Сунжа-гӀаларчу килсана герзаца тӀелатар дан кечам бина аьлла, бехке вечу йалх стагах кхоъ дӀахьажийна СИЗО, йаздо "Интерфаксо", Магасан кӀоштан кхелан пресс-гIуллакххошна тӀе а тевжаш. Лецначех цхьаннан 18 шо кхаьчна хилла кху шарахь.
Кхело шина баттана сацийна Танкиев Адам а, Горбаков Саламхан а, Боголов цӀе йолу кхоалгӀа бехкевеш верг а. ФСБ-но хьастагӀа хаам бира Сунжа-ГӀаларчу Сийлахьчу Мариян килсана тӀелатар дан кечлуш хилла аьлла. шеконашца йалх стаг лаьцна аьлла. Талламан комитето билгалдаьккхира, царна йуккъера кхоъ терроризмехь дакъалацарна бехке веш ву, ткъа кхоъ - лело бакъо йоцуш йолу оьккхуьйтург дIайиллина латторна.
Хьалхо "Известиа" газето зорбане йаьккхинера Горбаковга хеттарш деш дIайазйина видео, гарехь, иза ФСБ-н оперативхоша лоцучу хенахь йаьккхина хилла. Цу тӀехь цо йовзуьйту ша вина хан а - цо бахарехь, кху зазадокху-баттахь 18 шо кхаьчна цуьнан. Пачхьалкхан РИА Новости агенталло зорбане йаьхначу кадрашкахь кхечу лаьцначо дуьйцу, Танкиев Адама ша Горбаковна вовзийтинера бохуш – тӀаьххьарниг зӀене ваьлла боху цуьнца инстаграмехь "джихIадана аравала" бохуш, кхайкхамаш беш.
Лецначех лаххара а кхоъ кхиазхо ву, хаам бо Mash Gor телеграм-канало. Республикин ницкъаллийн структурашца гергарло лелочу "Розыск Ингушетия" телеграм-канало а йаздо бехкебечарна йукъахь "кхиазхой" хиларх лаьцна. Иштта цо къастадо, цара "Исламан пачхьалкхана" дуй биъна хилар – ФСБ-н официалан хаамехь, "дуьненаюкъарчу террорхойн организацих" лаьцна а ца дуьйцуш бинера хаам.
Бехкебечарна йукъахь кхиазхой хилар тӀечӀагӀдира республикин куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Ӏалис а– лаьцначул тӀаьхьа цо дӀахьедира, "кегийрхой атта Iехало радикалан исламан идеологийн машанехь", цул тIаьхьа "кийча хуьлу шайн дай-наношна а, доьзална а, низамна а дуьхьал бовла" аьлла.
- Мангалан-беттан 23-чу сарахь ХIинжа-ГIаларчу а, Дербентерчу а килсашна а, синагогашна а тӀелеттера масех герзашца волу стаг. И бахьана долуш вийра 22 стаг, цаьрна йукъахь - 16 ницкъхо а, масех маьрша вахархо а, Дербентера 66- шо долу оьрсийн динан мозгIар а волуш. Ткъа тӀелатар диначех пхиъ вийнера.
- Ницкъхоша вийначу терактехь дакъалаьцначех пхиъ республикерчу Сергокалин кӀоштара орамаш долуш вара. Царех лаххара а шиъ оцу муниципалитетан куьйгалхо хиллачу Омаров Магомедан гергара нах бу. Царна йукъахь ву хьаькаман кӀант Омаров Осман а. Талламчаша чӀагӀдарехь, шен накъосташка ша цхьаъ бен воцу хьалханча ву алий къобалве, шена ваIда а де бохуш, тIедожийна хиллера цо.
- Зазадокху-беттан 22-чохь Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша нах бехачу ГIалгIайчоьнан Карабулакехь тIом бира. Йоьдучу операцихь вийра йалх стаг - Гуражев Iамирхан, Цуроев Зеламха, Цуроев ТIахIир, Чемурзиев Берс, Тутаев Микаил, Баркинхоев Мохьмад. Царех кхоъ лоьхуш хиллера 2023-чу шеран бIаьста полисхошна тIелетарш дина аьллачу шеконашца. Тобанан хьлханча лорура Гуражев Iамирхан, иза вийначул тIаьхьа машанашкахь йаржийра "Исламан пачхьалкхана" ваIда деш йаьккхина видео. Iабдул-Карим аль Ингуши аьлла, цIе тиллинера цунна, ГIалгIайчуьра "Кавказан Вилаятан" эмир а кхайкхош.