ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КъорIан дагорна бехкевечу Журавель Никитин довхаттар йуха а дIатеттина Нохчийчуьра кхело


Журавель Никита
Журавель Никита

Нохчийчохь кхоалгIа а йухатеттина КъорIан дагорна бехкевечу Волгоградера вахархочун Журавель Никитин гIуллакх листар –волайнхо дIакхайкхийна нохчийн маьждигашкара 13 имам кхеле ца веана йуха а. Соьлжа-ГIалара Висаитовн кIоштан кхело видео зIенехула хеттарш дира Волгоградера бехкаш дахкаран агIонера шина теше: маьждиган имаме Бектемиров Ильясе а, VI.ru сайтан корреспонденте Богданов Иване а.

Журналисто дIахьедина, КъорIан дагош видео "Утро Дагестан" телеграм-каналехь гира шена аьлла.

"Видео тIехь цхьана стага, Волгоградера Ворошиловскан кIоштара Поворинская урамехь долчу маьждигах терачу маьжигна хьалха КъорIан дагийра. Видео йоккхучун карахь жайна дара. Цуьнан йуьхь гуш йацара", - аьлла Богдановс. VI.ru сайтехь лакхарчу корреспондентан болх беш ву иза, гIаличуьра хаамех йаздо цо.

Кхелехь йуха а бусалбанашка шена гечдар дийхира Журавель Никитас, цо элира, ша КъорIан Iамо волавелла, йаздо "Сапа Кавказ" телаграм-канало а, "Чечня Сегодня" сайто а.

"Суо чохь латточу йукъанна КъорIан доьшуш ву со, и толлу аса, делах тешачийн дог-ойла айса мел сийсазйина тIаьхьакхиархьама", - Журавель Никитин дешнаш далийна РИА "Новости" агенталло, кхелан гIишло чохь хиллачу корреспондентана тIетевжина.

Бехкаш дохкучу агIор волу кхин а ши теш а, волайнхой лерина 13 имам а ца варна дов хаттар дIатеттина лахьан-беттан 16-чу дийне.

Журавель Никита бехкево далла Iамал йан а, динца доьзна барамаш дIабахьа а билгалйаьхначу меттигашкахь Делах тешачийн дог-ойла сийсазйарна а, иштта динца болчу цабезамца йухахьара леларна а. Цо дIахьедина, КъорIан дагорна ша бехке хиларна къера а ву ша, амма шога къепе йохо лаам болуш вацара ша аьлла.

ГIадужу-беттахь кхин а йалх баттана лаьцна вуьтуш, хан дIайахйира цуьнан. Журавелан адвокатна Антонова Юлияна хетарехь, иза лаьцна латторца цуьнан кхерамзалла ларйийр йу. Марсхьокху-баттахь волгоградхочунна йиттира Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIанта, тIаьхьо республикин Турпалхо аьлла, цIе йелира цунна. Оцу гIуллакхехула хьалхара кхеташо йолайалале Кадыров Рамзана видео йаржийра, цу тIехь сийсазво цо лаьцнарг.

  • КъорIан дагийна аьллачу шеконашца Журавель Никита лецира стигалкъекъа-беттан 21-хь. Талламан версица, цо дагийна КъорIан 10 эзар сом лур ду аьллачу СБУ-н тIедилларца. Ницкъахоша дIахьедина, Журавеля мукIарло деш дIахьедина, ша СБУ-на лерина тIеман гIишлойн суьрташ дохуш вара аьлла. Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран тIедилларца, гIуллакх Нохчийчу дIаделира, ткъа Соьлжа-ГIала валийначу лаьцначунна дуьхьал бевллера меттигера бахархой, "шарIан кхел" йе цунна бохуш, маьхьарий детташ. Эксперташна хетарехь, "шайна ма-ттов кхел йе" аьлла, дIавелла жимстаг.
  • Хьалхо кхело дуьхьало йира адвокатна федералан суьдхо Дандаев Руслан оцу гIуллакхна йукъара ваккха аьлла, динчу дехарна. Цо озабезамаш лелорах кхерарна дехнера иза боху адвоката. Цунна хетарехь, Дандаев нохчо а, бусалба а хиларе терра, и гIуллакх луьстучу заманчохь цо нийсо лелор йац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG