Оцу юкъанна кхидΙа а шайн болх бо Къуръанан хазалла, цуьнан аятийн маьΙна дагах а кхетий, и исбаьхьалла гонахарчу шайн махкахошка а кхачон луучара, шаьш керста хилар, я кхечу динехь хилар а ца лоьруш.
Аят дешархо
Къоръан массех шо хьалха гуьржийн матте даьккхина волу Лобжанидзе Георгий вара аят дешнарг. Цо шеко йоццуш, мехала совгΙат дина шен къомана – дуьххьара аьтто белла гуьржашна шайна гонахарчу бусулба нехан синкхачан мах бовза, цул совнаха йиш ю хΙинца Гуьржийчохь бехачу аджарийн а, вайнехан-бацойн а царна дика бевзачу маттахь Къоръанан маьΙна кхето.
Дуьххьара Къоръан шайн матте даьккхинчу украинахочуьнца Якубович Михайлоца къамел хилира Маршо Радион. Уггаре хьалха цецвоккхуш дара оцу гочдархочун 25 шо бен цахилар. Оцу хьокъехь цо, ша цхьаъ вац, ханна жима а волуш, тафсир дийриг, элира.
Якубович Михайло: «Лаххара а, ши гочдархо хилла сан хенара. Цхьаъ делахь, Кулиев а волавелла и болх бан хьалхе. Суна хууш, кхин а цхьа гочдархо а ву шен 29 шо долуш ингалсан гочдар арадаьккхина».
Якубович Михайло а ву Къоран дуьххьара шайн матте даьккхинарг. И стенна лецира ша юхьара, цо, историн Ιилман кандидата, Ιаьрбан меттан говзанчас, иштта довзуьйту.
Якубович Михайло: «Украина – шатайпа тIай ду Махбаленний, Малхбузенний юккъехь лаьтта. Цундела Къуръан – и деза жайна – гочдар вуно ира хаттар ду. Иза оьшу Iилманчашна а, бусулбанашна а угаре хьалха исламан васт нийсса гайта. Ткъа Къуръанна гонах доцург а ма лелийлий дукха.
Iаьрбийн мотт а Iамош, цхьацца Iилман теманашна тIехь болх бан волавелча, со кхийтира Къуръан украинан матте даьккхина дацаро Украинехь Малхбузе таллар цхьа а маьIна доцуш дуьтийла. И кхетча, волавелира со сайн пхеа шаре баьлла хила и болх бан. 2010-чу, 2011-чу шарахь иза буьззина чекх а белира».
Уггаре хьалха, Къоръан гочдан нигат а дина, къахьега волалучу муьлххачу а Ιеламчана, я меттанийн говзанчана хаа дезарг ду, хьан магадо и болх болон а, хьан Ιуьналла до и дΙахьош а, бина баьлча, зорба а тоьхна, Къоран даржош а. Иза шеггара дойла а дац, Ιаьрбийн мотт а хууш, бусулба дин дезаш волчуьнан.
Оцу хьокъехь, шен белхан некъ иштта бовзуьйту Якубович Михайлос.
Якубович Михайло: «Гочдар ас дIадаьхьира Фахд-паччахьан цIарахчу Сийлахь Къуръан гочдаран центрца юкъарло а кхобуш. Иза ю Мединехь, СаIудан Iаьрбийн махкахь. Цигарчу Iеламчаша 2010-чу шарахь сан гочдар къобалдира. Цуьнан кеп йолуш ю. ХIинца гочдар шуьйрра даржо дезаш лаьтта. Кестта иза алссам юкъаралле даржоре са а туьйсу ас».
Якубович Михайлон болх, иза Медине, Къуран гочдарх жоп лучу Фахд-паччхьан цΙарахчу институте кхачале хьалха, теллира украинан меттан говзанчаша а, бусулба динан Ιеламчаша а. Цул тΙаьхьа бен маьΙна дац цхьанне а гочдархочун, ша болх боьрзуче а кхачийна, ша Къуръан гоч а дина ала.
Якубович Михайло: «Цуьнга хьаьвсина дуккха а Iилманчаш, Iеламнах. Аьлча а, гочдар зорбане кхачале, эксперташа мах хадийра цуьнан кхузахь, Украинехь а, СаIудан Iаьрбийн махкахь а. Шуьйрра бара иза зийна го. Цо шена хетарг а хозуьйтуш, аьтто бира сунна дуккха а хIуманаш дIанисдан».
Муьлххачу а гочдархочунна хаа дезаш ду маситта хΙума. Оцу огΙор хьехаме хир ду Якубович Михайлос кхидΙа бохург а. Мотт тΙехула бен, шен кΙаргенашца, литературан кепашца ма-барра хууш а воцуш, Къоръан я гочдан а, я тафсир хΙоттон а охьахоийла дац гочдархо, иза вуно доккха жоьпалла ду, боху Къуръан украинан матте даьккхинчу Якубовича.
Якубович Михайло: "Кхетий хьо, кхузахь муха нисло? ХIаъ, Iаьрбийн мотт-м хаа беза. Iаьрбийн мотт, комментарешца а, тафсирашца а болх бар – уьш оьшуш хуманаш ду. Амма иза цхьа агIо бен яц. Дукха хьолехь и агIо хьалха а йоккхий юйцу. Амма ца юьйцу важа агIо - украинан матте гочдар. Аьлча а, украинан мотт иштта шера хаа безаш ма бу, массо а шен кIаргенашца, шен литературан баххашца, кепашца.
Iаьрбийн мотт, хьалха санна, Iамош схьавогIу со. Гочдарш а ду сан арадуьйлуш, шайлахь динан а, философин а белхаш а болуш. Боккха тидам тIебахийта дийзира сан украинан меттан агIонна а, ша Къуръан хезар долчу оцу маттана. Муха хIоттон деза гочдар, муха гайта деза Къуръан - оцу тIехь а дийзира къахьега. ХIунда аьлча, тIех дукха а дац Iаьрбийн маттера тхан матте даьхна тептарш. Цундела сан сайн дийзира, олуш ма-хиллара, меттан динан кеп кхолла, украинан меттан бусулба кеп кхолла. Вуно чIогIа тидаме хила везаш вара со белхан оцу декъа тIехь а".
Къуръанан маьΙна дуккха а болчу бусулба нахана, шайн матте иза даккхина дацаре терра, девза оьрсийн маттахь арадийлинчу гочдаршкахула. Оьрсийчохь паччахьан заманашкахь магош а ца хилла Къуръан цхьана а маттахь арарахеца. Ткъа Кавказан тΙом а бирзина, дуккха а бусулба къаьмнаш шайн кога кΙел дирзича, и къаьмнаш довзархьама, Къоранан маьΙнех кхиа луурш бевлла Ιедалехь.
Иштта паччахьан омрица кхочушдина ду 1873-чу шарахь Саблуков Гордийс мелла а герга маьΙна долуш дина гочдар. Цул тΙаьхьа 100 шо даьлча, 1963-чу шарахь бен ца дина шен гочдар Крачковский Игнатийс.
Мелла а алсам тидам тΙебахийтина Къуръанан маьΙна Оьрсийчохь довзийтарна Советан Ιедал доьхча даьхкинчу шерашкахь. ГΙолехьа лоруш ду дагестанхочун Османов Мохьмад-Нурин, оьрсийчун Порохова Валериян (Иманан), азербайджанхочун Кулиев Эльмиран гочдарш. Церан мах хадош а дийцира Якубович Михайлос.
Якубович Михайло: "Соьга хаьттича, Крачковскийн гочдаран проблема, иза дукхахболчу Малхбале толлучу Iилманчашна хетарехь тоьлла гочдар делахь а, йозу иза ша шен болх буьззина чекхбаккха кхиина вацарца. Гочдар кечдина иза веллачул тIаьхьа. Ткъа иза белхан вариант ян бен а ца кхиина. Гочдархочунна хан ца тоьъна цхьадолу дакъош тидамца гочдан, шен гIалаташ дIадаха.
Саблуковн гочдар. Цигахь, шен замане диллича, аьтто баьлла дуккха а. И гочдар доккхачу декъанна ас а до къобал. Амма хеттарш а гIуьтту цхьайолчу меттигашкахь.
Порохова Валериян болх, цуьнан байтийн кепехь гочдаро, даггара аьлча, дуккха а шеконаш кхуллу. Ша байтан кеп лелош, цуьнан цхьацца меттигашкахь маьIнех йоха дезна. Амма иштта ша, Къуръанца доьзна а доцуш, цуьнан гочдаре хьаьжча, сина кхача луш бу и болх. Ткъа иза, динан агIор, я Iилман агIор цуьнга хьаьжча, ала дац нийса гочдар ду.
Суна хетарехь, шеко а йоцуш, дика гочдина Къуръан оьрсийн матте Кулиевс. Делахь а, хIуъ а дийцича а, ша Къуръанний, цуьнан гочдаршший вовшашца дустийла а дац. Къуръанна гонаха мел дийриг, иза цуьнан маьIна гочдар бен а дац. Ша Къуръан деккъа Iаьрбийн маттахь бен хуьлийла дац".
ХΙун маьΙна ду Къоръан гочдарх лаьцна вай дечу къамелан? И хьанна оьшу уггаре хьалха?
Маршо Радионо дукха хан йоццуш доцца дийцира, Къоръан нохчийн матте даьккхина дацарх а, оцу бахьанийца нохчашна цуьнан къаргенаш шуьйрра йовзийла дацарх а лаьцна.
И къамел хиллачул тΙаьхьа радион редакцица сайтехула а, телефонехула а зΙене бевллачара хоуьйтура нохчийн матте даьккхина Къоран долуш дуйла. Ткъа кхечара чΙагΙдора, бакъо яц Къуръан Ιаьрбан маттара кхечу матте даккха, бохуш.
Бакъду, ду интернетехула лелаш Къуръанан нохчийн гочдарш. Амма, халахоьтийла дац, и къинхьегам шайна тΙе а эцна, Делан дуьхьа болх биначарна, хууш хила а мега царна Ιаьрбийн мотт, амма доьхнарг ду гочдархошна нохчийн мотт шен йозанан кепашца ледара хаар, оцу бахьанехь, хьо муьлхха а, таханенна нахала доккхуш долу гочдар, я тафсир, деша охьахаарцана дуьхьалдеттало нохчийн маттаца даьхна гΙалаташ.
Кхеташ ду, атта дац Къуръан гочдархочун жоьпалла шена тΙеэца, амма иза деш делахь, академин кепехь, грамматикан а, литературан а баххашца дΙанисбина хила беза цо нахала боккхуш болу шен ненан мотт. Оцу агΙор аьлча, хала ду Къуръан нохчийн матте даьккхина а ду, оьшучунна, кара а эцна, деша, долуш а ду ала.
ШолгΙа агΙо. Стенгара схьаэцна Къуръан кхечу меттанашка даккха мегаш дац бохург? Стенгахь яздина, дΙакхайкхийна ду и дехкар? Бакъду, аятийн маьΙнаш а кегдеш, мотт астагΙ а болуш-м дойла дац иза. Ткъа гочдан дихкина бохурш а ца карабо нийса. Гуьржийн гочдархочо Лобжанидзе Георгийс а, украинахойн гочдархочо Якубович Михайлос а, оьрсийн маттахь тоьлла гочдар дукха хан йоццуш арахецначу азербайджанхочо Кулиев Эльмира а ца боху, шаьш Къуръан гоч а дина ма-дарра охьадиллина. Царех хΙораммо а шен балхах тафсир дар, Ιаьрба боцчу маттахь маьΙна дар ду, олу. Изза боху, масала, вайца къамелехь хиллачу Якубович Михайлос а.
Тахана нохчашлахь бовлурш санна, Къуръан Ιаьрбийн маттера кхечу матте даккха мегаш дац бохурш хьалха заманахь хилла, масала, Оьрсийчохь бехачу гΙезалошлахь а. Амма церан маттахь а долуш тахана Къуръанан гочдар. Гочдан мегаш дац, бохуш, Къуръан къоме цунна хуъучу маттахь дΙа ца кхачор вуно зене хΙума ду, элира Маршо Радиога ГΙезалой-махкахь а, цул арахь а вевзаш волчу диндовзархочо, историка Хабутдинов Айдара.
Хабутдинов Айдар: "ГIезалошкара хьал а изза дара. 20-гIа бIешо тIекхаччалц, чIагIо еш, дихкина хилла гочдан. Ткъа 20-гIа бIешо долалуш кхетам боьссина, Къуръан Делан дош хиларе терра, дIакхачон деза алссам нахе, аьлла. Иштта кхолладелла Беги Мусан гочдар.
Къуръан гочдийриг кIоргга Iаьрбийн мотт а, иза гочдеш оьшу гIиллакх а шеца долуш Iеламча хила веза. Ишттачара дечу гочдарийн ю лела бакъо. И тайпа гочдарш, оьшуш ду, шеко а йоцуш. ХIунда аьлча, меттан динца юкъарло яцахь, и мотт леш бу".
Ткъе пхи шо хьалха Москохана уллерчу Коломна-гΙалахь педагогикан институт чекх а яьккхина, маситта шарахь хьехархо а, школан директор а Ιийра иза. ТΙаккха дерриг а дΙа а тесна, Ιаьрбан мехкашка Къоръан Ιамо вахара. Цигахь дуккха а ваьхна. Шерашка вахавоьлча, шен денцΙа Ломаз-Юьрта схьавеара. Тахана ерриг а Теркйист лела цунна тΙе, цуьнгара хьехам схьаэца а, Делан дош хаза а. ШахΙид-Хьажа ву иза. Цуьнга а дира оха изза хаттар: мегаш дуй Къуръан нохчийн матте даккха? Иштта дара и къамел.
ШахIид-Хьаьжа: " «Меттанаш дерраш а Делера ду. Нахана юкъа царна хууш болчу маттаца воуьйтуш хилла-кх цо тΙаккха элча а. Оцу нахана дин дийца а, довзийта а. Дин дезаш а хилча, и довза йиш а ца хилча, вай хьенан маттахь дуьйцур дара иза?!
И мега бохург бакъ ду. Мегар хΙунда дац? ШарΙо, мелхо а, дин ца дуьйцуш ма диталаш, дин Ιамаделаш, бохуш а хилча, ткъа иза дан мегар дац хьан олу? И далуш воцчо олу-кх. Муха ца мега?! Дала массаьрга а кхачийна, массо а адаме, нохчашка а, оьрсашка а, кху дуьнентΙерачу массо а къаьмнашка а – Ιаьржа а, бордаха а, масcо а басахь болучаьрга – кхачийна ду-кх Сийлахь Къуръан .
Мегар дац, аьлла, вай и дΙа а диллина, и Ιаьрбийн маттахь дара, бохуш, Ιийча, тΙе чан а йиллина, чохь Ιуьллур ду-кх иза. Цкъа цхьа стаг я тоба охьа а хиина, иза гочдаре са-м туьйсу. Делаца, юккъехь стагга а воцуш, къамел деш ву-кх Къуръан доьшуш верг. Иза шен маттахь, цуьнан маьΙанах а кхеташ муха ца хуьлу тΙаккха!
Амма я нохчийн матте а, я кхечу матте а Къуръан даккхалур дац, иза бакъду. Иза Ιаьрба маттахь доссийна ду. Ткъа маьΙна дан а мегаш ма ду цуьнан кхечу меттанашкахь, дихкина дац-дера иза-м. Нохчийн маттахь хилча, дика дара-кх, стаг кхетар вара-кх, хуур дара-кх».
Тахана нохчийн къоман дуьнене хьажар мухха а делахь а, масса гаране иза политика бахьанехь даьлла дахахь а, нагахь санна цо ша бусулба къам лоруш а хилча, шен орамаш дахначух а бузуш, тΙейогΙучу хене дΙа а туьйсуш хилча, цуьнан матте гочдина ца хуьлийла дац Къуръан. Бусулба къоман хатΙ, цуьнан кхетаман, кхиаран лакхалла гойтуш хΙума ду ала а таро ю цуьнан матте гочдина Къуръан хилар, тΙекхуьуучу чкъоро кара а оьцуш, маьΙнах а кхеташ, и доьшуш делахь.
Ткъа Крачковскийн, Саблуковн, я Кулиевн оьрсийн маттара гочдарш дешарца бусулба дин стаг Ιамош велахь, хила а тарло иза хаарийн лакхене кхочуш, ткъа хала ду цунна цо иштта доьшучу жайно нохчо виса таро а ло, ала. Дин нохчийн маттахь Ιамош хиларо, историка, Ιеламчас Хабутдинов Айдара хьалхо ма-аллара, боккха аьтто лур бара нохчашна шайн мотт динан тхов кΙелахь кхаба а, дуьйцуш ма-хиллара, леш болчу меттанийн могΙарара схьа а баккхина, даима баха кхоьллинчу меттанийн могΙара баккха.