ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коммерцица йоьзна организаци кхоьллинарг Нохчийчоьнан куьйгалхочун нана йу


Кадырова Аймани а, Кадыров Рамзан а
Кадырова Аймани а, Кадыров Рамзан а

Нохчийчоьнан куьйгалхочун нана Кадырова Аймани йу ООО "Торговый центр "Беркат Аргун" кхоьллинарг. Карарчу хенахь официалехь цуьнан долахь йу и цхьа бизнес.

Оцу компанино бен болчу коьртачу балхах билгалдаьккхина шен долара а, ханна лаьцна а чу ара ца баккхалун бахам лелор. Йиллинчу хьасташкахь дийцарехь, оцу компанино ханна болх байта Нохчийн пачхьалкхан филармонига йелла гIишло 50 миллион сом шарахь а луш. Йуьйцург йу Соьлжа-ГIали йуккъера тойнаш хIиттон хIусам – оцу хIусаман кадастрин мах бу 900 миллион сом гергга.

"Беркат Аргун" йохка-эцаран цIа 2022-чу шеран лахьанан-баттахь регистраци йина ду. ХIинццалц схьа и кхоллинарг лоруш йара ООО "Трейд Сити" – Кадырова Медни – Нохчийчоьнан куьйгалхочун хIусамнанна (уставан капиаталан 99%) а, Честиев Мохьмадна (1%) а тIейазйина йара и. ТIаьххьарниг ву иштта ООО "Клиника Аймедан" куьйгалхо, тIаьххьалц реабилитацин "Орга" центран урхаллехь вара иза.

Компани йиллина шо а ца хиларе терра, цуьнан белхан финансийн жамIех лаьцна карарчу хенахь хаийтина дац.

  • Кадыров Ахьмадан цIарах регионалан йукъараллин фонд схьайиллинарг а, цуьнан президент а йу иштта Кадырова Аймани. 2022-чу шарахь фондо шен активаш шорйира 700 миллион соьмана. Цара шайн чоьтехь билгалдаьккхинчу ахмиллиард соьме ца кхочу массарна а хезаш дIакхайкхийна Украинерчу тIамехь йина харж, иттаннашкахь йина хIусамаш, бIе машен. Оцу кепара цхьанацадараш дуккха а ду уггар а хьолечу, уггар а къайлах лелочу пачхьалкхера фондан, йаздира хьалхо Кавказ.Реалиино.
  • ГIоьналлин Кадыров Ахьмадан цIарах фонгд кхоьллина 2004-чу шарахь. Цуьнан коьрта Iалашо йу аьлла дIакхайкхийнера меттигерчу бахархошна гIо дар аьлла, амма Украинехь тIом болийчхьана фондан гIуллакх дикка шорделла. ХIинца нохчийн Iедалхоша гIоьналла лору кеманаш, бронетранспортераш, тIеман экипировка эцар а, иштта оккупаци йинчу дозанаш тIехь украинхойн сурсаташ дIасайекъар а.
  • Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министраллин санкцийн тептарехь йу Кадыровн цIарах фонд "Магнитскийн глобалан актан" буха тIехь. Организаци масийттаза бехкейора "шен лаамехь-нуьцкъаха" фондана сагIийна ахча кхехьийта нах декхаре барна, амма Кадыровс и бехкаш тIе ца лоцура. Зорбанан гIирсаша хаамбора, фондан ахча лелор, дайар цIена дац бохуш, Кадыров Рамзанан "альтернативе казна" ю олура иза.
  • Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министраллин санкцийн тептарехь ю Нохчийчоьнан куьйгалхочун нана, Кадыровн цIарах фондан урхалла ден Кадырова Аймани.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG