ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КъорIан дагош акци хIоттийначу датхойн политикна "террорхо" аьлла UFC- нохчийн латархочо Чимаевс


Чимаев Хьамзат 2020-чу шеран товбеца-бутт
Чимаев Хьамзат 2020-чу шеран товбеца-бутт

Нохчийн ийначу кепехь латархочо, Швецин вахархочо Чимаев Хьамзата террорхо лаьрра, шоьтадийнахь йоьдучу политикан акцихь КъорIан дагийна датхойн исламна дуьхьал йолчу Stram Kurs ("Шога курс") партин лидер Палудан Расмус.

"Тхуна террорхо ву-кх иза. Со бусулба ву, амма со цкъа а цхьана а динна дуьхьал хилла вац, цо (Палудана – Билгалдаккхар.) динарг ас цкъа а дина дац. Вай дерриш а тапъаьлла Iен ца деза. Аш тхох вежарий олу, цундела жимма лараме хила", - яздина Чимаевс шен инстаграмерчу пена тIехь шведахойн маттахь.

Карладоккху, Палуданан акцин Iалашо хиллера Туркойчохь маршо къовларна дуьхьал къийсамбар. Туркойчоьнан Iелалхоша йемалйира акци, оцу тIехула шведахойн тIеман министрна Хонкара вар дихкира, иштта бехкейира Стокгольм, Швеци НАТО юкъаэцарх лаьцна хьалхо дина дийцарш дохорна а.

Швецин арахьарчу гIуллакхийн министро дIахьедина махкахь дешан маршо ю, амма Iедалхоша массо а хIума къобалдо бохург дац иза аьлла. Стокгольмехь хиллачо сийсазбинчу бусулбанийн догэцна премьер-министро Кристерссон Ульфа.

Чимаевн поста бухахь цунна тIехIиттина UFC-н кхинболу латархой а, масала, гIажаройх схьаваьлла Мадади Реза. Делахь а цхьаболчу спортхочун агIонга йазбеллачара дуьхьал туьйхира цунна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца доттагIаллин юкъаметтигаш лелош цо хилар. Оцу тIехула латархочунна дукхазза критика йира, иштта шведахойн прессехь а. Доккхачу декъанна, хилира иза спортхо 2021-чу шеран дечкен-баттахь Соьлжа-ГIала а вахна, Кадыровца даьхна суьрташ зорбане дохуш, цуьнгара Мерседес совгIатна схьа а оьцуш, леллачул тIаьхьа. Кхано – Нохчийчу юхавахначул тIаьхьа – Чимаев США вахара кечамаш бан, тIаккха шен политикца даьхна суьрташ дIадехира цо социалан машанера.

  • "Евроичкерийхошна" критика йеш, Украинера тIом бакъбархьама пайдаэцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Швецихь КъорIан дагорах. Тоьшаллаш доцуш Швецин Iедалхой бехкебира цо, акци цара "ахча делла" хIоттайайтина йара аьлла. Оцу тIера волавеллачу Нохчийчоьнан куьйгалхочо НАТО-на критика йира, "иблис кхуллу" аьлла, тIеман цхьанакхетаралла бехкейеш, цуьнца кхетийра цо Украинана дуьхьал болийначу тIамах а. Иштта цо бехкбиллина тапъаьлла Iачу "евроичкерийхошна" а.
  • Нохчийн UFC-н латархо Чимаев Хьамзат Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка чу ца витина бохуш, яздира 2022-чу шеран чиллан-баттахь. Стигалкъекъа-баттахь, Украинера тIом бахьана долуш, даккхий ловзарш хIиттор дихкинашшехь, Соьлжа-ГIалахь шуьйра дIадерзийра Чимаевн ловзар- мехкан урхалхо а вара цига кхайкхина. ГIуран-баттахь UFC-н латархо тренер хилира 16 шо долу Кадыров Элин – ийначу латарийн Absolute Championship Akhmat (АСА) лигехь шен дебютан латаран турнирехь толам баьккхира Кадыровс – и турнир мехкан куьйгалхочо хIоттийна йара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG