ГIуран-беттан чакхенгахь аннекси йинчу ГIирмехь ресторанехь летарна дIалецира Кадыровн Рамзанан уллера стаг, оккупаци йина йолчу Украинан Херсонан а, Запорожан а кIошташкахь цуьнан "векал" хIоттийна волу Ибрагимов Хьасан. Цул а масех кIира хьалха телеграм-каналашкахь хаам баьржира, лаккхара даржашкахь болу кадыровхой Iаш хилла йолу Мелитополера садаIаран база йохийна аьлла: беллачийн терахь Украино 200 стаг ву боху, тIаккха Оьрсийчоьно – шиъ.
Боьдучу тIеман хьелашкахь оцу хаамийн бакъ хилар талла хала ду. Амма, Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа бахарехь, оцу хиламо йуха а тоьшаллаш до, кадыровхой тIеман тийсдаларшна генабевлла Iаш хиларна, тылехь шайн низамаш дIахIиттош хиларна а.
ГIуран-беттан 26-хь Baza телеграм-канало хаам бира, аннекси йинчу ГIирмехь виъ лейтенант а, нохчийн СОБР "Ахмат-н" буьйранчан гIовс Ибрагимов Хьасан а дIалацарх лаьцна, тIаьххьарниг оккупаци йина йолчу Украинан Херсонан а, Запорожан а кIошташкахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан "векал" хIоттийра и хилале цхьа де хьалха.
Журналистийн хаамашца, ницкъахой Симферополе кхечира, дийцарехь, керла машен эца Iалашонца, Iаьржа Toyota Land Cruiser. Сарахь "Монро" ресторане бахара уьш – кхаа хьастана тIе а тевжаш, канало хаам бо, оцу компанехь Ибрагимов Хьасанах тера волу стаг меттигерчу зудчунна тIекхийда волавелира. Цуьнан жимастаг гIо даккха гIоьртира – тIаккха урамехь кадыровхочо шен жIаьлеш цунна тIехийцира, йуха ницкъахоша йиттира цунна бохуш дуьйцу.
ТIаьхьо Baza канало оцу ресторанан уллерчу камераша дIайазйина видеош арахийцира. Хьехийна жIаьлеш оцу видео тIехь дац, амма гуш ду, эскархойн духар доьхначу кхаа стага оцу кIантана цхьаэшшар йетташ. И лаьттахь Iуьллучу йукъанна рогIерчу бахархойн бедарш йоьхначу стага цунна коьртах мийра бетта. Жимачу стаганна тIехIоьттинчу зудчо сацадо и летарш.
Нохчийчоьнан зорбанан министро и "рогIера инцидент" йу аьлла
Ибрагимовс шен накъосташца вевзаш воцчу кхин а шина стагана йиттина боху, и хилам видео тIе дIабазбина. ТIаьхьо цхьаволчу кадыровхочо меттигерчу Сейдасметов фамили йолчу ППС-н бехахо ницкъахой дIалаца иза гIоьртича цунна шена тоьхна хиллера, йаздо Baza канало. ГIирсо бахарехь, цул тIаьхьа Симферополан Киеван кIоштерчу талламан декъе Ибрагимов Хьасан а, цуьнан виъ белхан накъост а валийра: Абдулаев Артур, Тадушаев Суламбек, Товсултанов Мохьмад, Азизов Шемал а.
Нохчийчуьрчу Iедало тIечIагIдира, зорбанан министро Дудаев Ахьмада "рогIера инцидент" аьлла йолчу конфликтан декъашхо хилла Ибрагимов.
"Цхьамма цхьаннена арз ца дина, цхьа а чу ца воьллина, ур-атталла зен хилларш а бац. ХIаъ, цхьа жима рогIера инцидент йара и, и меттигехь йирзина. Кеп-кепарчу питанчаш йаьссачу меттехь питана даржо гIерта", – цитата йо Дудаевна "Грозный-Информ" гIирсо.
ТIаьхьо "Грозный" телеканало шеца Ибрагимовца видео арахийцира – цо а дIахьедира, "дов меттигехь дирзина" аьлла, тIаккха ша дIалацарх а, полице арз дарх а болу хаамаш фейкаш йу аьлла цо.
