ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Коьрта жоьпалла – пачхьалкхана тIехь ду". Кавказхойн меттанаш довр дуйт-те?


Дагестан, Корода эвларчу школера дешархо. Гайтаман сурт
Дагестан, Корода эвларчу школера дешархо. Гайтаман сурт

ЮНЕСКО-н зерашца дуьненара ши эзар ах эзар гергга меттанаш дIадовла кхерам болуш ду, церан тептарехь бу абхазхойн, адыгийн, джухурийн, гIалгIайн, кхарачойн-балкхаройн, нохчийн, хIирийн, Дагестанан халкъийн меттанаш а. Стенна ду кавказхойн меттанаш дIадовчу меттанашлахь? Кегийчу къаьмнийн меттанаш "йукъарадохуш" политика йуй-те Оьрсийчоьно лелориг? ХIара а, кхиндолу а хеттарш дийцаредира историко Вачагаев Майрбека "Кавказан хроника" подкастехь йукъарчу лингвистикехула йолчу филологин докторца Вамплинг Кариница.

Вамлинг Карина
Вамлинг Карина
Вамлинг Карина – Кавказ толлучу кафедрин профессор йу, Лундскан йукъарчу лингвистикехула йолчу философин доктор а, ишта Мальмё университетехь культурин а, йукъараллин а факультетан Кавказ Iамочу декъан куьйгалхо а йу иза.

– Бакъ дуй, Къилбаседа-Кавказан дукхахдолу меттанаш довш ду бохург? Стенца доьзна ду-те и?

– Хьал Iаламат чолхе а, кхераме а ду дуккхаъчу Къилбаседа Кавказан кегийчу меттанашна. Йеххачу заманчохь кхерамехь латта тарло мотт, оцу мIаьргонехь леш бац иза, дIабов иза, тIейогIучу тIаьхьено бийца а ца буьйцуш.

Цхьана Къилбаседа Кавказана уникалехь ду олийла дац хIара, иштта процессаш вайна гуш йу дуьненан кеп-кепарчу мехкашкахь, дукха хьолхаь ишта нисло йахначу заманан колонизацино йитина тIаьхье бахьана долуш. Вайна хууш ма-хиллара, Оьрсийчоьнан империно схьайаьккхира Къилбаседа Кавказ XVIII–XIX-чу а бIешерашкахь, и бохург хIун ду, кхузахь а го вайна колонизацин процесс.

Кест-кеста олуш ду, кегий меттанаш кхиоран таронаш билгалйоху кхоъ коьрта бахьана ду, - демографи а, метан статус а, официалера гIортор хилар а. Вайна хууш ду, Кавказан тIеман хенахь мел дукха халкъашна зенаш хилира, дуккха а нах хIаллакхилира, шайн йарташкара дIадаха декхаре хилира адамаш. Къаьсттина Къилбаседа-Малхбузен Кавказехь, дуьхьало къаьсттина йехха латтийначу, цигахь баккхий эшамаш хилира, къам Османан импери йукъара а долуш.

И доцург а, дуьненан ШолгIа тIеман заманахь махках дехира Къилбаседа Кавказан цхьадолу халкъаш. Дагабахкийта тарло XX -чу а, XXI-чу а шерашкахь Нохчийчохь хилла тIемаш а.

ХIокху доллучун а жамI дича, цхьа хьесап дойла йу: цхьа маьрша даьхкира, Къилбаседа Кавкахера демографин хьолана негативе тIаьхье йуьтуш, и хааделира кегийчу халкъийн меттанаш тIехь историн перспективехь. Кху заманарчу хьоле хьаьжча, меттанаш лардарехь доккха дакъалоцу царна официалехь гIортор йаро – Къилбаседа Кавказехь и йац. Дешаран а, культурин а, хаамийн гIирсийн а сферашкахь гIортор ца йар ду дуьйцург.

Кхузахь вай кхета, кегийчу къаьмнийн тобанийн интересаш коьрта йац таханалерачу Орсийчоьнна.

– Ахьа билгалдаьккхира, кегийчу халкъийн меттанашна колонизацино Iаткъам бо аьлла. Хаа луур дара говзанчана хетарг – стенгахь къаьсттина зен хилла чергазойн маттана: шен дай баьхначу даймахкахь, Къилбаседа Квказехь, йа карарчу хенахь 90 процент чергазий бехачу эмиграцихь?

XIX-чу бIешерашкахь хилла тIом Iаламат чолхе мур бара чергазойн историхь, ламастин меттанийн йукъараллаш вовшахйочу тIе далийра цо, йоккха тIаьхьало йитира цо а.

Советан заманара хене хьаьжча, къаьсттина цуьнан йуьхье, хIетахь коренизацин политика йолуш, - хIара кегий меттанаш кхиорехь дика мIаьрго йара иза.

Эмиграцих дерг аьлча, Туркойчохь схьаэцча, цигахь меттанийн политика репрессе йара, чергазошна а хала дара. Делахь а, хIете а аьтто хилира церан шайн мотт масийтта тIаьхьенашкахула ца бойтуш, ларбан. Оцу агIор аьлча чергазойн диаспора уникале йу. Дукха хьолахь эмиграцихь нах шайн маттах дIахеда кхо тIаьхье хийцича. Ткъа дуккхаъчу чергазаойн нцикъ кхечира бар-исс тIаьхьенехула мотт ларбан.

– Пачхьалкхан дозанаш тIера кегийчу меттанашка йолу дог-ойла муха йу аьлла хета хьуна Оьрсийчоьнан политикан?

– Ассимиляцина тIе хьалхара гIулч йу – ши мотт лелор. Кхачам боллуш ши мотт хьуна хууш белахь, ассимиляцина бух бу иза. Вукху агIор, дуккха меттанаш долуш, Орсийчоь санначу пачхьалкхехь хьо вехаш велахь, йукъара цхьа мотт хила беза вовшашца къамелдан. Иштта йукъара бакъонаш йу уьш.

Ала догIу, тIаьххьарчу хенахь, со кхетарца, Оьрсийчохь чIогIа тIедожийна ду оьрсийн мотт хаар. И оьшуш бу лаккхарчу доьшийле а, квалификаци йолчу балха а нисвалархьама. ЧIогIа хастаме ду оьрсийн мотт хууш хилар, цо вуьгу хIара санначу ассимиляцин процессе. Оцу тIехь бала хьоьгу кегийчу меттанаша.

XIX-чу бIешерийн чакхе, чергазой
XIX-чу бIешерийн чакхе, чергазой

– ДIабовш болу мотт кIелхьарабаккха тарлой?

– Цунах лаьцна дийцарш хилира, масала, адыгхойн маттах лаьцна, Минакова Валериян рапортехь, Американ Цхьанатоьхначу Штаташкахь болх беш йу иза, Пенсильванера университетехь. Цуьнан рапортан цIе йара "Дерриг а доьзалара долалуш ду" – коьрта йукъ йу и.

Дайша-наноша муха тIеоьцу ненан мотт? Кхеташ буй-те уьш, шайн берашна и Iамор мел чIогIа оьшуш ду. Цара и деш дацахь, зIе хедар йу, кхин дIайолчу тIаьхьене мотт дIабалалур бац цаьрга.

13 шо кхаччалц кIорггера мотт караберзабойла ду. Стаг воккха мел хуьлу мотт Iамон корматалла дIайов. Керла мотт Iамабойла ду вай, даккхий долуш, амма бераллехь санначу тIегIанехь Iамалур бац. Цундела Iаламат чIогIа оьшуш ду, дайшна-наношна шаьш дан дезарг хууш хилар, хIунда аьлча, царах доьзна ду дуккха а хIума. МаьIне хир ду иза мотт дийна биссийта а.

Дуккхаъчу дайшна-наношна моьтту, берашна цхьабоса ши мотт Iамо хала ду, шина матто вовшашна новкъарло йо. Ма-дарра дийцича, мелхо а гIо хуьлу: цхьатерра ши мотт Iамочу беран конитиван кхиар а хуьлу.

Пачхьалкхехь хIуъа хуьлуш делахь а, доьзалехь а цхьаъ хила тарло. Шеко йац, кегийчу къаьмнийн меттанашна гIо дарехь коьрта жоьпалла пачхьалкхана тIехь ду. Дуьйцург ду дог айар, мот Iамо дог даийтар. Вукху агIор, чIогIа коьрта ду меттан статусан хаттар а. Нагахь санна хьан мотт йуьртара йа беламе хетахь, тIаккха, хьуна халох хир ду, мотт Iамабан а, цунна пропаганда йайта а нах кхетон.

Матте йолу дог-ойла чIогIа коьрта йу. Доьзал хилла а ца Iа и, дуккха а кхин а бахьанаш ду кхузахь.

– Къилбаседа Кавказера муьлха меттанашна къаьсттина кхерам латтта дIадан?

– Масех бIе стага бен къамел ца до Дагестанера кегий къаьмнийн векалша. И меттанаш баккъал а чолхечу хьолехь ду.

Боккхачу кхерамах лаьцна дийцахь, хьажа деза, кеп-кепарчу тIаьхьенехь маса стага парггIат буьйцура шайн мотт къаьсттина кегийрхошлахь. ПарггIат мотт буьйцурш баккхийнаш бен ца хилча, и гIад дайна хьал ду. Масала, бацбийн мотт, нахийн меттанех лоруш бу иза (нохчийн а, гIалгIайн а меттанаш ду царех. – Билгалдаккхар), оцу маттахь хабар дуьйцуш Гуьржийчуьра цхьана эвлара – Земо-Алвани- нах бен бац.

Дагестанера кхин цхьа мотт ала тарло – удийн мотт, чолхечу хьолхеь бу.

– Къоман идентификалла цхьана маттаца йоьзна йу алар нийса дуй?

– Халкъан тобанашна коьрта хеташ культурин спецификан практикаш йу. Чергазой вай буьйцучу хенахь, хьахадойла йу Адыгэ Хабзэн оьздангаллин кодекс хаарх, хелхарех. Амма матто доккха дакъа дIалоцу халкъан идентификалла дIагойтучу хенахь, хIаъ. Матто дуккха а культурин маьIнаш довзуьйту, кхечу агIор дIагайта йиш йоцу.

Чергазойн тобанаш дIатарбаран карта
Чергазойн тобанаш дIатарбаран карта

– Вайга ладугIучара хоьтту: къастийна лазкийн маттах лаьцна дуьйцийла йуй (лазийн мотт- Iаьржачу хIордан къилбан-малхбален хийистехь бехачу наха буьйцу и, баьржина бу Туркойчохь а, Гуьржийчохь а. – Редакцин билгалдаккхар)?

Цхьа къовсаме терминаш йу хIорш – "мотт" а, "диалект" а. Дукха хьолахь вай ойла ца йо, стенца къаьсташ йу уьш бохучун. Масала, сан ненан мотт - шведахойн бу, амма со атта кхета даттийн а, норгIийн а меттанех, и меттанаш тайп-тайпана лоруш доллушехь.

Маттана а, диалектана а йукъахь къастош доза цахиларан масал ду и. ХIокху хьолехь коьрта ду политикан бахьанаш, шведахой а, даттийн а меттанашкахь санна.

Лингвистикехь боху, кеп-кепарчу меттанашца гIуллакх догIу вайн, вовшашца кхетаме уьш дацахь, ца хуьлчу далахь диалекташ йу уьш.

Лазийн мотт къилба кавказхойн меттанех бу, йа картвелийн тобанех, гергара бу иза, Малхбузен Гуьржийчуьра бахархоша а буьйцу мегрелахойн маттана а. Лазийн мотт масех кепара диалектех лаьтташ бу, уьш а вовшех дикка къаьсташ йу.

Вайна гуш ду, мотт бийцарехь лазийн матто дуккха а туркойн маттера дешнаш схьаэцна. Шен лаамехь мотт лору аса и, мегрелахойн маттаца историхь тера боллушехь. Лазийн а, мегрелийн меттан дуьйцучу наха дуккха а халонаш лайна вовшех кхетарехь. И гуш ду, цуьнан терго йина аса а.

– Картвелийн а, абхазхойн-адыгахойн а меттанаш вовшийн гергара ду боху теори муха хета хьуна?

– И хаттар Iуьллуш ду историкан-дустаран мотт хааран декъехь. Европахойн говзанчаша индоевропахойн меттанаш а, меттанийн доьзалаш а толлучу заманчохь магийна шайна ширачу йозанан меттанашкара дуьладала – санскритан а, ширачу грекийн а. Дустуш дуьйцийла йац кавказхойн меттанашкахь аьлча, хIунда аьлча, йозанан хьасташ цахиларна. Бакъду, гуьржийн мотт бу йозанан хьаста долуш, цуьнан 1500 шо ду ала тарло, амма ишта масалш кхечу меттанашкахь дац.

Суна хетарехь, иштачу кIоргерачу шираллехь йукъарло лехар – историкан-дустаран мотт хааран дозанал дехьа ду. Цхьа йоккха книга йу, ладогIархошна хаа тарло цунах лаьцна, иза арахецна дукха хан йоццуш. Чухуа Мерабан "Гуьржийн-чергазойн-абхазхойн этимологин дошам" йу цуьнан цIе. Оцу жайни тIехь дика досту и хатар.

– Убыхийн маттаца доьзна хаттар. Кест-кеста тIеIоттало хьо, и мотт бац бохучу информацина. Суна сайна дуьхьал кхетта Истанбулехь къона убыхаш, шайн маттахь къамел а до цара…

– ЧIогIа интересе дара оцу убыхойн векалшца цхьаьнакхетар! И мотт лелош берш белахь – цецваллал хIума ду. Суна хетарехь, туркойн лингвисташ цу тIехь болх беш хир бу.

Вуьшта, Эсенч Тевфик лоруш ву и мотт бийцинчех тIаьххьара. Цуьнан кIантана Зекина жимма хаьара убыхийн мотт, йукъ-кара. Амма тIаьхьо суна бевзинчу цуьнан кIентан кIанта а, кIентан йоIа а убыхийн мотт ца буьйцура.

– Истанбулехь йевзира суна оцу къомах зуда, жигара оцу маттана пропаганда йеш йара иза.

"Маттана ревитализаци йар" олу цунах. Бераллехь дуьйна оцу маттахь къамел дан хуурш бацахь, амма оцу маттахь дийцар, йозанаш делахь, и мотт йухаденбан хьийза нах. Амма убыхийн мотт тоххара санна хилийта Iалашоне гIертар хала ду. Делахь а Туркойчохь ишта нах хилар, чIогIа дика кхиар ду!

***

Подкастехь дийцаредина хеттарш кIорггера довза луучарна, хьоьху оха тхайн хьешан болх: "Чергазойн хIоттаман структура. Кавказан талламаш". Дуьненайукъара миграцин а, кегийчу къаьмнийн а йукъамететигаш, Мальмён Университет, 219 агIо. Кумахов М. а, Вампинг К., 2009 шо.

Йазло "Хроника Кавказа с Вачагаевым" подкасте, ладогIа керлачу арахецаре йоллу аудиоплатформашкахь а, ютубехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG