„ХIора немцойн хIусамна – цхьацца Къоран“ – иштта ю немцойн Коьлн-гIаларчу совдегаро Наги Абус дIайолийначу ша-башхачу акцин Iалашо. Цо дIахьедина, Германехь 25 миллион Къоран, немцойн матте гочдина долу, мехаза дIасадекъа дагахь ву ша, аьлла.
„Деша“ цIе йолчу шен Къоран даржоран проектна бух буьллуш, цо шен накъосташца хIинцале а немцойн гIаланашкахь бIе сов информацин кхерч кхоьллина. Цу кхерчашкахь Наги Абун а, цуьнан боламан а агIончаша меттигерчу бусулба нахе кхайкхам бо, шайн чоьтах леррина цIечу мужалтахь долу КъорIан а эций, цу кепара бусулба боцучарна доькъуш долу сийна мужалт йолу Къоран арахоьцуш дакъа лаца, бохуш.
Карарчу хене кхаччалц цу акцин тховкIелахь кхо бIе эзар мехаза Къоран дIасадекъа аьтто баьлла проектан дайн. Цара дийцарехь, уьш урамашкахь воьду-вогIучарна декъна ца Iаш, иштта набахтешкахь а, ишколашкахь а доькъуш ду. Цул совнаха, дезачеран аьтто бу уьш поштехула а, интернетехула а шайна тасийта.
Бакъду, Германин Iедалхой „Деша“ цIе йолчу акцин дикачу Iалашонех тешаш бац. Царна хетарехь, цу акцин бакъйолу Iалашо немцойн кегийрхой радикалан бусулбанийн могIаршка берзор хила там бу. Ткъа и болам юкъабаьккхина волу бусулба совдегар Наги Абу, Iедалхошна хетарехь, "салафиташ" олучу радикалан бусулбачийн жигархо ву. Цундела немцойн Iедалан векалш и акци ехка некъаш лохуш бу. Карарчу хенахь меттигерчу Керста-Демократин Партин декъашхоша декхаре йина немцойн полици Къоран даржоран акцина ахча стенгара долуш бохург талла.