Амма, Baza телеграм-канало йаздарехь, Iедалан белхахочунна дуьхьал ницкъ бар бохучу артиклехула таллам болийна талламан комитето, амма кадыровхоша лелийначунна тIехь цхьа а низамца ца догIуш хIума ца карийна. Оьрсийн Iедало официалехь и хаамаш тIе ца чIагIбо. Севастополехула йолчу талламан комитетехь Кавказ.Реалиин редакцино телефон йиттича жоп ца делира.
СОБР "Ахмат-н" буьйранчан гIовс Ибрагимов Хьасан оккупаци йина йолчу Украинан дозанашкахь Кадыровн "векал" хIоттийра гIуран-баттахь. И хIотторах лаьцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен телеграмерчу каналехь дийцира – цо цунах бакъволу патриот, "командан хьакъволу векала" аьлла. 2020-чу шарахь Ибрагимовна Нохчийчоьнан лаккхара совгIат делира – республикан куьйгалхочун ден Кадыров Ахьмадан цIарх орден.
Амма Кавказ.Реалиин редакцина карийра Соьлжа-ГIалин Ленинан кIоштан кхелан сайтехь республикан Веданан кIоштан Теза-Кхалларчу вахархочунна Товсултанов Мохьмадна 2018-чу шарахь йинчу кхелах лаьцна хаамаш – дуьйцура, иштта цIе йолу стаг ГIирмехь хиллачу конфликтан декъашхо ву бохуш. Кхо шо хьалха Товсултановна кхел йира, тIех сов барамехь наркотикаш лелорна – кхелан сацамехь дуьйцу, цо акхакхуьу кIомал а йаьккхина, цуьнан дакъа дIадиллина лелийна бохуш, и карийна полисхошна. Товсултановна арахь даккха шо хан тоьхна.
ГIирмехь летта волу Товсултанов а, хан тоьхна волу стаг а цхьаъ вуйла билггал къаьсташ дац.
"Таллархочун садаIар"
ГIуран-баттахь Мелитополехь кадыровхой чохь Iаш бу боху база йохийра. "РИА Мелитополь" зорбано йаздира, гIуран-беттан 10-хь украинхойн агIоно "Таллархочун садаIар" базана тохар дина бохуш, и тIечIагIдира оккупаци йинчу Запорожан кIоштан губернатор ву бохучун декхарш кхочушдеш волчу Балицкий Евгенийс. Ши стаг вийна, 10 лазийна, кхо стаг дарбан цийне вига дезна бохура цо. Амма Мелитополан мэр волчу Федоров Ивана 200 гергга стаг ву аьлла вийнарг.
Талораш лелийна бохучу хаамашкара а гучудолура, цигахь кадыровхой хилар
Украинхойн зорбанаша хаам бира, байъиначарна йукъахь аннекси йинчу ГIирмера Нохчийчоьнан куьйгалхочун векалан гIовс Саидов Мурад ву аьлла. Амма йохийначу базина уллехь видео дIа а йазйина, и хаамаш харцбира цо. Тохар диначул тIаьхьа оьрсийн цхьаволчу эскархочо йаьккхина йолу видео арахийцира "РИА Мелитополь" зорбано – йохийна гIишлонан барам а, лазийна эскархой а бу цу тIехь гуш. Мелитополера база аьттонашца йоьттина хилла, бохуш дуьйцу – ресторан, сауна, лакхара, лахара тIеман чинаш хуьлу кхузахь, боху. Мелитополь а, къаьсттина "Таллархочун садаIар" база а 70 километр генахь йу тIемаш доьлхучу фронтана.
БIаьста оккупаци йира оцу украинхойн гIалина оьрсийн эскархоша. Кадыров Рамзанан хаамашкара доцург, кхузахь нохчийн эскархой хилар гучудолура талораш лелийна бохучу хаамашкара а. Масала, кху шеран бIаьста кхузара лачкъийна йолу йуьртбахаман техника Нохчийчоьнан Заки-Эвлахь гучуйелира, Соьлжа-ГIалина гена йоццуш. Техникан мах 1,5 миллон евро бара, GPS-маякашца гучуйевлира машенаш. Амма цаьрга болх байта аьтто ца хилира церан – комбайнашна геннара дIа блок туьйхира.
Украине чугIортарехь кадыровхоша дакъалацарх лаьцна хаттар а дара дийцре деш. Нохчийн эскархой массо хенахь тIеман хьалхенехь бу, цара шаьшша ала мегар долуш украинхойн йарташ схьайоху бохучух меттигера бахархой тешо гIерта Нохчийчуьра официалера Iедал. Цунах лаьцна, масала, шен шен гIуран-беттан 29-хь хиллачу эфирехь дIахьедира Кадыров Рамзана.
Амма дуккха а эксперташа а, журналисташа-талламхоша а чIагIдо, нохчийн спецназан белхахой тылехь бу, шаьш жигара тIемаш до бохуш хIиттийна видеош йоху цара. Масала, "Слідство.Інфо" зорбанан журналисташна гучудаьлла, Мариуполь схьайоккхуш йу бохуш йаьхначу видеон доккха дакъа оцу гIалин оьрсийн дозанна уллера цхьана кIоштехь йаьккхина йу. Церан хаамашца, кадыровхоша "тIемаш деш" йу бохучу меттигашна йуккъера меттиг цхьа километрал сов ца йолура. Кхечу информацица, кадыровхоша тIамехь загрядотрядийн кепехь дакъа лоцу – кхинболу эскархой тIеман тийсдаларшка ца идийта гIерташ хьийза уьш. Боьдучу тIеман хьелашкахь и хаамаш бакъ хилар талла аьтоо бац.
Шейх Мансуран цIарх йолчу нохчийн батальонан хаамийн сервисан куьйгалхочуьнга Чеченский Богдане комментарий йехна Кавказ.Реалиин редакцино. 2014-чу шарахь дуьйна Украинан байракхна кIелахь тIом бо оцу эскаран тобано, хIинца а лаьтта уьш Украинан гIаролехь – уьш а, церан буьйранча а волу меттиг йийциначунна миллион доллар кхаъ дIалур бу аьлла, дош делла Кадыровс.
Чеченский Богдана дийцина, уггар чIогIа тIемаш тахана Бахмутан эвлахь дIахьош бу – батальонан солдаташна цигахь кадыровхой гина бац.
"Оьрсийн-украинхойн фронтан шина декъехь йу тхан батальон: цхьа дакъа украинхошца Херсонехь къепе латтош ду, ткъа шолгIаниг, коьрта дакъа украинхойн эскарца Бахмутехь ду, цигахь карарчу хенахь къиза тIемаш ду. Йа Херсонехь, йа Бахмутехь тхуна уьш гина бац. КIорггерчу тылехь уьш бу аьлла хезна тхуна. ТIейогIучу хенахь Мелитополь а, Токмак а маьршайаккха дагахь йу украинхойн коьрта штаб. Цаьрца [кадыровхошца] цхьанакхетар ду тхо аьлла сатуьйсу оха, нагахь санна, уьш оцу хенахь Ростовн махка дIа ца болхахь", - аьлла Чеченский Богдана.
Ши Iалашо
Нохчийн эскархой доккхачу декъанна тылехь бу боху хаамаш тIечIагIдо политикан Iилманийн докторо, "Центр гражданских свобод" цхьакхетаран эксперто, Украинехь оьрсийн эскаро лелош долу зуламаш дIайаздеш йолу пачхьалкхан йоцу "Евромайдан SOS" цхьанакхетарийн дакъашхочо Савва Михаила. Оккупаци йина йолчу Украинан Донецкан, Луганскан кIошташкахь бу уьш, цуьнан хаамашца.
"Цара ши тIедиллар кхочушдо. Хьалхарниг – баккхийрачу барамашкахь талораш дар. Гайта а гойтуш, меттигерчу хьукматийн гIирс а, кхинболу бахам а Нохчийчу дIахьо цара. Оцу талорийн уггар ирча дакъа – бохкархьама нах лечкъор, ма-дарра аьлча, 90-чу шерашкахь хилла йолу лайнийн базар меттахIоттийна Нохчийчохь. Церан гергарчу наханна и лайш дIаэцар хьоьху. ШолгIа тIедиллар – оккупаци йинчу латтанаш тIехь Нохчийчоьнан низамаш дIахIиттор. Масала, Мариуполь "нохчийн порт" санна лору цара. ХIинцле а цигахь криминалан гIуллакхаш кечдеш ду бохург ду и, тIейогIучу хенахь оцу гIуллакхо дахаран йерриг сферашкахь контроль лело аьтто лур бу царна", - чIагIдо эксперта. Цо аьллачунна документалан тIечIагIдарш дац Кавказ.Реалиин редакцигахь.
Леттачарна таIзар дийр дуй? Со чIогIа шек ву.
Саввас бахарехь, оккупаци йинчу Украинан дозанаш тIехь зуламаш "говзалла" йолчу кадыровхоша леладо, амма церан тобанашка дукха хан йоццуш баьхкинчу нахехь "жимма адамалла йиссина". Цул сов, цо бахарехь, цхьаболу эскархой маьрша бахархой байъарна дуьхьал хуьлу, хIунда аьлча, царна Нохчийчуьра тIемаш дагахь ду, и гуш ду цара вовшашца деш долчу хабаршкара (редакцигахь дац и хаамаш).
"Луганскан къоман республика шех олучун прокуран дарже хIоттийра Дагестанерчу прокуроран хилла волу гIовс Михайлов Глеб, Кадыров Рамзанах воьзна хиларца вевзаш ву иза. Оккупаци йинчу латтанаш тIехь лелийначу зуламех кадыровхошка жоп ца далийтар хир йу, схьагарехь, Михайловн Iалашо. Ала дашна, Симферополехь кадыровхой дIалецарх болу хаамаш бакъ бац. Оцу наха масех зулам дина, уьш маьрша бу, Кадыровн дош цигахь лелаш хилар гойту цо", - боху Савва Михаила.
Шен цIе йовзийта ца лиъначу оьрсийн цхьаволчу политолого Кавказ.Реалиин сайте дийцина, ГIирмерчу нохчийн эскархойн лелар тамашена хетахь а, амма Нохчийчоьнан Iедална иштта ца хета.
"Кадыровс шен телеграмехь "доьналла долчу эскархойх" лаьцна деш долчу дIахьедаршца догIуш даций и? Дера дац! Леттачарна таIзар дийр дуй? Со чIогIа шек ву. И цхьа вон хIума долуш санна цара тIелоцу аьлла ца хета суна – уьш шайн метта дIахIиттийна болу къонахий санна", - боху эксперта.
- Нохчийчуьра эскархойх байъинчу 147 стеган цIерш йевза карарчу хенахь Кавказ.Реалиин редакцина, церан тептар чиллан-беттан 24-хь дуьйна лелош ду оха, иштта Къилбера а, Къилбаседа Кавказера 1907 эскархочун кхалхар а гучудаьлла. Зорбанашкарчу хаамех, Iедалан дIахьедарех, бакъоларйархойн а, тхайн хьасташкара а вовшахтоьхна хаамаш бу уьш. Баккъала долу эшамаш официалехь дийциначул а масехазза дукха хила мега.
- Украинехь меттигер нах байъарна шеконашка лаьцна СОБР "Ахматан" эскархой. Киеван хаамашца, Мусаевс а, цуьнан куьйгакIел хиллачу " эскархоша а рейдаш дIакхоьхьуш хилла, маьрша бахархой кхерош, тIехь ницкъбеш, "ВСУ-ца йукъарло лелор сацадайта гIерташ". СБУ-но бахарехь, цхьайолу рейд дIахьочу заманчохь бехкевечо коьртах тапча йиттина пхиъ маьрша вахархо вийна хилла. Царлахь ши зуда а, кхо стаг а ду.
- Товбеца-баттахь хиира, Нохчийчохь ницкъаллин хьукматаш белхахой ца тоьуш хьийза, ур-атталла республикехь балха хIоттарна официалехь доцу, амма кардала декхаре дина ахча а дIадаьккхина. "Беккъа нохчех лаьтташ йолу" керла полка а, кхо батальон а кхолларца доьзна ду иза: цига дуккха шайн болх беш хилла болу ницкъахой дехьабаьхна.