ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къоман геннара безам. Муха ларво Кадыров республикан бахархойх


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Соьлжа-ГIалин урамашкахь меттигера бахархошца рогIера къамелаш дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Делахь а, машанашкахь шортта видеош ю, ишттачу вовшахкхетаршкахь Кадыровн гуоно иза нахах ларвар гойтуш. Республикан куьйгалхочун къомаца цхьанакхетарш муха дIадоьлху а, "къоман безам" – меттигерчу телехьожийлан экранаш тIехь бен хIунда бац а, дийцира Кавказ.Реалиица къамел динчара.

Кадыровн тIаьххьара "кхерстар" нохчин коьртачу гIалин юккъера зезагийн паркехь хилира. Хьаькамаша "Уггара къомехьа волу куьйгалхо Кадыров Рамзан" йозанца зорбане йохучу видео тIехь цунна тIе нах оьху, сурт даккха а, баркалла ала а. Амма Кадыровн тIекхача гIертачу цхьахйолчу яхархочунна новкъарло йо хадархочо. Делахь а, тIаьхьо зудчунна пурба ло цунна тIекхача.

"Къоман куьйгалхо" тIаьххьарчу шерашкахь шортта хиллачу арарчу цхьанакхетаршкахь бахархойх "ларвора". Масала, Соьлжа-ГIалахь суьрташ дохучу юкъанна хадархоша цунна йистехь лаьтташ хилларш сехьатоьттура. Ткъа зуда ялочу тойнехь хелхар деш волу регионан куьйгалхо "кIелхьараваккха" чухьодура нохчийн парламентан хьалханча Даудов Мохьмад.

Гайтаме дара дахначу шарахь "Беноевская весна" фестивалехь хилларг. Яхархочо Кадыровга мохь беттара: "Рамзан, хьан Делан дуьхьа яийта со хьайна тIе, со генара схьаеана яра! Рамзан!" Республикан куьйгалхочун метта, зудчунна тIебоьвдира цуьнан гергара нах – хIинца Соьлжа-ГIалин мэр волу Кадыров Хас-Мохьмад а, "Чеченцементан" куьйгалхо Кадыров Хьамзат а, кхинболу хьаькамаш а. Стегарийн аьзнаш хеза видео тIехь, цара тIедожадо цунна "дIасацар а", "гIовгIа ца йар" а.

Ша Кадыровс а, цуьнан долахь йолчу медиа хьостанаша а билгалдоккху, хьаькаман кхерстарш а, вилспета тIехь хехкваларш а хадархой а боцуш хуьлу, амма баккъала а долчу хьолехь цуьнца машенийн ковра хуьлу.

Кадыров Рамзан схьакхачале герз чуьра зIакарш а, патармаш а схьадохура

Нохчийчоьнан урхалхо, ур-атталла шен куьйгкIеларчу ницкъахошна хьалха а, вуно чIогIа ларлуш лелаш хиларх дийцина "Новая газето" бинчу талламан турпалхочо, Кадыровн цIарах йолчу полкан лакхарчу сержанто Гезмахмаев Сулеймана. Кадыров Рамзан схьакхачале табелан герз чуьра зIакарш а, патармаш а схьадохура.

Хадархой хьашт боцучу, "кхерам байначу" Кадыровн васт нисса дIа факташ хийцарца кхуллуш нисло, тидам бо нохчийн оппозицин блогера Абдурахманов Тумсос.

Иштта, дайначу шеран чакхенгахь хиллачу кхеташонехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, уллохь цхьа накъост бен воцуш, гIо а доцуш, ша гIалгIайн Сурхахи эвла веара цхьадолу гIалгIайн тайпанан хьалханчаца Нальгиев МухIажирца дов къасто (шина республикана юккъехь доза хуьйцуш бина бартана дуьхьала хIоттийначу митингехь Нальгиевс Кадыровх "бежIу" элира. – Редакцин билгалдаккхар). Амма цигахь яьккхинчу ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан репортажехь Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца, цуьнан хадархой боцурш, юххерчу гонера кхин а пхи стаг ву.

"Кадыровхойн Нохчийчохь шена хадархой хIиттор – кхерамазаллин хаттар хиларал совнаха, дозаллин, престижан хаттар а ду. Иза хьан дукха мел хили, Iедалан иерархехь хьан меттиг лекха хуьлу", - кхетадо Абдурахмановс Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь.

Цо бахарехь, тайп-тайпанчу тIегIанашкарчу хьаькамашкахула, иштта Кадыровн гергарчу нехехула а, доттагIашкахула а официалехь доцу дозанаш тоьхна хадархой лацарна а, улле йохучу машенийн терахьна. И бакъо йохийча стаг гуттара г1арол доцуш виса мега.

"ТIаккха уггара дукха хадархой дера бу шен Кадыровн, цхьанне а бакъо яц оцу терахьехь цул а хьалхавала", - чIагIдо Абдурахмановс.

Амма сих-сиха "спектаклаш ца хIиттийча" Кадыровн йиш яц, "къоманна дукхавезар" дIагайта.

Амма уьш гайтамна хIиттийна суьрташ бен дац. Баккъала долчу дахарехь Кадыров дIаса лела некъаш дIакъовлу, и сецначу кIошташна а тIаьхь доза туху", - тIетоьхна къамел динчо.

Кадыровн урамашкахула лелар муха хуьлу, дуьйцу Кавказ.Реалиига шен цIе йовзийта ца лиъначу, Нохчийчуьра цхьайолу пачхьалкхан хьукматан пресс-сервисан белхахочо.

Баккъала хуьлург аьлча, масех сахьт хьалх доза туху, гIарол йоккха аре дIалаьцна  Iаш хуьлу  

"ГIарол доцуш кхерстар? ДIадовлийша. Голливудан фильмашкарчу тоьллачу ламасташца догIуш хуьлу дерриг а. Видео тIехь хадархой гуш бацахь, уьш цигахь бац бохург дац иза. Баккъала хуьлург аьлча, масех сахьт хьалха доза туху ерриг меттигна, гIарол йоккха аре дIалаьцна Iаш хуьлу. Сурт-видео яккха кхинйолу пресс-сервисаш тIейитале, церан гIирсана таллам бо. Ур-атталла уьш а чу ца бита мега доза тоьхначу майдане, меттигерчу хьолаца доьзна хуьлу иза, собар дан дезаш нисло", - дийцина къамел динчо.

Кадыровца суьрташ даха тIебогIу нах гойтуш яьхначу видеош тIехь баркаллаш бохуш сих-сиха меттигера нах гойту, дукхачу хьолехь зударий. Билгал ца доккху, мича бахьанашца олуш ду и баркаллаш, амма, цара бахарехь, "Нохчийчоьнан куьйгалхо шайн ламазашкахь воьху" цара.

Пресс-сервисан белхахочо иза Кадыровца цхьанакхетча гучуйолу "тамашена билгало" ю, боху.

"Суна хетарехь, иза цхьа патриотийн синхаам чIагIбалар ду. Вайн жимачу республикехь нахана юккъехь оццул "хьекъална эшна" нах хир бу аьлла ца хета суна", - ойла йо цо.

Делахь а, цо бахарехь, тIехбуьйлу нах "зер доцуш цунна тIебуьтуш хир бац".

Абдурахманов Тумсона хетарехь, муьлхха кхечу агIор йинчу ойланна дуьхьала "инзаре террор лелочу хьелашкахь", цхьамма Кадыровна критика хьахор ю бохучуьнга сатийса ца оьшу.

"ТIаккха диснарг воккхавер а, тап аьлла къежар а хуьлу. Цул тIаьхьа ЧГТРК "Грозный" телехьожийло материал арахоьцу, деккъа воккхавер вовшахтухий. Вуно чIогIа къобалво, боху кеп иштта хIоттайо", - хета блогерна.

Еххачу хенахь Нохчийчуьра дешаран системехь болх бина йолчу Г. Ларисас боху, "Кадыровна хьалха лелар муха хила деза" бохучун низамех лаьцна, куьйгалло дийцина шайга. Республикан куьйгалхочо дакъа лоцу барамаш тIекхачале, уьш зал чохь оцу гIуллакхна "кечбан" дIагулбира, боху цо.

Кадыров вогIур ву аьлча, тхан наб йовра, невротикан кхерамо Iадийна лелара тхо

"Республикан тIегIанера барамаш хIиттон дезаш меттигаш хуьлура аса болх бечу хенахь. Кадыров вогIур ву аьлча, тхан наб йовра, невротикан кхерамо Iадийна лелара тхо", - дагадоуьйту Кавказ.Реалиица къамел динчо.

Цо бахарехь, республикан куьйгалхочун уллохь ца латтар, цунна бIаьргаш чу ца хьежар, хIумма а ца ехар, суьрташ, видеош ца яхар тIедожийра царна.

"Тхуна чIогIа аьшне хийтира тхайн хьал, Кадыров – барин, тIаккха тхо лайш долуш санна", - дуьйцу хьехархочо.

Кавказ.Реалиица къамел динчунна хета, сих-сиха ара а вуьйлуш, бахархошца "коча лелар" – иза Нохчийчоьнан куьйгалхочун дукха дезачех цхьа гIуллакх ду.

"Къоманна паччахь дIагайтар санна ду иза. Со тешна ю, рогIера тIехбуьйлу нах санна гойтурш баккъала а и нах бац, кечбинарш бу. Кадыровс оццул шена улло нах оьхуьйтур бац, цуьнан куьйгаш тIехь дукха цIий ду. Цул сов, дукха нах цунна къежар бу, куьйгаш деттар ду, шаьш хье ца бичхьана", - хета къамел динчунна.

Лагунин Павелан "Царь" фильмера паччахьна хилларг хир ду Нохчийчоьнан куьйгалхочун, боху цо – цуьнан сюжетехь гIалара бахархой базара схьакхайкхича, даздаршка цхьа а ца вогIу, хIунда аьлча бахархойн цхьа дакъа хIаллак хиллалц хьийзийна цо, важа дакъа цуьнан рожах дедда.

***

Лерринчу программашца ya_pomoshnik_kra_95 аккаунтана дайначу шеран ГIуран-баттахь анализ йича гойтура: оцу хенахь хилла волу 8,2 миллион тIевазвеллачух, жигара аудитори 1,3% гергга хилла. Ах эзар агIоне язвелларг теллича гучудаьлла, бакъйолу аудитори (аьлча а, дIадуьзна аккаунташ долуш – аватаре хIоттийна сурт, мел-кIезга а 10 арахецар, тIаьххьарчу кхаа баттахь цхьаъ мукъане жигаралла а) 0,3% хилла. Аккаунтана тIеберзаран юккъера барам – жигараллин барам верриг тIевазвеллачийн терахьца буьстича – 2,5% хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG