Шелара кхело дуьхьало йина нохчийн оппозицин жигархойн, ЯнгулбаевгIеран вежарийн нана Мусаева Зарема хенал а хьалха набахтера арайалийта. Цунна кхел йина курхаллаш лелорна а, полисхочунна тIелатарна а. Оцу сацаман билггал хиндолчу бахьанех а, политикан бухех а лаьцна Кавказ.Реалиина дийцира бакъоларйархоша.
2022-чу шеран гIуран-баттахь долийна дара Мусаева Заремин гIуллакх. ХIетахь нохчийн ницкъахоша лачкъийра иза Лаха Новгородера церан хIусам чу а лилхина. ЦIийндеца Янгулабев Сайдица а, йоIаца Алияца а цхьаьна йехаш йара иза, кхечу пачхьалкхе дIабаха новкъабовларе а хьоьжуш. Кадыровхоша кхерамаш туьйсура церан доьзална, церан воIарша лелочу оппозицин балхаца доьзна.
Полисхойн карахь сацам бара хеттарш дан Мусаева а, цуьнан хIусамда, федералан суьдхо лаьттина волу, тIебалабе аьлла. Курхаллаш лелорах республикехь гIаттийначу гIуллакхца доьзна тешашка санна хеттарш дан тIедалон дезаш дара и шиъ. Сайди лацар ца нисделира церан – Коьртачу прокуратурера а, кхелахойн квалификацин лаккхарчу коллегера а бакъо оьшура царна. Эххар а Нохчийчу дIайигира цхьа Мусаева Зарема.
Мачаш тIейуха а, тIехула йуху бедарх катоха а ца йитира иза, иштта схьа ца эцийтира диабет токхучу цунна чIогIа оьшу инсулин а. Ницкъахоша некъаца эцна хиллера цунна и препарат, кхо масийттаза латкъамаш динул тIаьхьа. Кхелехь дийцира ишта Мусаевас.
Соьлжа-ГIалахь иза бехкейира цхьахволчу меттигерчу полисхочух летта аьлла. Дуьххьара аьтто хилира адвокатийн цунна тIекхача иза лаьцна ши кIира даьллачул тIаьхьа. Цунна дIасайалар доьхкуш кхело сацам бовзуьйтучу хенахь дог вон хилла охьайоьжнера Мусаева.
Оьрсийчоьнан низамашца, диабет а, цуьнца цхьаьна кхин а лазарш долу нах гIуллакх листина даллалц изоляторе хьажош дац. ХIунда аьлча, цигахь царна оьшу дарба лелон таро йоцу дела, билгалдаьккхира цуьнан кIанта, бакъоларйаран жигархочо Янгулбаев Абубакара.
Адвокатан Немов Александран дешнашца, аьхка цара тIедожийна хиллера Мусаеван могушалла толлуш, шуьйрра зераш дар: эксперташа тIечIагIдира цуьнан дегIапца лазарш хилар, амма жамI дира, оцу лазарша новкъарло йийр йац цунна СИЗО-хь аьлла.
"Оцу доьзале хьоьжуш йа набахте йу, йа лаьтте йу", - йаздира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь Мусаева лаьцначул тIаьхьа. Цо ишта дIахьедира ЯнгулбаевгIеран хьокъехь ницкъахоша "низамца а, дагабевлла а оперативан барамаш" дIабаьхьна аьлла. Цо къайла ца даьхьира, жигархойн нана лацаран билггал долу бахьанаш.
"Йуьхь тIе мIараш тийсира"
Нохчийн ницкъахойн версица, Соьлжа-ГIалахь Мусаева тIекхеттера полисхочунна Абдулхамидов Мохьмадана, цуьнан йуьхьа тIе мIараш а тосуш. ТIаьхьо и бакъ ца дира йозуш йоцчу экспертизо, ткъа йуьхьанца дуьйна, цуьнан могушаллина дина боху зен дайн ду баьхна криминалист, бюрора дIавелира балхара.
Оцу гIуллакхехь возуш воцчу эксперто Безбородов Алексейс элира кхелехь, ницкъахочун йуьхьа тIера кIомарех нийса охьайаздина дацара, ткъа и кхартанаш мичара девлла а хууш дац аьлла.
Шена дохкуш доллу бехкаш харц до Мусаевас, иза къар ца ло, ша тIелетачу хьолехь а йацара, хIунда аьлча, лачкъийначул тIаьхьа сица а, дегIаца а хIоьттина йара ша аьлла. Кхелехь барт хоттучу заманчохь цо дIахьедира, шен гIуллакхехь волайнхо ву бохуш, вуьйцу полицин белхахо шена вевзаш вац, ша тIелетта бохучу хенахь иза кабинет чохь ван а вацара аьлла.
Курхаллаш лелийна аьлла, буьллучу бехкан бухахь дара оццу артиклехула таIзар динчу Нохчийчуьра йахархочо дина мукIарло. Янгубаев Абубакара дIахьедира, "полицица берта йаха" реза хиллера иза – цуьнан нана Соьлжа-ГIала дIайигинчул тIаьхьа оцу зудчо хаамбинера, Мусаевас кредиташца нах Iехон схема хьийхира шена аьлла.
"Iазапашна дуьхаьл Командин" бакъонашларйархоша масийттаза дIахьедора процессехь харцонаш лелорах, гIуллакхехула тоьшаллаш цахиларх а. Масех кIиранашкахь адокатана Немовна дуьхьало йора ша Iалашван тIелаьцначунна тIекхача.
2023-чу шеран товбеца-баттахь Соьлжа-ГIалара кхело Мусаевана хан кхайкхийра пхеа шарна а, эхашарна а чохь йаккха. Апелляцихь таIзар дайдира – йукъарчу рожера колонихь йаккха тоьхна хан хийцира колони-поселени олучуьнца, ткъа хан эхашарна охьайаьккхира.
"Бехк тIе ца лаьцна"
Кху шеран гIадужу-баттахь адвокато Савин Александра дехар дира хенал а хьалха, тоьхна хан цIахь йоккхуьйтуш Мусаева маршайакхахьара аьлла. Цунна дина таIзарш дац, цо къепе ца йохийна, ша йуьжу меттиг а цIена латтабо аьлла, билгалдаьккхира кехата тIехь.
ХIетте а колонин куьйгалла дуьхьал хилира. Мусаеван "шантаже лелар" ду, цо йа бехк тIе а ца лаьцна, кхетош-кхиорах лаьцна ден къамелаш а башха тIе а ца оьцу, йаздира тобанан кхетош-кхиоран белхан куьйгалхочо. "Шантаже лелар", кхетош-кхиоран хIун къамелаш дуьйцу, цо билгал ца даьккхира.
Суна хIетал-метал ду, банкана дIайала йеза хIун компенсаци йу йуьцург
ГIуран-беттан 12-чохь кхело УДО йала дуьхьало йира. Кхеташонехь суьдхочо дIадийшира "ОТП-Банкан" дуьхьалойар – волайнхо ву аьлла хьалхаваьллачу цуьнан векало къамел дира курхаллех долчу гIуллакхехь. УДО цунна ма ло бохура банко, хIунда аьлча, "дина зен меттахIотторхьама, цо дина хIуммаъ дац" аьлла, дийцира "Iазапашна дуьхьал Командехь".
Савина бахарехь, и документ цунна дагахь доцург хилира: " Суна хIетал-метал ду, банкана дIайала йеза хIун компенсаци йу йуьцург. Хьалхарчу инстанцин кхеле йуха а йеана, шена динчу зенах дIахаийта лиъна-кх банкана. Ткъа хIинца, УДО-хула иза арайаккха тхо хьийзачу хенахь, - низамаца и дан йиш йац".
Тоххара банко ца бехира, хилла зен Мусаева Зареме такхийта лууш ду шаьш, тIетуьйхира къамелдечо.
"Йохка-эцарш лелон бух бац"
Хенал а хьалха шена арайала пурба лур доций, хууш йара ша аьлла Мусаевас. Цунна латкъам бийр бу ша аьлла, билгалдаьккхина цо.
УДО йеллехь а, иза йерриг а маьрша йоккхур йара бохург дац иза, бохура цуьнан кIанта Янгулбаев Абубакара, хан текхна йаллалц Нохчийчохь йиса йезара шайн нана аьлла.
"ТIе а оьхуш, куьгйаздан дезар дара цуьнан, маса иза цу чуьра арайоккхийла тхан хир дацара. Делахь а, шен цIахь хир йара иза, лоьрашна тIекхача а аьтто болуш. ХIинца УДО-на дуьхьало йар, цунна дарба лело ца магийтар санна го суна", - тешна ву Янгулбаев.
Цунна хетарехь, нагахь санна, "юристаша леррина, гал а ца бовлуш болх бахь", Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело цуьнан нана хенал а хьалха арайалийта бакъо луш сацам бан тарло.
Кхечу кепара хьажам бу "Тутмакхашна гIортор йар. Мемориал" бакъоларйаран проектан куьйгалхочун Давидис Сергейн. Оьрсийчоьнан пенитенциаран а, кхелан а системаш къинхетаме йац, могIарерчу нахана УДО йаккхар – коррупцин схема йу: администрацица йукъарлонаш лелорна кхаъ баларан кеп, йа кхаъ белла маьршавалар. Политикан тутмакхаш царна УДО йала чубухкуш бац Iедалхоша".
Политикан тутмакхаш царна УДО йала чубухкуш бац Iедалхоша
Политикан тутмакхашна тIаьхьабийлар – пачхьалкхан цхьана Iалашоне гIортар ду, кхин дIа дуьйцу Давидиса: "Нагахь пачхьалкхо низам цкъа дохийнехь, оцу стагана бехкзуламан жоьпалла тIе а дожош, бух бац уьш низамехь лелар бу, цара къинхетамалла а гойтур йу, цо УДО йоьхучу заманчохь аьлла".
Масална хьахийра цо нохчийн бакъоларйархо Титиев Аюб хенал хьалха аравалийтар. Давидисана хетарехь, къинхетаме хилар дацара иза, апелляиц йан дуьхьал хиларна а, оцу хенахь пачхьалкхан критикаш мел а жигара бовларна а дара и. Кхелан процесс йоьдучу заманчохь Нохчийчу дуккха а Оьрсийчоьнан йукъараллин векалш богIура: дипломаташ, бакъоларйархой, журналисташ, Оьрсийчоьнан Iедалан негативе имидж гойтура цо. И ойла жимма а лахйархьама, уьш реза хилира иза аравалийта, бохура цо.
"Оцу хенахь Iедалхошна Iаткъам бен гIирсаш болуш бара, кхин хенаш а йара уьш. Шуьйра тIом болийначул тIаьхьа хьал дуккха а эшна гуш ду- кхин лартIера даьлла ца хиллал. ХIинца хIокху Iедалан имидж талхайойла дац – кхин эшна хьал гур а дац. Цундела йохка-эцарш лелон цхьа а позици йац",- дерзийра бакъоларйархочо.
- Мусаева лачкъийча Оьрсийчохь резонанс хилла ца Iаш, цул арахьа а хилира. Цунна тIехIоьттира бакъоларйаран Civil Rights Defenders организаци а. Мусаева лацар – Кадыровн критикашна а, церан гергарчарна а тIаьхьабийларан дакъа ду, дIахьедира бакъоларйархоша. ЯнгулбаевгIеран нана маьршайаккха аьлла, кхайкхам бира Евроберто а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто а, ткъа Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело декхарейира Оьрсийчоь, хIора шина кIиранчохь цуьнгарчу хьолах лаций шайга хаамбан.
- Бакъоларйаран "Политикан тумакхийн гIо латтор. Мемориал" тобано политикан тутмакх лерира Мусаева Зарема. Бакъоларйархойн дIахьедарехь билгалдаьккхира, цунна тIаьхьабовлар "тида тарло церан доьзалера божарий цIа бахкийта, шайн цабезамца царна бекхам бархьама, закъалте эцна" аьлла.
- Бакъо йоцуш федералан суьдхочун хIусамнана лачкъийна йигарх вистхилира Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарь Песков Дмитрий. Фантастика йу элира цо хилларг, цо дIахьедира, Кремлехь "цунах тешаш бац" аьлла. Ткъа Нохчийчоьнан куьйгалхочо ЯнгулбаевгIар терроризмана бехке беш дина гIовгIане дIахьедар, Песков Дмитрийс Кадыров Рамзанна "шенна хетарг ду и" аьлла, дерзийра. Шена догIучунна Талламан комитетана цхьа а бахьана ца карийна, массарна а хазош депутато Делимханов Адама тийсина кхерамаш талла.