ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кисана оьккхуьйтург йиллира". Дагестанхойн комментатор лацар а, "аэропортехь хилларг" а


Рабаданов Рамазан
Рабаданов Рамазан

Бакъо йоцуш тIеман гIирс латтош хилла аьлла, бехкевина спортан комментатор Рабаданов Рамазан лаьцна ХIинжа-ГIалахь. Экстремизмаца къийсам латточу центран белхахошна цуьнгахь гучуйаьлла граната а, патармашца цхьаьна тапча а. Гергарнаш тешна бу, ницкъахоша цунна уьш тийсина аьлла: РабадановгIеран цIийнах хьоьвсича ца карийна лело бакъо йоцу хIуманаш.

"Дагестан Iуьйре" каналан авторшца цуьнан уьйр хиларна лаьцна ву иза аьлла хета ницкъахошца зIе йолчу телеграм-каналашна. "Уйташ" аэропортехь къепедацарш лелийначул тIаьхьа Оьрсийчохь лаца кхайкхийра канал лелошверг. Лелачу хабаршца муха дусту официалехь бехкаш дахкар, къастийра тхан редакцино.

Хьехархо, совдегар, комментатор

Советан Iедал долчу заманчохь ЦIунтийн кIоштара Бежкъа эвлана гена йоццучу школехь математика хьоьхуш хилла ву Рабаданов Рамазан. Ткъа 1990-чу шарахь ХIинжа-ГIала дIавахара иза, бизнес лело а волавелира. Йуьхьанца кхачанан сурсаташ йухкура цо, цул тIаьхьа "Iуьйре" цIе йолчу жимачу туьканахь видеокассеташ йухкура цо. Дукха хан йалале Голливудехь йаьхна кинош а, акхаройн Iаламах йолу сюжеташ а шен озаца йийца волавелира Рабаданов. Цо лелориг дезаш тIеоьцура хьовсархоша. Цуьнца цхьаьна жIалеш леточу хенахь комментатор а хуьлура иза. Амма уггар а дика йохкалучех йара цо керла хаамаш буьйцу кассеташ: Ичкерин тIемалойн хьалханчаш Басаев Шемил а, Хаттаб а 1999-чу шеран гезгамашин-баттахь Дагестане чубахкарх лаьцна йаьхна видеош.

Интернетехь дагестанхо гIаравелира 2005-чу шарахь Гитинов Шемал а, америкахо Кормье Даниэль а леташ дIайазйина видео бахьана долуш. Спортан комментатор хила ма-веззара ца лелара Рабаданов Рамазан, цхьа паргIат, эмоцешца дешнаш кхуьйсуш, нахалахь даьржина долу "вабабай" дош а олуш.

Телехьожийле балха кхайкхира иза. Рабадановс дуьйцуш Rings промоушенан турнираш хIиттайора, футболан матчаш, синхронехь нека ден къийсадаларш а дIахьора. Масала, цо комментареш йеш Life каналана Оьрсийчоьнан а, Голландин а футболан Европан чемпионат хилира 2008-чу шарахь.

2019-чу шарахь ХIинжа-ГIалин мэран дарже кхача шен кандидатура хьалхатеттира комментаторо, цунна тIетайра тренер, гоьваьллачу латархочун Нурмагомедов Хьабибан да - Нурмагомедов Iабдулманап а. Амма регистрацих чекхвала аьтто ца хилира цуьнан.

ХIинжа-ГIаларчу аэропортехь жуьгташна дуьхьал къепедацарш лелийначул тIаьхьа, ницкъахоша лецначарна тIетайра Рабаданов, информацин гIортор а йеш царна. Фейсбукера Рабадановн агIонехь бинчу хаамца, царна адвокаташ леца ахчанаш гулдеш а лелла иза.

Лахьан-беттан 7-чохь Дагестанера Йукъараллин тергамчийн комиссин куьйгалхочо Хадулаев Шемала дуьххьара хаамбира телеграм-каналехь, Рабаданов Рамазан лаьцна ХIинжа-ГIалин йуккъехь аьлла. Республикера йукъараллин-политикан хьолах лаьцна дуьйцуш, цу шиммо кест-кеста йукъахь стримаш дIахьора.

"Шен доьзале дийцинера цо, цхьа нах тIе а баьхкина, цара шен кисана оьккхуьйтург йиллира аьлла. ХIинжа-ГIалара ИВС-хь ву иза карарчу хенахь. Цхьа харцо йу хIара! Аэропортехь хиллачуьнца доьзна гIуллакхаш кхелехь луьстучу хенахь, царна тIехь терго латто Ставрополан а, Краснодаран а кIошташка (Коьрта прокуратурин тIедилларца Дагестанера цига дIаделла церан гIуллакхаш. – Редакцин билгалдаккхар) ваха дагахь хиллера иза, цуьнца доьзна ду аьлла хета суна иза лацар", - йаздина Хадулаевс.

Дагестанхойн "Черновик" гIирсо тIаьхьо хаамбира, пхиъ патарма цхьана а болуш, тапча а карийна блогерехь аьлла. РабадановгIеран хIусамах хьоьвсина, оцу йукъанна, гергарчара дийцарехь, магийна йоцу хIуммаъ царна хаайелла йац. Амма дIайаьхьна компьютер.

"Аэропортан гIуллакхан" йилбазмохь

Лахьан-беттан 7-чу сарахь Оьрсийчоьнан Mash телеграм-канало, шен хьосташна тӀе а тевжаш, йаздира, комментатор лацаран бахьанех цхьаъ ду ша интервью йала дагахь йолчу "Дагестанан Iуьйре" каналца цуьнан зӀе хилар аьлла. Изза хаам бира зуламан хроникех лаьцна дуьйцучу "112" зорбанан гӀирсо а: шина а хьосто кест-кеста нахала доккхура ницкъаллин структурашкахь хуьлуш дерг. Официалехь йа чоьхьарчу гӀуллакхийн министралло а, йа Талламан комитето а цхьа а комментарий ца йина стаг лацарх лаьцна.

Рабадановс каналан администраторшца динчу йозанех йинчу скриншоташ тӀехь, чIагIдарехь, иза реза ву эфире вала, амма доьху шена хьалха динчу къамелашка хьажа хан ло аьлла. И корреспонденци зорбане йаьккхинчу хьосташа дийцарехь, цул тӀаьхьа Рабаданов "доттагӀашца дага а ваьлла", сеццера "Дагестанан Ӏуьйре" каналан администраторшкара телефон схьаэца.

Ган а гуш, иштта фальсификацеш лело мегар дац. Ткъа, ишта Iалашо хиллий-те церан?

ХӀинжа-ГӀаларчу Ленинан кIоштан кхело лахьан-беттан 8-чу дийнахь теллина лаьцначунна дIасавалар доьхкуш талламо чуделла дехар. Рабадановн адвокаташа дехар динера кхеле, 63 шо долчу бехкевечун могушаллина тӀе а тевжаш, чохь лаьцна а ца вуьтуш, сацам тIеэцахьара аьлла. Адвокато Хулатаев Омара ишта йовзийтира процессуалан низамаш дохорх лаьцна информаци: лацарх лаьцна кехаташ хIиттийна адвокат а воцуш, ткъа бехктакхаман процессан кодексехь хила дезаш долу документаш йукъаэцна а ца хилла. Суьдхочо Ершов Данила сацам бира Рабаданов шина баттана СИЗО-хь вита веза аьлла.

Бехкевечо кхелехь дӀахьедира кхерамазаллин ницкъаша тӀеӀаткъам барх а, "шайггара" лаьцна хиларх а, ткъа иштта полицино ницкъ барх а. Ницкъаллин структурийн белхахошна дуьхьал бехктакхаман гӀуллакх доладайта хьийза адвокат Хулатаев.

Рабадановна гӀортор йеш президенте Путин Владимире бина видеохаам дӀайазбина Украинина дуьхьал тӀом беш волчу цуьнан кӀанта. Цо хиллачух "низам цахилар" а, "90-чу шерашкахь хилла кепаш" а йу аьлла, пачхьалкхан куьйгалхочуьнга оцу гIуллакхана йукъагIортар дийхира.

"Иза лацаран уггаре а хила тарлуш йолу верси йу - "аэропортан гӀуллакх". Оцу кӀентийн дийцарш дагах кхеттера Рамазанна, царех дукхахберш ларамза цигахь нисбелла хиллера. Билггал и ша цхьаъ вара царна бакъонца гIо кхачон хьийзаш, гергарчаьрца къамелаш деш, адвокаташна ахчанаш гулдеш, - дуьйцу дагестанхойн йукъаралхочо, репрессийн низамаш лелаш хиларна шен цIе къайлайахьар а доьхуш.

Кхин цхьаъ хила тарлучу бахьанех ду боху къамелхочо, республикан куьйгалхошна "чӀогӀа негативан кепехь луьра критика йар", амма, цунна хетарехь, иза "Уйташ" аэропортехь къепедацарш дарна бехкебечарна гӀо дарна бехктакхаман гӀуллакхна тӀетохар бен хила йиш йац.

"Уйташ" аэропортера кема гIоттучу асанехь бу къепедацарш лело нах
"Уйташ" аэропортера кема гIоттучу асанехь бу къепедацарш лело нах

"Дагестанехь бахархоша Ӏаламат негативан агӀор тӀеийцира и дийцар. Оццул гуш лаьтташехь харцонца гIуллакх дуьхьал муха доккхур ду бохуш. Делахь а, и гIуллакх кхочушдечийн цу тайпа Iалашо хиллий-те? Массарна а дIагайта – къепедацаршна бехкебечарна муьлххачу агIор аша накъосталла дахь, шуна а и изза хир ду аьлла".

2023-чу шарахь гIадужу-беттан 29-чу дийнахь масех бӀе Дагестанан вахархочо дӀалаьцнера ХӀинжа-ГӀалара аэропорт, Тель-Авивера транзитан рейсаца баьхкина некъахой лоьхуш бара уьш. Гулбеллачара дуьхьало йира Израило ГIаззехь лелочу гӀуллакхашна, доьхура жуьгтий цу регионера арабахар. Аэропортан гӀишлонна чу а лилхина, кема гIоттучу асанехь дIасабаьржира нах. Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс цкъа хьалха дӀахьедира, "цхьанна а гечдийр дац", амма гӀарабевллачу спортхоша а, муфтиято а оцу нахаца кӀеда-мерза хилар доьхуш, кхайкхамаш бинчул тӀаьхьа, цо шен риторика кӀадйира. Дош делира, цу меттигехь хиллачу массо а стагана "къастам боцуш" таӀзар дийр дац аьлла.

Меликовс дош ма-даллара, данне а ца нисделира иза. Бехктакхаман гӀуллакх девзаш болчу бакъонашларъярхоша а, юкъараллин жигархоша а билгалдаьккхира талламехь нийсо лелийна цахилар: бӀе сов бехкебечарна йукъахь бара къепедацаршкахь дакъалаьцна боцурш а цхьана. ДIабоьлхурш новкъабаха баьхкина, йа цIа богIучарна дуьхьал беаьхкина гергара нах бара, пассажираш аэропорте дIабигина таксхой, геннара цу суьрте хьоьжуш хилларш бара царлахь. ХӀинжа-ГӀалин вахархочо Джамалутдинов Герейс дӀахьедира, ша цу дийнахь шен цӀахь вара аьлла, тӀеӀаткъам бинчул тIаьхьа, ша цигахь вара аьлла хIоттийначу кехатана куьгйаздира ша бохура цо.

Марсхьокху-баттахь Армавиран кхело листира хьалхара гIуллакх – исс шаре гергга чохь йаккха хенаш туьйхира бехкевечу пхеа стагана.

Йозадар зулам санна лерина

"Дагестанан Iуьйре" телеграм-канало билггал цхьа дакъа лецира "Уйташ" аэропортехь къепедацарш вовшахтохарехь, махкара бахархой дуьхьалонан акцешка кхийкхира цара. Ша канал хьалха йоьзна йара Оьрсийчуьра дIавахначу, цхьана хенахь Пачхьалкхан Думан депутат хиллачу Пономарев Ильяца. Къепедацарш хиллачул тӀаьхьа цо ша дӀахьедира, 2022-чу шеран гурахь дуьйна каналан авторш "маьрша бара шех", шен кхин дIа цаьрца гIуллакх дацара аьлла. 2024-чу шеран аьхка Мусагаджиев Ислам бехкевира Дагестанехь каналан урхалла дарна – цунна ши шо хан йелира набахтехь йаккха, массарна а гуш-хезаш пачхьалкхана дуьхьал болх барна.

"Дагестан Ӏуьйре" канало жигара дакъалецира къепедацарш лело деза бохуш, кхайкхамаш беш. Украинехь вехачу экс-депутатца Пономаревца цуьнан тоххара хиллачу уьйро а бакъо йелира махкара Iедалхошна а, Кремльна а, хилларг Украинера схьа гӀаттийна дара аьлла дӀакхайкхо. Оьрсийчоьнан телеграм-каналаша Рабаданов лацар дузу цуьнан "Дагестанан Ӏуьйре" "экстремистийн каналца" зӀе хиларца.

"Цкъа делахь, ас толлур дара, "экстремистийн" канал бохург хIун ду. Йиллинчу хьостанашкахь информаци ца карийра суна, и канал (йа "Чиллан-беттан Iуьйре") иштта йолуш санна къобалйина хиларх", - билгалдоккху адамийн бакъонашларъяран "ОВД-Инфо "проектан юристо Ветошкина Валерияс.

Баккъалла а, ша "Дагестанан Ӏуьйре" канал дӀакъевлина хилла Telegram-ехь – телеграман долахочо Дуров Павела цунах лаьцна ша дӀахьедар дира аэропортехь къепедацарш хиллачул тӀаьхьа. Каналан долахо ву бохуш волу Абакаров Абакар лехамашка велла 2023-чу шеран лахьан-баттахь. Оцу йукъанна Росфинмониторинган экстремистийн материалийн тептарна йукъахь йац "Дагестанан Iуьйре" а, ткъа иштта йац Оьрсийчохь "йихкинчу организацешна" йукъахь а.

Рабаданов Рамазан лацарх лаьцна зорбанашкахь дуьйцучу билггал долчу бахьанех лаьцна аьлча – оцу каналана интервью йала цуьнан ойла хилар ду, - билгалдоккху эксперто. Теорихь оцу кепара лелар криминалехь хила йиш йолуш дара, амма тIаккха кIело йар, йа зулам дан кечамбар хила дезаш дара дуьйцург. Ткъа ша и майда, экстремистийн статус йолуш хила йезара, йа террорхойн организаци.

"ТIаккха а, и тайпа квалификаци вуно чIогIа геннара хIума хир дара. Вовшашца дина йозанаш, суна хетарехь, тоьаш дац стаг жоьпе озо. ХӀунда аьлча, цу тайпачу структурийн гӀуллакхехь дакъалацар - цхьана кепара жигара лелар ду оцу структурийн гӀуллакхаш дӀадахьа" - боху Ветошкинас.

Билгала ду кхузахь, Рабаданов Рамазан цкъа а вац сепаратистийн кхайкхамаш беш къамел дина, иза кхузаманан стаг ву, шен интервьюхь дуьйцура цо "Дагестанан бахархошна кхечу къаьмнел а гергара ду оьрсийн къам" бохуш.

Телхина практика

ТIеман гIирс латторна кхелаш йинчу Дагестанера бахархоша кхелашкахь дукха хьолахь дIахьедо, ницкъахоша шаьш тийсина шайна патармаш, герз олий, ткъа бехкаш тIелоьцуьйтуш кехаташна куьйгаш тIехь ницкъ бой йаздойтура бохуш. ТIаьххьарчу заманчохь цунах лаьцна кхелашкахь дийцира Бегагаев Асламбега а, Чубанов Асефа а, Сардаров Гаджи-Муслима а, Дагестанера килсана а, синагогана а тIелетта аьлла, лаьцначу Магомедов Заура а, Шураев Арсена а, Идрисов Шемила а, республикера кхин а цхьа могIа бахархоша а.

Хасавюртан кӀоштан кхело 2023-чу шеран лахьан-баттахь 6 шо хан туьйхира ХIинжа-ГIаларчу Навальныйн штабан координатор хиллачу Атаев Эдуардана, герз а, лелха хӀуманаш а, наркотикаш а лелорна бехке хилар тӀе а чӀагӀдина. Ша Атаевс тӀе ца дуьту ша бехке хилар, чӀагӀдо и дерриг а шен хӀусамехь таллам бечу хенахь ницкъахоша теснера бохуш. Цо бахарехь, ницкъахоша коьртах тӀоьрмиг а боьллина, тапча а, граната а кара схьаэца бохуш, ницкъ бинера цунна, царна тӀехь пӀелгийн лараш йитархьама.

"Хало ду герз, наркотикаш тесна хилар тIечIагIдан. Цаьргара уьш йохучу хенахь тешаш улло боху, дукха хьолахь полисхоша шайца цхьанхьара балош нах бу уьш, царах боьзна нах хуьлу уьш. Стрессехь волчу стага ларамза катоха йиш йу патармех, йа лело магош йоцу хIума чохь йолчу тIоьрмигах, цунах тоьшаллийн бух хуьлу царна", - дийцира, шен цIе ца йоккхуш, Къилбаседа Кавказехь болх бечу бакъоларйархойх цхьаммо.

Лаьцначун собар тоахь, ницкъахоша лелочу питанах ларвала цуьнан ницкъ кхачахь а, тоьшаллаш шайггара дан йиш йу церан, кхин дIа дийцира цо. Масална къамелхочо хьахийра ГIалгIайчуьра латархочун Хамхоев Альбертан гIуллакх. 2017-чу шеран лахьан-баттахь лецира иза, къизаллица гIело латтийнера цунна тIехь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин экстремизмана дуьхьало латточу Центран белхахоша. ТIаьхьо Хамхоевс дийцира бакъонашларйархошка, кхин тоьшаллаш а доцуш, полисхоша шен масех мас йаьккхинера, ша СИЗО-хь латточу хенахь аьлла. ТIаьхьо цхьа мас карийнера цунна тесначу тапчаца. Цхьа шой ахшой хан туьйхира бехкевечунна герз латтийна аьлла.

Къилбаседа Кавказехь герз а, патармаш а тийсар йукъара даьлла дац, йа тIейогIучу заманчохь а дуьтур долуш хIума а дац. Лецнарш Талламан комитете бийларх а гIуллакх ца хуьлу, цигахь номиналан талламаш бо, амма фальсификацеш лелош болу нах жоьпалле озорах гIуллакх хиллане а ца хуьлу", - аьлла, дерзийра бакъонашларъярхочо шен къамел.

Цхьа наггахь бен хуьлуш хIума дац, шен бехк цахилар Къилбаседа Кавказехь тIечIагIдар. Масала, 2013-чу шарахь прокуратуро бехкзуламан гIуллакх деллийтира Дагестанера Гумбетан кIоштара полицин капитан волчунна дуьхьл, 80 шо долчу пенсхочунна герз теснера цо. Иштта 2007-чу шарахь гIуллакх айдира Каспийскера милцошна дуьхьал а, бакъо йоцуш меттигера вахархо лаца а лаьцна, цунна тIехь ницкъбина, патармаш дара шен дIадехкина алийтинера цуьнга.

  • Ставрополь-махкара Андроповн кIоштан кхело процессуалан низамаш дохийна аьлла, прокуратуре йуха хьажийра бакъо йоцуш патармаш латтийна аьлла, бехкейинчу меттигерчу йахархочунна Ласкина Еленина дуьхьал даьккхина гIуллакх. Цо дIахьедира, шена уьш тесна ду талламо терго латточу полисхочо аьлла.
  • Астраханан кIоштара дукха бераш долчу доьзалан дена Гусейнов Элвин Табриз оглына колонихь йаккха йалх шо хан а кхайкхош, 80 эзар сом гIуда туьйхира Ф-1 граната цIахь латтийна аьлла. Ша бехке вац, ФСБ-н белхахоша шена бух боцуш дуьхьал даьккхина ду и гIуллакх, бехира таIзар динчо. Апелляцихь а, кассацихь а дина таIзар къоьвсира цо, амма цунна дуьхьало йира. Цуьнца цхьана Гусейнов бекево, цунна вевзаш хилла стаг тIемалойх дIакхетта аьлла, шайга хаам ца барна. Оцу гIуллакхехула цкъачунна кхело таIзар кхайкхийна дац хIинца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG