ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КъорIан дагорна бехкевина Журавель Никита шен хан токхуш ву Нохчийчуьрчу СИЗО-хь


Журавель Никита
Журавель Никита

Чиллан-баттахь Нохчийчохь КъурIан дагорна кхо шо ах шо хан тоьхна Волгоградера студент Журавель Никита шен хан такха висина Соьлжа-ГӀаларчу номер 1 йолчу СИЗО-хь. Цигахь латтош вара иза талламаш бечу муьрехь а, дов хоттуш а.

Журавелан адвокато Антонова Юлияс дийцира цунах лаьцна Волгоградерчу VI.ru зорбане "Суна хаарехь, дерриг а дика ду цуьнца", - элира адвокато, ши бутт гергга хьалха иза гинчу.

Иштта цо билгалдаьккхира, цунна тоьхна таӀзар ницкъе дерзарх а. Тарло Журавель Никитас цунна латкъам ца бина хила- VI.ru ресурсан корреспондентан аьтто ца баьлла цу кхайкхамах йолу информаци лаха. Цуьнца цхьаьна, и гӀуллакх теллинчу Соьлж-ГӀаларчу Висаитовн кӀоштан кхелан сайта тӀехь а йац хьалхарчу инстанцин кхело бинчу сацамах лаьцна информаци.

Нохчийчуьрчу таӀзарш кхочушдаран федералан урхалла реза ца хилира журналисташна Журавелан хьолах а, цо хан токхуш йолчу меттигах а лаьцна информаци йала.

Бехктакхаман кхочушдаран кодексо таро йуьту тоьхна хан СИЗО-хь йаккхийта - иза магош ду "къаьсттинчу хьелашкахь" а, тутмакх реза хиларца а, нагахь санна иза кхул а хьалха таIзар дина а вацахь.

Стохка мангал-баттахь, Журавель лаьцна а, цунна таIзар а кхайкхадале хьалха, Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дӀахьедира, цо шен хан токхур йу "дукхахберш бусулба болчу Оьрсийчоьнан Федерацин цхьана регионехь" аьлла.

  • Волгоградехь маьждигна хьалха КъорӀан дагош йаьккхина видео гучуйелира социалан машанашкахь 2023-чу шеран стигалкъекъа-беттан 19-чу дийнахь, таллам бан омра дира полицино. Цул тӀаьхьа ши де даьлча ницкъахоша хаам бинера меттигера вахархо хила мегаш волу, Украинера схьаваьлла, кхача дӀасакхоьхьу Журавель Никита лаьцна аьлла. Талламхоша дийцарехь, стигалкъекъа- беттан 19-чу дийнахь СБУ-н тӀедилларца дагийнера цо КъорӀан, шена I0 эзар сом лур ду аьлч.
  • Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран тIедилларца, гIуллакх билггал Нохчийчу дIаделира – цигара "дуккха а" дехарш кхочура, шаьш зен хилларш лара оцу гIуллакхехула аьлла бух балош. Цул тӀаьхьа Соьлжа-ГӀаларчу СИЗО валийра иза. Изоляторна хьалха цунна дуьхьалбевлла масех иттаннашкахь Нохчийчуьра бахархой бара. Церан карахь дара Кадыров Рамзанан портреташ а, "Дезачу Йозанах куьг ма Iийтта!", "Бусалба дин – дикаллин дин ду", "Оха вен кхел йоьху" боху йозанаш тӀехь долу плакаташ а. Соьлж-ГӀалахь митинг дӀайаьхьира КъорӀан дагор йемал деш, Кавказ.Реалиин редакцин хаамашца, студенташ а, пачхьалкхан секторан белхахой а нуьцкъала балийна хиллера цига.
  • Кадыров Адама марсхьокху-беттан 15-чохь йиттира КъорIан дагорна Соьлжа-ГIалара СИЗОхь лаьцна латточу Журавель Никитина. Полицино дуьхьало йира бехктакхаман гIуллакх долон, Адаман жоьпалле озон хан тIекхаьчна йац аьлла. Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана ворхI совгIат дира: йуьхьанца республикин "турпалхо" вира цунах, цул тIаьхьа ГIезалойчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а, ГIебарта Балкхаройчоьнан а совгIаташ делира, цул совнах, "Умматана хьалха гIуллакхаш дарна" I-чу бараман орденца а, иштта нохчийн "Даймехкан сий" орден а йелира. Цхьадолу билгалдаьхна совгIаташ дала хан йолуш а вац иза.
  • КъорIан дагийна аьлла бехкевинчу Журавель Никитина 3,5 шо хан кхайкхийра йукъарчу хьелашкарчу колонихь йаккха. Журавель бехке лаьрра хулиганалла лелор аьллачу артиклехула. Кхеташонашкахь шена гечдар дийхира бусалба нахе Журавеля, ша бехке вуй хаьа шена, бусалба нахана деза хета жайна дагорна, амма чIагIдора цо, шогаллица къепе йохон дагахь ца леллера ша аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG