Оьрсийчоьнан къилбехь тIелетарш до ЧВК "Вагнеран" хиллачу йолахошна – марсхьокху-бутт карабеачхьана хууш ду оцу кепара кхаа гIуллакхах. Ростовн хийистехь, луларчу Батайскехь а, Краснодар-махкара Туапсинскан кIоштахь а. Дукхахдолу девнаш Iаржйеллачул тIаьхьа хуьлуш ду тешаш боцуш, полицин версица, "дахаран хьелашца доьзна". Оцу йукъанна депутаташа "йиттинчаьргахьа гIо даккха" бохуш, тIедожадо. Кавказ.Реалиин сайто къастийра, вагнеровхошна дечу тIелатаршна йукъахь уьйр йуй.
Ростовн кIоштара Батайскехь гезгамашин-бетан 3-чу буса Украинерчу тIеман декъашхочунна цхьа тоба тIелеттера. Царех цхьаммо травматикан тапча тоьхнера, йолахочун букъана а, логах а чов йина къайлавелира иза, хаамбира шолгIачу дийнахь регионера чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллехь. Хулиганалла лелорах артиклехь таллам болийра полицино.
Низамашкахь жоьпалле озон беза "СВО-н" (Украинера тIамах иштта олу Оьрсийчоьнан Iедалхоша.- Редакцин билгалдаккхар.) декъахочуьнца хиллачу инцидентана бехкеберш", йаздира регионан губернаторо Голубев Василийс. Лазийнарг хиллера ЧВК "Вагнеран" 28 шо долу Вячеслав цIе йолу декъахо. Цуьнан гергарчара дийцарехь, цо дакъалаьцна Африкехь масех тIеман операцешкахь, тIом бина Украинана дуьхьал, йаздира "Батайское время" ресурсо.
Вячеслава дийцира, шен хIусамненаца цхьаьна "волавала а, хIума кхалла а" парке веанера иза. Болх беш цхьа кафе гира цунна, цу чуьра "кавказхойн хотIера" стаг ара а ваьлла, "чIогIа цавашарца хьаьжнера" кхуьнга. Цул тIаьхьа, цо бахарехь, кафечуьра ара хьаьдда ткъа сов стаг цунна тIелеттера. Уьш шен кочабахкаран бахьана ца дийцина вагнеровхочо
"Кхин а тIе "СВОшник" ву хьо
Чевнаш йинчун нанас хаамбира, тасадаларш хилале хьалха Вячеславна дуьхьалкхеттера цуьнца дешна кIант, цу шинна къамеле ладоьгIуш хиллера оцу цхьаъ бен йоцчу "Клевер" кафечуьра цхьа стаг. Нанас дийцарехь, вевзаш воцчуьнга "Стенна къерза хьо?" аьлла, вагнерхочо хаттар динчул тIаьхьа хиллера летарш. Цул тIаьхьа кафечуьра "ткъа стаг" схьакхайкхийнера цо боху.
"КIантана йетта буьйлабелира. Зоьртала, онда ву иза, когаш тIе а хIоьттина цо аьллера: "КIентий, со тIамехь шу лардеш ма ву". Цара аьллера: "Аааа, цу тIе "СВОшник" а ву хьо, Путинехьа ву хьо!"- дагалоьцу вагнерхочун нанас.
И верси бакъйира адвокато Ревякин Михаила а – делахь а, йа нанас бахарехь а, йа адвокатан дешнашца а гуш дац, тIамах къовсам хилла дов доладеллера аьлла. ХIетте а церан версиш цхьаьнайогIу, "тIамехь шу Iалашдеш ву" аьллачул тIаьхьа герз тоьхна хиларца.
Травматикан тапча тохар камера тIехь гуш дац, хIунда аьлча, дов долийначо Вячеславе аьлла хиллера, уллохь кхин нах а боцуш шеца аравала, цигахь йац хIиттийна камераш, тIаьхьа чIагIдора нанас а, лазийначун накъоста а. Вевзашвоцчо улло а вахна герз тоьхнера йолахочунна, иза вада гIоьртича, цунна букъа тIе йиттинера – ненан дешнийн тоьшалла до букъа тIера чевнаша а.
ЧВК "Вагнеран" йолахо лакха йоьхна хIума а йоцуш гучувелира гIалин Коьртачу дарбанан цIийнан камераш тIехь, шена тIелеттачех цига веддера иза. Йуьхьанца Вячеслав дуьхьал хиллера дарбанан хIусаме ваха, амма шолгIачу дийнахь цуьнан нана тIаьхьара ца йелира, цуьнан дегIаца 13 хIоьънашца йиллина чевнаш гича.
Батайскера паркехь летарш хилла ши де даьллачул тIаьхьа Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре дIахаийтинера. Гезгамашин-беттан 8-чохь лецира герз тоьхнарг, цуьнан гIуллакх хулиганалла лелор аьллачу артиклера хулиганан ойланца стаг вен кIелойар аьлла хийцира.
ТIулгаш, мидалш
Кхул а бутт хьалха кхело лаьцна витира Туапсера виъ вахархо, уьш бехкебора ши стаг верна а, кхозлагIчун дахарна тIекховдарна а. Туапсинскан кIоштара полицин декъехь бехкзуламан гIуллакх айдинчул тIаьхьа тIечIагIдира, вийначух цхьаъ ЧВК "Вагнер" тобанехь хилла вара аьлла.
Дедеркой эвлара хийистехь марсхьокху-беттан 5-чохь дуккха а нах вовшахлийтира. Меттигерчу хаамийн гIирсаша йаздарца, йолахо а, цуьнан доттагI а тIулгаш диттина, вийнера.
Официалан версихь билгал ца даьккхира, стенца вийнера, амма оцу меттигехь даьхначу суьрташ тIехь гуш йу тIулгийн лараш.
Летарш хилале хьалха дов даьлла хиллера вийначу цхьахволчун 19 шо долчу тIететтачуьнца, аьлла тIетуьйхира Талламан комитетехь. Хууш дац, муьлхарниг вара царех ЧВК-хь. Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло нахалайаьккхинчу ориентировки тIехь болчу хаамашца, вуьйцург ву Устян Карен. ТIаьхьо Деренкой эвла йухавеара иза шен накъосташца цхьаьна, хийистехь мостагIийн тоба хаайелира, "цхьанна туьйхира, иштта лата дуьйладелира", дийцира цо ша хеттарш дечу хенахь.
"Деккъа дахаран хьелашца" доьзна дов дара бохуш, Краснодарера чоьхьарчу гIуллакхийн урхалло дIахьедар динашшехь, эвлахь хилла инцидент шен контроле ийцира Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра.
Ростов-на-Дону гIалин хийистехь марсхьокху-бутт бовш тIелатар дира кхин а цхьана вагнерхо хиллачунна, цунах лаьцна хаамбинера ЧВК "Вагнерна" уллорчу цхьана телеграм-каналехь. ТIемалочо латкъамбинера, бевзаш боцчу наха шен пиджак тIера "Майраллина" а, "Бахмутан жижигъохьург" мидалш схьайехира аьлла – "уьш баккъал ца хеттера" царна.
Хьастан хаамашца, вуьйцург ву 58 шо долу Юрий цIе йолу йолахо. Иза ЧВК "Вагнеран" тобанехь эхашарахь лаьттинера. "Проект К" олучарехула кхаьчнера иза цига – иштта олу набахтера вербовка йина Украине хьийсийначарех.
"Кхетон беза, уьш лара безаш хиларх"
Оцу кIелонаш йарехь йукъара тIелетачийн бахьанаш дац, вагнерхойн лелар ду, билгалдоккху ЧВК "Вагнеран" тобанхой дIабоьхкина меттигаш теллинчу Кубанера жигархочо Вотановский Виталийс. Цо бахарехь, Украинера тIамехь дакъалаьцнера аьлла цабезам чIагIлуш хилар цунна хааделла дац йолахойн гергарчаьргахула.
"Къиза а, чам боцуш а лела "Вагнеран" зуламхой, цундела церан леларе терра дуьхьал а агресси лелайо", - билгалдаьккхира цо.
Къиза а, чам боцуш а лела "Вагнеран" зуламхой, цундела церан леларе терра дуьхьал а агресси лелайо
Гезгамашин-беттан йуьххьехь Волгодонскехь гIуда туьйхира харцахьа леларна меттигерчу вахархочунна Русаков Михаилна. Кхелехь цо ша дIахьедарца, ЧВК "Вагнер" тобанера йухавирзина иза шен доттагIца молуш Iара. Русаковс дийцира кхелехь, цхьана мIаьргонехь "цабевзачу нахана хьеха вуьйлира иза, уьш кхечу къомах а бу, иза цара лара а веза аьлла". Боьха мотт лебеш, "лата а гIерташ" дора къамел- полисхоша вовшахбаьхнера уьш.
Ростовн а, Краснодаран а кIошташкара ший тIелатар а тIаьхьо дуьйзира лецначийн къомаца. Батайскехь вагнерхочунна йиттинчул тIаьхьа Пачхьалкхан думин депутато Кузнецов Дмитрийс дехар дира Талламан комитетан урхалхочуьнга "мигранто йиттинчу "СВО-н" декъашхочуьнгахьа гIодаккхар доьхуш. Цо кхайкхамбира, къастийна орган кхолла, "мигранташ ларбаоа Iамор бу цо" аьлла. Туапсехь ши стаг вийча полисхойн дийзира "машанашкахь йаьржина информаци бахьана долуш" къастош билгалдаккха, тIелеттарг Оьрсийчоьнан вахархо ву бохуш.
Оьрсийчоьнан йукъараллехь ЧВК "Вагнеран" йолахошка болу хьежам хийцабелла бохуш, баккъал а чIагIдойла йац билггал хаамаш цахиларна, билгалдоккху политолого Преображенский Ивана.
Бахархойх доккхаха долу дакъа гуттар а дара цаьрца вон
Цунна хетарехь, бахархойн доккхаха долу дакъа даим а вончу агIор хьоьжура цаьрга, ткъа ЧВК-н долахо веллачул тIаьхьа "диллина и дIагайта деза" аьлла хетта.
The Insider ресурсе йолахойх цхьаммо дийцарехь, мангал-беттан 24-чохь Пригожина бунт гIаттийначул тIаьхьа йолахошлахь массо а вагнерхошкахьа "цабезам бу", уьш кхечу тIеман кампанешка дIа а ца оьцу. ГIебарта-Балкхаройчуьра ЧВК "Вагнеран" хиллачу декъашхочун гергарчо гезгамашин-беттан йуьххьехь дийцира Кавказ.Реалиин сайте, "тIаьххьара хиламаш бахьана долуш" ницкъахоша лаьцна меттиг хилахь, ЧВК-ра юридикан а, формалехь доцчу гIоьнах а йаьлла ша.
- Марсхьокху-беттан 23-чохь Тверскойн кIоштахь охьадуьйжира Пригожин Евгений дIасалелош хилла долара кема. Цу тIехь хилла 10 стаг, Росавиацин хаамашца, велира. Урхаллехь чIагIдо, пассажирашлахь Пригожин а, Уткин а, иштта ЧВК "Вагнеран" командираш а, йолахой а бара бохуш.
- 2023-чу шеран зазадокху-марсхьокху беттанашкахь Украинана дуьхьал тIемаш бинчу ЧВК "Вагнеран" йолахоша-тутмакхаша мел лахара а 11 стаг вийна Оьрсийчоьнан пеха регионехь, кхин а диъ адам хьийзийна. Пачхьалкхан къилбера Краснодаран а, Волгоградан а кIошташкахь нах байина, цхьаъ вийна Къилба ХIирийчохь.
- Марсхьокху-беттан йуьххьехь муьлш бу цахуучу наха йиттинера Забайкальен кIоштара Нерчинский эвлара Украинан дуьхьал тIемаш бинчу вахархочунна. И гинчара дийцира, дов даьллачу хенахь тIеман декъашхошка маьхьарий деттара "нах байинарш" бохуш, церан некха тIера мидалш схьа а йохуш.