ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мискаллина йуккъехула хьолалла. Нохчийчуьра доьзалийн кхоалгIа дакъа къоьллехь деха


Ramzan Kadyrov
Ramzan Kadyrov

Нохчийчуьра хIора кхоалгIа доьзал къоьллехь беха, цхьана стагана баттахь 14 эзар сом алапа кара а догIуш. Цунна тоьшалла дира махкарчу Iедалхоша а. Муха хене буьйлу оцу кепара доьзалш Нохчийчохь, КадыровгIеран доьзало оцу йуккъехула гойтучу хьоло хIун гойту, "хала бохкучарна гIо латтор" республикера пропагандин коьрта гIирс а муха хилира, къастийра Кавказ.Реалиин сайто.

Зорбанехь даржийначу зерашца а догIуш, Нохчийчуьра къоьллехь болчу 107 эзар доьзалх (ву и 326 стаг) 104 эзар дукха бераш долуш бу. 52 эзар доьзалехь кхоккха бер ду, 33 эзар доьзалехь -диъ, кхин а 18 эзар доьзалашкахь пхиппа йа кхин а сов бераш ду. Оцу йукъанна царех эханнех (48 эзар) да а, нана а официалехь белхаш беш дац. Баккхийчу доьзалашна йуккъерчу барамехь тIебогIу пайда бу 20 эзар сом.

Документехь билгалдоккху, дукха хьолахь таро йоцу нах бу болх бан хан йолу бахархой (47%) а, бераш (46%) а. Оцу йукъанна халла хене бовлучу пенсхойн терахь ду 6%, хIунда аьлча, дукха хьолахь пенси а, социалан ахчанаш а хене вала тарлучу бараме далийна ду (13,8 эзар сом). Цхьа бер долчу таро йоцчу доьзалашкахь социалан ахча 57% ду, шина бераца – 43%, кхаа, йа кхин а сов бераш долчахь – 27%. Нохчийчохь къоьлла хьоьгучу 35 эзар доьзалехь мел кIезиг а цхьа заьIапхо ву.

2022-чу шарахь Оьрсийчоьнан йукъарчу гайтамел (7,9%) а дикка лакхара ду Нохчийчохь къоьллин тIегIанан зерийн терахьаш.

"Путинан" ахчанаш а, кхаьънаш а

Волонтер волчу Iабдул-Вахьида (цIе хийцина) хIинццалц схьа кхачан сурсаташ дIасакхоьхьура Грозненскан кIоштара хала бохкучу доьзалашна – иштта Кадыров Ахьмадан цIарахчу гIоьналлин фондера тIоьрмигаш а цхьаьна. Ковидан дозанаш тоьхначу йукъанна, массо а гIело хьоьгучу нахана Iедалхоша сурсаташ латтайо бохуш, дIахьединехь а, наггахь бен ца кхочура нахана гIо, билгалдоккху цо.

ХIан, дIайаьхьи аса сурсаташ хIиттийначу тептаршка а хьожуш, тахана йии цара, ткъа кхана хIун дийр ду цара?

"Со керта оьхучу нахехь баккъал а ирча хьал хуьлура. ПВР-аш йу вайн (ханна нах беха пункташ – Билгалдаккхар.), цу чохь Iаш бара уьш. Оцу гIишлошна тIехь Iуналла латтош, уьш тойеш, жоьпалла долу нах бацара… Мекха йоьлла биргIанаш, тесаш, пенаш…Кхачо йоллуш йуьхь-куьг дила а, охьахиъна йуург йааа а меттиг бацара церан. Готтачу хьелашкахь бохкура уьш – йуург йеш, охьабуьйшуш цхьа чоь йара", - дагалоьцу волонтеро.

Наха дуьйцура волонтерашка, шаьш муха хене дуьйлу: лаххара пенси дара цхьаболчийн, вукхарна гIо дора гергарчара, царех дукхахболчара орца доьхура даим гIоьналлин йукъараллашка.

"Ас даим а ойланаш йора: хIан, дIайаьхьи аса сурсаташ хIиттийначу тептаршкара нахана, тахана а, кхана а йии цара хIара, ткъа лама хIун дийр ду цара?", - дуьйцу волонтеро Iабдул-Вахьида Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь.

Итон-Кхелара боккхачу доьзалан нанна Липина тIебогIу пайда бац хене вала хIоттийначу бараме кхочуш а. Исс стагах лаьттачу церан доьзална баттахь тIедогIу ахча хила дезара 103 эзар сом. Делахь а, цо бахарехь, Iедалхой дуьхьал бу цуьнан доьзал таро йоцчийн тептаре йазбан.

Халла тхаьш хене дуьйлу, цхьана а кепара гIо хилла дац

"ВорхI бер ду тхан. Йалх йоI а, цхьа кIант а. Болх, цIеран гIуллакхаш, берашка хьажар, йедда-хьаьдда лела цо… Царна пособи догIу суна, Путинан ахча а кхочу – цунах а хаза гIо хуьлу, делахь а, тоаме дац. Боккха доьзал бара аьлла, Iедало тергоне эцна а дац тхо. Масийттазза йахара со тхайн кIоштан администраци гIо доьхуш, чоьте ца оьцу со цара: къоьллехь болчу доьзалийн категори йукъа ца догIу шу бохуш", - дийцира Липас.

Урамашкахь ноьраш хьоькхуш йу зуда, цуьнан хIусамда курьеран болх беш ву.

"Нахала ца довла, халла хене дуьйлу тхо. Далла бу хастам, да-нана дика ду сан, церан йуьйш-лелош йоккха беш йу, тхуна гIо до цара. ХIинца а царех тийсалуш схьайогIу со", - бохура Липас.

37 шо долчу Шелан кIоштара Мескер-Эвлара Зайнапан лаккхара доьшийла чекхйаьккхина диплом ду карахь, амма бераш бахьана долуш йукъарайийлар дукха хир ду бохуш, официалехь балха ца оьцу иза. Иштта дас-нанас дIатекхош йу иза а.

"Тхаьш хене дуьйлу, цаьргара [Iедалхошкара] цхьана а кепара хуьлуш гIо дац, бакъдерг дийца деза – оха хIуммаъ цаьрга йехна а йац- цхьана а фонде ца девлла тхо. Социалан хьукматашка кехаташ чуделлера оха. Гойту [телехьожийлехь] сурсаташ дIасайоькъуш, бакъду тхан керта стаг веана вац тIаьххьарчу шарахь. Сан алапа 17 эзар сом ду – шина берана дIадоьду нийса ах бохург санна. Цхьаннан йалх шо ду, хIинца а хабар ца дуьйцу цо, могушаллица проблемаш йолуш ву иза", - дийцира Зайнапа Кавказ.Реалиин редакцица тасаделлачу къамелехь.

Цхьанхьа балха хIотта дагахь шен бер могушалла йоцчу берийн лерринчу доьшийле дIадала хьаьжира къамел дийриг. Устрада-ГIалахь бен дIа ца ийцира, иза а цхьана йоццачу ханна.

Дукха бераш долу Грозненскан кIоштара нанас ХIазана дуьйцу, Iедалехь догIуш долу ахча шаьш мел "хала доккху", кхаьънаш дала эшарх ахча хIоттош.

"Кхаа шарера ворхI шаре кхаччалц долчу берашна хIоранна а 12,9 эзар сом ду догIуш, амма и боллу мах хIоттон цхьа а сих ца ло. Шайгарчу калькуляторш тIе пIелгаш деттий, шаьш ахча хIоттадо 25, 50 йа 75 процент олий. Доьзална кхин тIе догIуш рицкъ ца хиларх ахьа даьхьна кехаташ а тергал ца до. Пенсин фондан белхахошна 80-100 эзар сом ахча дала деза ахь, бIе процентана цара ахча хIотториг. БархI шарера 17 шаре кхаччалц долчу берашна а кхачош ду 13,3 эзар сом баттахь – изза ду кхузахь а", - дуьйцу ХIазана.

Адвокат лаца дийзира къамел динчун, шен бакъо толорхьама. 20 эзар сом дIа а эцна, юридикехь кехаташ чу а кхачийна дийнна богIу мах хIоттийра кхунна тIаккха.

Бюджетера диканхой

Оцу йуккъехула Нохчийчуьра Iедалхошна муьтIахь долчу телеканалашкахь саццанза репортажаш гойту, Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо махкара къоьллехь бохкчу нахана гIо дарх дуьйцуш. Масала, 2020-чу шеран оханан-баттахь мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана "сацамбира хIора доьзална гIодан", бакъду, оцу кепара чIагIонаш хIокху 15 шарчохь дукхазза йира цо.

Делахь а, диллинчу зерийн буха тIехь ала тарло, дIасайоькъучу сурсатийн цхьа дакъа,масала, 2020-чу шеран зазадокху-оханан беттанашкахь эцна хиллера бюджетан ахчанах. Пачхьалкхан цIарах оьшург оьцучу сайтехь гуш ду и: Кадыровн фондо гIо деш йоькъу аьллачу сурсаташлахь, - даьтта, дуга, шекар, гарзанаш йу.

Сайтехь йаздина ду, и сурсаташ эцна йу бахархошна социалан гIо латточу комплексийн центрашна йа берийн бошмашна аьлла. Бакъду, йийкъира уьш меттигерчу хаамийн гIирсаша камераш тIе а хьийсош, КадыровгIеран доьзало сагIина луш йу а бохуш. Цуьнан терго йира оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос.

Ахмиллиард сом мах болу сахьтийн коллекци йу Кадыровн

Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелхь демографо Ракша Алексейс "тамашен" ду элира Нохчийчоьнан Iедалхоша зорбане даьхначу терахьийн цхьа дакъа.

"ХIара тамашен ду. Бераш дукха мел хуьлу а, доьзал хала боллуш хуьлура – царан луш долу социалан ахча а алсам хуьлура. Ткъа Нохчийчоь бераш дукха деш хиларца Оьрсийчохь шолгIачу меттехь йу ГIалгIайчоь дIайаьккхича. Оцу регионашкахь бераш дукха до. Ма-дарра къастон деза, стенна, хьанна дала догIу и пособеш, уьш хIиттош хIун хьелаш хила деза", - боху эксперто.

Цуьнан дешнашца, регионалан Iедалхойн статистико ма-дарра аьлча гойту республикехь къоьллица билггал долу хьал, ткъа нохчийн Iедалш "тамаш бу гайтам лахбан гIоьртинехь.

77 эзар хене ваккха йиш йолу кортеж

Нохчийчоьнан къоьллин социалан-экономикан хьолан суьрта йуккъера схьакъеда цуьнан урхалхочун дахаран васт. 2022-чу шарахь Кадыров Рамзана декларацихь 26,5 миллион сом бен ца гайтинехь а, цул а хьалха хиллачул а 14-зза лахара ду терахь, цо а, цуьнан доьзало а лечкъа а ца деш оьхьу хьолалла. Ткъа иза-м ду политикан официалехь долчу алапал а дикка лакхара мах болуш.

Соьлжа-ГIалин йуккъера бешаца йолу резиденци а, масех гIишло а, ха деш латтон къевлина зона а йоцург а, Кадыровн долахь ахмиллиард сом мах болу деза сахьтийн коллекци а йу. Стохка бIаьста цунах лаьцна гучудаьккхира оппозицин политикан Навальный Алексейн командо. Оцу сахьтийн коллекцино 36 эзар стагана баттахь напха латтор дара, йа хIора иттолгIачу мискачу стагана.

"Украинская правда", "Важные истррии" гIирсийн журналисташна карийна Дубайхь Кадыров Рамзанан элитан вилла. Пальмин куьцехь болчу гIайри тIехь ю иза, пхи седа болчу отелашна юкъа а йогIуш. Билггал цуьна болу мах хууш бац, амма оцу кепара цIа лоцург цхьана дийнахь-бусий 3 эзар доллар мах бу.

Хьолаллина Iамийна Нохчийчоьнан куьйгалхо хилла ца Iа, цуьнан гергарнаш а цхьаьна бу. Кадыровн кIантана Адамна а дукхадеза деза сахьташ – 100 миллион сом сов мах бу цуьнан сахьтийн. Кест-кеста гучуволу иза дезачу духаршца, иза хIинцале а гина ву 55 эзар сом доьху Dolce&Gabbana футболка йоьхна а, 30 эзар сом мах болу Burberry-н футболкица а, 170 эзар доьху Louis Vuitton тIоьрмигца а, иштта Gucci бедарш тIехь а: (420 евро (42,6 эзар сом) мах болу майка, 520 (52,7 эзар сом) тударгаш, 1600 евро (162,3 эзар сом) доьху хеча .

2016-чу шарахь Кадыровн вешин кIанта нускал далочохь, "Газета.Ru" гIирсо динчу зерашца, миллиард соьме гIоьртинера езачу машенийн ковра. 22 Wraith и Phantom моделан Rolls-Royce машен яра (шайлахь раритетан I960-чу шарера ши Phantom а йолуш), мел лахара а 30 Mercedes-Benz S-Class автомобиль яра, мел телхина некъ хиларх а, хецна дIайоьду 25 ца кхоччуш ML машен а яра, иштта 20 гергга "Гелендваген" олу машенаш а цхьана.

Оцу машенийн коврех делла ахча тоьар дара Нохчийчуьра 77 эзар стаг батте ваккха. Ткха оццул ду къоьллехь деха бахархойн пхоьалгIа дакъа.

ХIаъ а, сан доьзал таро йолуш бу. Церан машенеаш йу, ахча, массо а хIума ду. Шун хIумма а йац

Кадыровн вукха шича кIентан ловзаргахь 2020-чу шеран гезгамашин-баттахь леррина бера-кема дара гIаттийна, хьешашна тIе зезагийн гIаш дIасадаржийра цо. Политикан муьлххачу гергарчо зуда йалочу хенахь а санна, хIетахь а къевлира некъаш, Соьлжа-ГIалахь дIасаволийла дацара.

Товш дац оццул хьал лелор аьлла, шен оппоненташа бехк баьккхича, стохка аьхка жоп делира Кадыровс. Видеохь диллина дIахьедира цо: "Аша, мотт беттачу хIуманаша дуьйцур дара, сан бераша машенаш хоьхку, церан цхьанхьа машенаш йара бохуш. ХIаъ, сан доьзал таро йолуш бу. Церан машенаш йу, ахча ду, массо а хIума ду. Ткъа шун хIуммаъ а йац"."

Социалан херо

КадыровгIеран доьзалан дахаран моттаргIане хьолалла – Iедална а, кхинболчарна а йукъахь мел херо йу дIагайтар ду, боху нохчийн йукъаралхочо, "Европера нохчийн Ассамблейн" куьйгалхочо Муртазалиев Аслана.

"Лакхахь болчийн йуьхьанца дуьйна а йацара Iалашо махкахь оьшург латтон, шаьш тхо кхобу, тхуна оьшург латтадо ала гIерта уьш, церан декхар и доллушехь. СовгIаташ доькъуш, халкъ дукха деза бохуш, тIехула кеп а хIиттош лелош хIуманаш ду хIорш. Иштта кхуллу идолш а, диктаторш а, иштта охьатаIадо къам. Нохчийчоьнан урхалла дарх йоллу программа кхачам боллуш кечйина а, Iамийна а йу. Культурин а, ламастийн а мехаллаш харцахьа йахар ду хIара", - билгалдоккху Муртазалиевс.

Йукъараллера оцу кепара социалан хадоро могуьйту Iедалхошна бахархошна тIехь урхалла дан, дуьйцу кхин дIа нохчийн жигархочо. Цо бахарехь, Нохчийчохь ши тIом хиллачул тIаьхьа республика "меттахIоттор" йуьхьанца дуьйна а къам къасторан план чоьте а оьцуш, долийна дара.

"Кадыров а, цунна тIаьхьахIиттинарш а шаьш ма-барра гучубовлу, халкъо мацалла хьоьгучу заманчохь шайн хьолалла дIагойтуш. Нохчийчоьнан урхалле хIоттон тарлучу нахалахь, варианташ йара Какиевца а, Ямадаевца а, стенна къастийра Кадыров? ХIунда аьлча, Кадыров – дукха дика вариант йара: шен комплексашца, стешха, принципаш йоцуш…", - дерзийра къамелахочо.

  • Кадыров Ахьмад цIарах йолчу фондана дуьхьала Американ Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло "Магнитскан глобалан актан" бух тIехь санкцеш ю яьхна. Организаци масийттаза бехкейора "шен лаамехь-нуьцкъаха" фондана сагIийна ахча кхехьийта нах декхаре барна, амма Кадыровс и бехкаш тIе ца лоцура. Зорбанан гIирсаша хаамбора, фондан ахча лелор, дайар цIена дац бохуш, Кадыров Рамзанан "альтернативе казна" ю олура иза.
  • 2021-чу шарахь Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо деклараци тIехь гайтира хилла нолан ял а, юкъара хилла пайда а. 2019-чу шарахь фонде, цуьнан урхаллахоша бахарехь, 6 миллиард сом (цул хьалха 2,2 миллиард) кхаьчнехь, тIаьххьарчу шина шарахь гойту цахилар. Фондо зорбане даьхначу зерашца, Iалашонан хьашташна харж йина яц цо. Бовзийтина хаамаш "тамашен" бу коммерцица йоьзна йоцчу организацина элира эксперташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG