхозлагӀа КТО йара иза – хьалхо гӀалгӀайн Карабулакехь вийра 6 стаг, кхин а 4 лаьцнера ХIинжа-ГIалакь а, Каспийскехь а. Регионехь ницкъаллин белхаш жигарбахар доьзна ду "Крокус Сити Холл" цӀийнехь динчу терактца. Ма-дарра дийцича, оцу хиламо къайлахчу сервисийн куьгаш даьстира", бохура Кавказ.Реалиин редакцица динчу къамелехь эксперташа а, бакъоларйархоша а.
  • Оханан-беттан 28-чохь Кхарачой-Чергазийчоьнан Мара Аягы олучу юьртахь ГИБДД-н постана тӀелатар дар бахьана долуш вийра ши полисхо, кхин а 4 ницкъхочунна чевнаш йинера. ТӀелатарна бехке ву аьлла шеко йолу пхи стаг вийра дуьхьал герзаш диттина. Республикехь кӀиранах шолгӀа полицин белхахошна дина тӀелатар дара и. Къилбаседа Кавказехь шина баттахь хиллачух– пхоьалгӀа тIелатар. Цу тайпа инцидентийн терахь 2000-чу шерашкахь хиллачу тӀегӀанна тӀекхача мегаш хилар билгалдоккху аналисташа. Ткъа ницкъалийн структураша, террорхойн "Исламан пачхьалкх" олу тоба декъехь йолуш хилла бохуш, дечу дIахьедарша мел а шеконаш йуьту.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG