КъорIан дагорна бехкевечу Волгоградера вахархочун Журавель Никитин гIуллакх Соьлжа-ГIалара Висаитовн кIоштан кхеле кхачийна. Кхаарин дийнахь дийцадаьккхира Нохчийчуьра полицино дуьхьало йарх Соьлжа-ГIалара СИЗО-хь Журавельна йиттинчу мехкан урхалхочун Кадыров Рамзанан кIантана Кадыров Адамна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долон.
"Медиазона" хьасто кхелан сайтана тIетевжина хаамбо, Журавельна бехкаш дахкарх Далла Iамал йан, динца боьзна барамаш дIахьочу меттигехь делах тешачийн дог-ойла сийсазйарна а, хьалхе дуьйна бартбина цхьана тобано динца болчу цабезамца хулиганалла лелорна а.
Оцу йукъанна, бехкбуьллуш бухе эцначу КъорIан дагош йаьккхинчу видео тIехь гуш ду, Волгоградера маьждигна генахь акци дIайаьхьна хилар.
ГIадужу-беттан 9-чохь хир йолуш йу кхелан хьалхара кхеташо. Журавель Никитин дов хоттур ду Кадыров Адама цунна йиттина аьлла, йоккха гIовгIа иккхина, пачхьалкхан структураша и тергамза дитинчу йуккъехула.
Кхаарин дийнахь хиира Оьрсийчохь берийн бакъонаш Iалашйечу Львова-Белова Марияс "Новая газета. Европа" хьастан коьртачу редакторна Мартынов Кириллана деллачу жоьпах. Хьалхо цо дехар динера омбудсмене, "Кадыров Адаман бакъонехь йолу интересаш Iалашйар" доьхуш, хIунда аьлча, "набахтера чалтачаш санна кхиа ца деза бераш, церан дена хьакъ йолу карьера и хетахь а" аьлла. SOTAvision телеграм-канало цуьнан дехарна жоп зорбане даьккхира, цу тIехь бохура, Нохчийчуьра прокуратуре и дIахьажийна.
ASTRA телеграм-каналан хаамашца, оьрсийн националистийн тобанаша 12 регионехь кехаташ кхийсира "Кадыровцаша ницкъбеш бу оьрсийн кIантана Журавель Никитина! Сацаде и!" аьлла йоза тIехь. Билгалдоккху, Подмосковьера Ногинскехь йоллу типографеш дуьхьал хилира оцу йозана зорба тоха, полици а, "нохчийн диаспораш" а шайна тIаьхьабовларна кхоьруш.
Карладоккху, Нохчийчоьнан полицино дуьхьало йира Журавельна йиттинчу 15 шо долчу Кадыров Адамна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх доло. Жоьпалле озон хан йац цуьнан аьлла, оцу буха тIехь дIатеттира цара дехар.
- КъурIан дагорна шеконашкахь волу Волгоградан вахархо Журавель Никита лецира стигалкъекъа-беттан 21-хь. Талламан версица, СБУ-н тIедилларца дагийна хилла цо КъурIан, цара 10 эзар сом лур ду аьлча. Ницкъахоша дIахьедина, Журавеля мукIарло деш, дIахьедина, ша СБУ-на лерина тIеман гIишлойн суьрташ дохуш вара аьлла.
- Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран тIедилларца, гIуллакх билггал Нохчийчу дIаделира, шаьш "волайнарш ду аьлла, дуккхаъчу Нохчийчуьра бахархоша дехарш дарна" аьлла, кхетийра цо цунах. Сацамна тIетайра оьрсийн юстицин министр а, цо элира, оцу гIулчо "гIо дийр ду дуккха а кеп-кепара къаьмнаш дехачу пачхьалкхехь дин а, делах тешачийн дог-ойла а лара".
- КъурIан дагор йемалдеш митинг хIоттийра Соьлжа-ГIалахь стигалкъекъа-беттан 27-чохь, - автозакчохь Нохчийчу схьавалийна 19 шо долу Журавель Никита тIеийцира цара. Кадыров Рамзанан суьрташ дара церан карахь, "Деза йозанаш ма хьеде!", "Ислам – дикаллин дин ду", "Вен веза" бохуш, тIейаздина плакаташ а.
- Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь Журавель Никитина йиттира марсхьокху-беттан 15-чохь Кадыров Адама. Журавеля ша дIахаийтира цунах лаьцна. Гезгамашин-беттан 25-чохь Нохчийчоьнан урхалхочун телеграм-каналехь йаржийра цунна йеттачу хенахь дIайазйина видео. Шен кIанта динчух дозалла до ша аьлла, дIахьедира Кадыровс Рамзана.