ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Килсана тIелатар дан кечлуш хилла аьлла ГIалгIайчоьнан йалх вахархо лацарх дIахьедина ФСБ-но


ГIалгIайчоь, Наьсара
ГIалгIайчоь, Наьсара

ГIалгIайчуьра Наьсара гIалахь а, Кантышево эвлахь а къайлахчу сервисийн белхахоша йалх стаг лаьцна. Уьш бехкебо Сунжера йезачу Покрова Богородица килсана тIелатар кечдарна а, цIе йаккхазчу дуьненайукъарчу террорхойн организаци йукъахь дакъалацарна а.

Лецначара "диверсин-терроран акцеш" кечъйеш хилла боху бакъоларйаран органийн белхахошна а, динан объекташна а дуьхьал. Шаьш карадаьхкинчул тIаьхьа мукIарло дина цара бохуш хаамбо пачхьалкхан ТАСС агенталло ФСБ-на тIетовжуш.

Лецначийн петарш теллина. Официалан информацица, цара йинчу къайленехь къайлахчу сервисийн белхахошна карийна цара шаьш йина оьккхуьйтург, герзаш, цIе йаккхазчу террорхойн организацин символика а, ткъа церан телефонаш чохь гIаланийн а, хьаннийн а хьелашкахь тIом муха бо, лоьлхуьйтурш муха кечйо а хьоьхуш материлаш.

Террорхойн организацихь дакъалацар, теракт йан кечамбар аьллачу артиклашкахула бехкаш дохку лаьцначех кхаанна, уьш лецна чохь совцийна, дийцина Талламан комитето "РИА Новости" агенталле. Вукху кхааннах шеконаш йу бакъо йоцуш герз лелорна, тIелетарш кечдарна а йукъахь хилла аьлла, талламхоша дIахьош зераш ду.

  • Зазадокху-баттахь джиу-джитсун дуьненан чемпион Имагожев Сейд-Iумар лецира ГIалгIайчохь ницкъахоша. Цунах шеконаш йара, цо ДаIиш тобанхойн джихIадхошна гIоьналла латтийна аьлла. Ницкъахойн версица, Имагожевс гIо латтийна хилла гIалгIайн Карабулакехь зазадокху-беттан йуьххьехь вийначу Цуроев Зелимхана.
  • Зазадокху-беттан 22-чохь Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша нах бехачу ГIалгIайчоьнан Карабулакехь тIом бира. Йоьдучу операцихь вийра йалх стаг - Гуражев Iамирхан, Цуроев Зеламха, Цуроев ТIахIир, Чемурзиев Берс, Тутаев Микаил, Баркинхоев Мохьмад. Царех кхоъ лоьхуш хиллера 2023-чу шеран бIаьста полисхошна тIелетарш дина аьллачу шеконашца. Тобанан хьлханча лорура Гуражев Iамирхан, иза вийначул тIаьхьа машанашкахь йаржийра "Исламан пачхьалкхана" ваIда деш йаьккхина видео. Iабдул-Карим аль Ингуши аьлла, цIе тиллинера цунна, ГIалгIайчуьра "Кавказан Вилаятан" эмир а кхайкхош.
  • ХIинжа-ГIалахь а, Дербентехь а православин килсашна а, синагогашна а, ГИБДД-н посташна а шозза тӀелатар динчул тӀаьхьа, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанна гергахь йолчу "Iела-Ӏазим" медиа-центро зорбане даьккхира "Кавказера вежаршка" салам-маршалла далар. Цо лач дIагойту Къилбаседа Кавказера "Вилаят Кавказ" цӀарца девзаш долу гара "Исламан пачхьалкхаца" доьзна хилар. Иштта хьесап дира тӀом толлучу Американ институтан аналисташа. ДАӀИШ-о дӀакхайкхийра Къилбаседа Кавказехь регионан гара шаьш кхолларх лаьцна 2015-чу шеран товбеца-баттахь.
  • Къилбаседа Кавказан федералан гонашкарчу Оьрсийчоьнан президентан векало Чайка Юрийс, зазадокху-баттахь Карабулакехь полисхошна тӀелетарш динчул тӀаьхьа, хаам бира "салафитийн тоба дӀайаккхарх". Мангал-баттахь ХIинжа-ГIалахь а, Дербентехь а, Сергокалахь а килсашна а, ГИБДД-н посташна а тӀелетарш дарна жоьпаллехь бу салафизман мурдаш элира Оьрсийчоьнан ФСБ-н директоро Бортников Александра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG