ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Колонира иза арайаккха оьшуш хилар дIахаийтина кхелехь Мусаева Заремин адвокато


Мусаева Зарема
Мусаева Зарема

Тоьхначу хенал а хьалха ша Iалашйийриг маьрша йаккха эшарх вистхуьлучу Мусаева Заремин адвокате Савин Александре ладоьгIна Нохчийчуьра Шела гIалин кхелехь. Мусаева – нохчийн оппозицин ЯнгулбаевгIеран вежарийн- жигархойн нана йу, цунна таIзар дина курхаллаш лелорна а, полисхочунна тIелатарна а. Бакъоларйархой тешна бу, цунна тIаьхьабовлар политикан бух болуш ду аьлла.

Савина дIахьедина, 54 шо долу Мусаева Зарема кху дийне кхаччалц бехкзуламан гIуллакхца доьзна кхеле хIоттийна йацара, ур-атталла административан жоьпаллица а, ткъа иза йаьхначу Лаха Новгородера а, Соьлжа-ГIалара а кхаьчначу кехаташ тIехь иза дика йуьйцу. Цул совнах, кхелан сацамца а догIуш, динчу зенна дуьхьал такха компенсаци тIейожийна бала баьхьна а йац Мусаева, йаздо тележурналистаца Собчак Ксенияца йоьзначу "Кровавая барыня" телеграм-канало.

Адвокато ишта билгалдьаккхина Мусаева могушалла кхин дIа а оьшуш лаьтта – колонихь масийттаза дарбан цIийне охьайиллира иза, хаамбина "Iазапашна дуьхьал Командо". Тоьхна таIзар чохь токхучуьра волуьйтучу лазарийн тептарехь йу инсулинах йоьзна диабет а.

Кхеташонехь ишта къаьстина, УДО-на дуьхьал колонин куьйгалла хилла ца Iаш, курхаллаш лелорца йоьзначу эпизодехь волайнхо лоруш йолу банк а цхьаьна хилар. Финансийн урхаллехь дIахьедира, таIзар динчо деш кIад а дац, дина зен меттахIотторхьама аьлла. Оцу йукъанна адвокато дагадаийтира, Мусаевас лелийначо зенаш дина хиларх кхелехь билгалдаьккхина а цахилар, ткъа оцу гIуллакха йукъа банкера кехат диллар низа дохор ду.

Нохчийн оппозиционерийн нана маьршайаккхарх долчу хаттарехула сацам бовзуьйтур бу Нохчийчохь гIуран-беттан 12-чохь.

  • Мусаева Заремас хан токхучу колонихь кхетош-кхиоран белхан хьаькамо дIахьедина, "шантаж йечу кепехь лела" иза, шен бехк хилар тIе а ца лаьцна цо, кхетош-кхиорах лаьцна ден къамелаш дерриг а реза йолуш тIе ца оьцу аьлла. "Шантаже лелар" бохург хIун ду а, кхетош-кхиоран хIун къамелаш ду а дуьйцурш, билгал ца даьккхина.
  • 2023 шеран товбеца-беттан 4-хь набахтехь даккха пхи шо, ахшо туьйхира Мусаевана. Апелляци йича таIзар малдира - йукъарчу хьелашкара колнихь йаккха тоьхна хан хийцира маьршачу хьелашкахь йолчу колонихь токхуьйтуш, ахшо тIера а доккхуш. Гезгамашин-бутт бовш Мусаева Устрада-гIалара колони- поселени дIайигира. Лахьан-баттахь адвокато латкъам бира сацамна кассацин кхелехь.
  • 2022-чу шеран дечкен-баттахь Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха I5 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна бехке а йира и. Дуьххьара, теше санна хеттарш дан, цу бахьанца Нохчийчу дIайигна а йара.
  • Бакъоларйаран "Политикан тумакхийн гIо латтор. Мемориал" тобано политикан тутмакх лерира Мусаева Зарема.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG