ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къоланаш дарна бехкевен ГIалгIайчоьнан шахьаран мэр хилла Аушев Iусман лаьцна Соьлжа-ГIалахь


ГIалгIайчоь, Магас
ГIалгIайчоь, Магас

Соьлжа-ГIалахь лаьцна ГӀалгӀайчоьнан коьртачу шахьаран Магасан хилла мэр Аушев Ӏусман. Стигалкъекъа-баттахь Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гӀуллакхийн министралло лаца кхайкхийра иза ши миллион гергга ахча лачкъорна бехктакхаман гӀуллакх бахьана долуш. ХIетахь хаам баьржинера, Соьлжа-ГIалара аэропортехь Аушев лаца гӀоьртинера, амма цуьнан аьтто хиллера полицех лечкъина къайлавала бохуш.

Пачхьалкхан РИА Новости агенталло дуьххьара хаам бира Магасан хилла мэр лацарх лаьцна. Дукха хан йалале и информаци тӀечӀагӀйира ГӀалгӀайчоьнан чоьхьарчу гӀуллакхийн министралло. Урхалло билгалдаьккхира, и операци ФСБ-ца а, Нохчийчуьрчу полисхошца а цхьаьна дӀайаьхьна хилар.

Цкъачунна хууш дац лацарх лаьцна кхин дерг. Полицино оцу гӀуллакхах лаьцна бен ца довзийтира. 2023-чу шеран дечкен-беттан 10-чу дийнера чиллан-беттан 6-чу дийне кхаччалц йолчу хенахь Магасехь арахьара ток латтон серий тодеш а, хуьйцуш а, клиент санна болх бечу хьаькамо, контракт йеш лаккхара сметаш хIиттийнера. И бахьана долуш муниципалан бюджетана цо зенаш дина 99 млн сом барамехь.

"Бакъо йоцу гIуллакх динчул тIаьхьа мэра шен лаамехь охьадиллира шегара дарж, цул тIаьхьа ГIалгIайчуьра дIаваханера иза", - билгалдаьккхира МВД-хь.

Аушевна дуьхьал айдина гIуллакх толлуш ду, шена хьулчу пайдена дуьхьа шегарчу бакъонел сов вийлар аьллачу артиклехула. Кхаа шаре кхаччалц чохь йаккха хан кхачайо оцу бехкаца. Оцу йукъанна хаамбора, мэр хилларг курхаллаш лелорна а бехкево бохуш.

"Коммерсант" газето йаздарехь, 2020-чу шеран мангал-баттера- 2023-чу шеран чиллан-батте кхаччалц Магасан мэрин куьйгалла деш вара Аушев Ӏусман. Цул хьалха ГӀалгӀайчоьнан гIоьналлин фондийн ассоциацин президент а, "Рохьма-Ӏинг" фондан куьйгаллехь лаьттира иза. Ишта республикин куьйгалхочун аппарата йукъайогIучу Дайн кхеташонан куьйгалхо а лаьттина иза.

  • Кавказ.Реалии сайто йаздарца, 2020-чу шарахь Аушевс Къилбаседа Кавказан федералан кӀоштийн административан центрашкахь ша болх бечу хенахь, шен белхан накъосташна хиллачул а кIезиг пайда хиллера цунна. Цунна тIедеанчу ахчанан барам бара 348,4 эзар сом. Декларацино бахарехь, хӀетахь цуьнан долахь чу-ара ца баккхалун бахам бацара. ЦӀа а, латтан цхьа дакъа а, "Мерседес" машен а бен кхин хIума йацара цуьнан. 2021-чу шарахь Аушевс 732,4 эзар соьмана са хилла шена аьлла, билгалдаьккхира декларацихь.
  • 2022-чу шеран зазадокху-баттахь Магасан Iедалхоша пачхьалкхан "Юнармия" боламан кхиазхой йукъаозийра "Z" элп тIехь долу байракх бIе метар лекхачу Бертан БIовна тIетоха. И акци дIайаьхьнера гIалин мэро Аушев Iусманан тIедилларца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG