КъорIан дагийна аьлла бехкевинчу Журавель Никитина 3,5 шо хан тоьхна йукъарчу хьелашкарчу колонихь даккха, цунах лаьцна йоьдучу кхелара схьа хаамбира "Сота" ресурсо.
Журавель бехке лаьрра хулиганалла лелор аьллачу артиклехула. 300 сахьтехь белхаш бар а тIедожийна цунна, Делах тешачийн дог-ойла аьшнашйарна, дуьйцу "Осторожно, новости" телеграм-канало.
Кхеташонашкахь шена гечдар дийхира бусалба нахе Журавеля, ша бехке вуй хаьа шена, бусалба нахана деза хета жайна дагорна, амма чIагIдора цо, шогаллица къепе йохон дагахь ца леллера ша аьлла.
СИЗО-хь лаьцна волчу Журавельна йиттира Нохчийчоьнан урхалхочун 15 шо долчу кIанта Кадыров Адама. 2023-чу шеран гезгамашин-бутт бовш Кадыров Рамзана йаржийра шен кIанта цунна йетташ дIайазйина видео.
Йоккха резонанс гIаьттира и видео бахьана долуш, бакъоларйаран органаша цхьана а кепара терго ца йира цуьнан, ца дийцира, хийра стаг СИЗО муха кхаьчна а, лаьцначунна цо муха йиттина а. ТIаьхьо дийца даьккхира, гIалара полисхой дуьхьал хиларх бехкзуламан гIуллакх доло "зулам дина меттиг ца хиларна". Прокуроро оцу кепара бина сацам "низамехь а, "бух болуш" бу элира. Оьрсийчочьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс дехар дира, цунах лаьцна хеттарш шега ма де аьлла.
Нохчийчуьра урхалло масийттаза массарна а гуш-хезаш къобалдора Кадыров Адама лелориг. Кадыров Рамзана дIахьедира, "дика хир дара", шен кIанта Журавель вийна хиллехь аьлла. ТIаьхьо регионан урхалхочо шен кIантана Нохчийчоьнан лаккхара совгIат дира - мехкан Турпалхо. Цул тIаьхьа Кадыров-жимахволчунна Оьрсийчоьнан регионийн куьйгалхоша кхачийра дуккха а совгIаташ
- Журавелен хьокъехь дIахьош йолу кхел масийттаза терго ца йеш йитира волайнхой бу аьлла д1акхайкхийначу 13 имама. Амма гIуран-баттахь царах пхеаммо дIахьедира “бусалба нахана цунах хиллачу боккхачу Iаткъамах” а, хиллачо шайн сагатдарх а.
- Кадыров Адама марсхьокху-беттан 15-чохь йиттира КъорIан дагорна Соьлжа-ГIалара СИЗОхь лаьцна латточу Журавель Никитина. Полицино дуьхьало йира бехктакхаман гIуллакх долон, Адаман жоьпалле озон хан тIекхаьчна йац аьлла. Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана ворхI совгIат дира: йуьхьанца республикин "турпалхо" вира цунах, цул тIаьхьа ГIезалойчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а, ГIебарта Балкхаройчоьнан а совгIаташ делира, цул совнах, "Умматана хьалха гIуллакхаш дарна" I-чу бараман орденца а, иштта нохчийн "Даймехкан сий" орден а йелира. Цхьадолу билгалдаьхна совгIаташ дала хан йолуш а вац иза.
- Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татяьнас а, Оьрсийчоьнан президентехула нехан бакъонаш Iалашйан векал винчу Фадеев Валерийс а дуьххьалдIа йемал ца дира Кадыров Рамзанан кIанта Адама Журавель Никитина йеттар. Шиммо а дIахьедира, лаьцначун хьокъехь низамаш лардан деза аьлла, коьрта тидам цунна йеттарна тIе ца бахийтира, Журавелян динчунна хьажийра. "Кхераме" а, "вон" а хIума ду бохура цо динарг.