Нохчийчоьнан куьйгалхочун воккхаха волчу кIанта Кадыров Ахьмада шен куьйгакIел болчарна тIедиллира зазадокху-беттан 20-чохь социалан машанашкахь нохчийн ламасташ "дохораш" леха аьлла. Кара баьхкинчаьрца "кхетош" къамелаш дийр ду бохура. Кавказ.Реалиин редакцина билгалделира, шолгIачу дийнахь машанехь рейдаш йан воловаларх даймахкал арахьа веха блогер. Цо гучубоху кхиазхой, камерана хьалха а хIиттийна, гечдарш доьхуйту цаьрга. Аьрзнаш до церан гергарчаьрга: масала, бекхам беш Нохчийчуьра цхьана йоьIан корта а баьшна, цу тIе баьццара коьчал хьаькхнера цуьнан гергарчу стага.
"Мистер Добрый"
Кест-кеста дIакхайкхадо мехкан Iедалхоша шаьш нохчашна тIаьхьадевлла леларх: тайп-тайпа шерашкахь Кадыров Рамзана а, цуьнан гонерчу наха а цхьана дуьйцура цунах лаьцна. Социалан машанашкахь лелар "нохчийн оьздангаллица а, гIиллакхашца а" догIуш доцчу нахана Iедалхоша кхерамаш туьйсура шаьш "лела Iамор ду" йа "шога болх бийр бу" бохуш."
Делахь а хIинца оцу кепара кампани шуьйра йолийна, иза сиха нахала а йаьлла. Цуьнан куьйгаллехь ву 28 шо долу Макалов Сахьаб. Шен блогеран болх Соьлжа-ГIалахь болийра цо, цул тIаьхьа кхечу пачхьалкха дIавахара иза, цо бахарехь, бух боцуш бехкзуламан гIуллакх шена дуьхьал даккхарна, цигара шен социалан машанаш кхион волавелира иза. Дукха хьолахь кеп-кепарчу агIонашкахь цо болх бинехь а, зазадокху-беттан 21-чохь, Кадыров Ахьмада дIахьедар динчу шолгIачу дийнахь, социалан машанашкахь йечу "рейдашна" тIехь сецира иза.
ЦIеххьана гучудаьлла Макаловна, Нохчийчохь "йоккха проблема" хилар – бусалба нах безачу Рамадан баттахь массо а социалан машанашкахь хевшина Iийна ца Iаш, оьздалла йоцуш а лела уьш цу чохь. Блогеро сацам бира "и йоллу боьхалла дIайаккха". Мониторингана цо къастийна Азин Likee а, Bigo Life а социалан машанаш. Ала догIу, Кадыровс-жимахволчо йуьйцурш а уьш йара - Meta (Facebook, Instagram) компани экстремистийн леринчул тIаьхьа уьш йовза йоьлла нахалахь.
2018-чу шарахь арахь даккхийта 2,5 шо хан туьйхира Макаловна 53 рулон обойш а, 36 клейн пачканаш а лечкъорна
"Мистер Добрый" аьлла, ник а эцна, шен керла балхах жигара тасавелира блогер: денна масех видео хIоттайо цо шен инстаграмехь "нах гучубохуш", ишта сахьташкахь дуьххьалдIа эфираш йо, цу хенахь дIаоьхьу цо, "бехкеберш" ша муха лоьху а.
Блогеро жигара гIо доьху шен агIонашка йазбеллачаьрга "харцахьа леларш лохуш". Айкхбуьйлуш шега кхоьхьуйту хаамаш дукха хиларна, ша гIоьнчаш лоьху аьлла, дIакхайкхийра цо кIира даьлча, кхин а ши кIира даьлча – 20-30-стаг йукъахь волуш къевлина тоба вовшахтоха дагахь ву ша элира цо, шега кхоьхьуйтучу боьхачу видеошна монтаж йан.
Кавказ.Реалии сайтана йеллачу комментарихь Макаловс дIахьедира, ша а. шен накъосташа а "рейдаш" маьхза йо, ткъа оцу балхана ахча оьшуш дац аьлла. ДуьххьалдIа хIитточу эфирашкахь хьовсархоша шайн лаамехь ютьюбе кхоьхьуьйтуш йолу донаташ йоцурш, цо бахарехь, оцу балхах блогерна кхин хуьлуш пайда бац.
Корта баьшна йоI а, йиттина кIант а
Блогера "йуьхьарлаьцначу нехан" тептар шуьйра ду. Боьха мотт бийцарна, цигаьркаш ийзарна, йа вуьшта дог дохуш хьийзачу нохчийн божарийн а, зударийн а йуьхьйаьхна ца Iаш, иза тIаьхьавуьйлу буса дуьххьалдIа эфираш хIитточу зудаберашна а. Шега луьйчу кIанте йоIа "дIасацахьа" аларна а, масех сурт зорбане хIотторна а, цIен басар хьаькхарна а нахаладехира цо зудабераш.
Нахана тIаьхьаваьлла, царна тIехь ницкъбойту Макаловн аккаунтера суьрташ а, видеош а шайгахь йитина Кавказ.Реалиин редакцино. Оцу кепарчу материалашна тIевуьгу некъаш дитар товш ца хийтира тхуна.
"Нахала баха уьш! И йаххьаш массанхьа а йаржор йу вай. Уьш социалан машане хIиттон шуна эхь ца хетча, суна стенна хета деза эхь шу нахаладохуш? Дуккхаъ нахана хIара дIа мел гун, сихонца уьш совцор бу шайн болчара. Соьга дехарш деш, кехаташ ма эхийталаш – цхьа а видео ас дIайоккхур йац аккаунтера", - дIахьедира Макаловс масех шен видео тIехь.
Социалан машанашкара арадовла бохуш, кхайкхамаш бо цуо йуьхьарльацначара шайн махкахошка, "карор ду" шу Iад ца Iахь
Делахь а, цхьаберш "нахалабаьхна" видеош дIайоху – нагахь санна "жамI делахь". Иштта нисделира, оьрсийн кIантаца йукъахь дуьххьалдIа эфир хIоттийначу Соьлжа-ГIаларчу йахархочуьнца а. Цара дуьйцург хIун хиллера, хууш дац, амма Макаловна схьакарийра оцу йоьIан ваша, цуьнга дIайалхийнера цо йиша. Ша йишица зIенехь воцу дикка хан йара, элира вашас блогерна жоп луш, цунна баркалла а элира "хаийтарна" шега, йоI сацийна ша аьлла тоьшаллаш дахкийтинера -цу суьрташ тIехь корта баьшна, цу тIе баьццара коьчал (зеленка) хьаькхна йу йоI. Макалов воккхавоь шен балхах, оцу йоIана тIехь ницкъбарна эргIад ца вахна иза.
Изза дира стохка аьхка "Новая газетин" журналистана Милашина Еленина а.
Редакцица хиллачу къамелехь Макаловс дIахьедира, нохчийн ламасташа, гIиллакхаша, сийн кодексо а бехкбоккху оцу тайпа таIзар дарна аьлла.
"БIешерашкахь дайша Iалашдина хилла тхешан сий лардан гIерта тхо. Оццул шогалла шайн нахаца лелайе бохуш, кхайкхамаш ца бо оха. Шайн сийна тIекхевдина аьлла хетачу хIора векало шена ма-хеттара бекхам бо. ХIаъ, халахеташ делахь а, оха собаре хила бохуш, дехарш дахь а, шайн нахаца цара гIуллакхан йистйаккхар чIогIа радикале хуьлу, тIехсов эр дар-кх ас. Амма бакъдерг муха ду хьуна аьлча, тхан хунаш (капризы) йац хIорш, ца дича йиш йоцург ду", - кхетийра цо.
"Нохчийн гIиллакхаш дохочех" доккхаха долу дакъ, Макаловна хетарехь, - кхиазхой бу. Селфи йарна, такси чохь йиш лакхарна, кегийчу кIентийн маьттаза бистхилар нисделлахь уьш нахалабоху, аккаунт дIайоккхуьйту, йа камера хьалха къурд олуьйту. Шайн дохкбийларшкахь цара кхайкхам бо махкахошка, социалан машанашкара арадовла, шу "карор долуш ду" олий. Цхьацца меттигашкахь "гIиллакхехь лелаш боцчийн" суьрташ даржийна ца Iаш, церан цIераш, уьш беха адрес, цара болх бен меттиг а цхьаьна ма-йарра йуьйцу Макаловс.
Охан-беттан 4-чохь "Мистер Добрый" ник лелочун инстаграмехь ши сториз гучуйелира "Ас бехирий шуьга, лайкершна хила деззарг хуьлу", "Болх болийна" аьлла, йаздина. Цу тIехь хезаш ду масех жимчу стеган аьзнаш, шолгIачу видео тIехь, сурт жимма талхийна ду, цхьана стагана йетташ гойту.
Блогеро дIахьедира, ша болх бола а балале хилла хIума ду и аьлла, ткъа видеош, масала, зорбане йаьхна цо церан леларна тIехуха ден долу таIзар дIагойтуш. Макаловс бахарехь, кхечу накъостан ненан сий тIе кхоьвдинера йиттинарг йоьдучу эфирехь, цул тIаьхьа нохчашлахь хуьлуш ма-хиллара, жоп дехнера цуьнгара.
"Ас цкъа а, цхьангга а кхайкхам ца бо, ницкъбе аьлла, суна хетарехь – ницкъбар – нийса ден хIума дац, муьлххачу агIор хьаьжча а, гIелойар дика дац. Амма, халахеташ делахь а, оьгIазвахначу стага хIуъа а дан тарло, цундела вайн кегийрхошка харцахьа ма лела социалан машанашкахь бохуш, кхайкхамаш бо ас", - дийцина лецначарна таIзар дарх блогеро.
Ницкъбе аьлла къадийра Макаловс Мурад цIе йолчу нохчийн кIантаца телефонехула хиллачу къамелехь. Шен дуьххьалдIа эфирехь цо дIахьединера, йа блогер а стаг вац, йа цунна тIаьхьахIиттинарш а нах йац йаьлла. Масех де даьлча Макаловца хиллачу телефонехь цо хийцира шен дог-ойла.
"Ас саца бехира хьоьга, ахь ла ца дуьйгIира. Амма цхьаммо хьайга телефон ма тоххара, оцу сохьта сецира хьо. ХIун аьллера цо хьоьга сил беса, дийцахьа?", - цаващарца хоьтту блогеро.
Мила ву Макалов Сахьаб?
"Харцахьа" леларна бусалаба нахе бехкаш дохура Макаловс хьалха а: масала, чат-рулеткашкахь шен кьуйгакIел нисбеллачу нехан йуьхь йехира цо. Азербайджанан вахархочуьнгара бехкбаьккхира цо хьакхин жижиг диънера аьлла, ГIажарийчуьра ЧВК "Вагнеран" йолахочуьнга дов кховдийра Украинана дуьхьал тIом барна.
Тоххара а лелош йара цо "Къоман Сий" телеграм-канал, оцу тайпа нах "гучубохуш", редакцина Макаловс ша дийцарехь, дин девзачу кеп-кепарчу нехан аудиош хIиттайора цо. Цхьаболчара къобалбора кхо бен болу болх, вукхара "нийса некъаш дац" хаьржинарш баьхнера.
"Со шогачу низамашкахь лелаш ву. Къайладаьккхина хIума дац оха нахаладоккхург, оцу нехан телефонаш чуьра информаци йац оха лачкъош, оцу наха шаьш социалан машанашка хIитториг бен оха схьаоьцуш йац. Оцу харцахьа лелачу нахаца беш болу эвсара къийсам бу хIара аьлла хета суна, хIунда аьлча, уьш чIогIа кхоьру, шаьш цхьанхьа гучудовларна а, и хаам шан гергарчех дIакхетарна а", - чIагIдо блогеро.
Кавказ.Реалии сайто хеттарш динчу юристийн дешнашца, Макаловс лелочо низам дохош ду. Социалан машанашкара суьртех пайдаэца мегаш ду кхаа тайпа: йукъараллин интерес йелахь, ларамза и стаг нах дIасалелачу меттигехь нисвеллехь, йа цхьа мах лур бу аьлла, барт хилла, даьхна суьрташ делахь. Оцу стеган суьрташна тIекхача аьтто бара аьлла, уьш схьаэца бакъо йац.
Делахь а, хьалхо Макаловс ма-йаздарра (тIаьхьо и пост дIайаьккхира цо), Оьрсийчоьнан низамца цуьнан бала бац – ша бусалба хиларе терра, цо уьш лардеш дац (ша таIзар текхна а воллушехь). "Нехан сий тIе а ца кхевдина, зударий ца хьийзийна, нохчашна зенаш ца дина" ша боху блогеро, ша тIех дика стаг вацахь а – масала, дийцира Макаловс дуккха а декхарш ша тIехьерчорах а, уьш такхарх а, тахана а токхуш хиларх а. Амма билгал ца даькхкира цо, и декхарш муха гулделлера а, хьанна ша декхар вара а.
Йиллинчу хьасташкахь ма-хиллара, Макалов Сахьаб вина, кхиъна ТIехьа-Мартанара Хаьмби-Ирзехь. Соьлжа-ГIалара информационан технологийн колледже вахара иза, роботан техникана бераш Iамадора цо.
2014-чу шеран лахьан-баттахь Макаловс йиллира Kentucky TV ютьюб-канал, цигахь йукъараллехь ша ден хеттарш хIиттадора цо, социалан роликаш а, пранкаш а. Оцу тIехула гIаравелира иза махкахь. Уггар а гоьйевллачу йеа видео йукъахь йара цуьнан забарен "Нохчочо дакъа къайладоккху" цIе йолу ролик. Петар цIанйан кхайкхина нах чу а буьгий, дакъа ду аьлла, кечйина муляж масех эзар сом лур ду ша, чуьра арадаккхахь олура цо. Макаловца цхьана волчун карахь урс дара – масех стаг вада гIоьртира, цхьаъ царах лата воьллера.
Цхьа шо даьлча Макалов гIаравелира, Нохчийчуьра видеоблогерийн делегацина хьалха ваьккхина Москва вахийтира иза. Цунах лаьцна хаамбира пачхьалкхан "Грозный-Информ" агенталло. 2018-чу шарахь Макаловх лаьцна дийцира йозуш йоцчу "Дождь" телеканалан эфирехь а цхьаьна, цуьнан пранкашна дуьхьал вистхилира хIетахь Iаллерой эвлара имам Хехоев Iумар. Цо Iехочу наха "шайн ницкъ ма-ббу муцIар тIе хIума тоха йезара" блогерна элира цо.
Лаьцна латтор
Шен инстаграмехь Макаловс дIахьедо, 2021-чу шарахь Итали дIавахара ша аьлла. Редакцина цо дийцарехь, бахьана дара кадыровхоша лачкъор а, бух боцуш бехкзуламан гIуллакх шена дуьхьал даккхар а.
"2017-чу шарахь Соьлжа-ГIалара номер 3 йолчу полицин декъе вигира со, цигахь дийнна баттахь латтийра со. ДIахецархьама, суна дуьхьал бехкзуламан ши гIуллакх айдира шина Iедалан къепехула, цул тIаьхьа кхело бехкевира со. Арахь йаккха хан кхайкхийра суна, 2019-чу шеран стигалкъекъа-баттахь хан чекхйелира, тIаккха Брестехула Европе схьавера со", - элира Макаловс.
Шен дешнаш тIечIагIдеш хьалхарчу а, тIаьххьарчу а кхелан таIзаран копи йаийтира цо. Соьлжа-ГIаларчу Висаитовн кIоштан кхелан йиллинчу картотекехь цуьнан йуьззина верси йу зорбане йаьккхина. Цу тIехь йаздарца, Макалов Сахьабана арахь даккха 2,5 шо хан тоьхнера 53 обой а, уьш дIалатон 36 клей а лачкъорна. Йина йалазчу цхьана гIишлочуьра лачкъийна, "Ширачу базарахь" уьш дIайоьхкинера цо. 77 эзар соьмана цо зен дина хиллера. Цул совнах, официалан версица, Макаловс Iехийнера шена вевзаш волу цхьа накъост 52 эзар сом а доккхуш цуьнгара - Apple 6S кхо телефон цунна йухкур йу ша аьлла хиллера, амма бина барт кхочуш ца бинера. (Цунна динчу таIзарх Оьрсийчохь боцчийн кхузахь йеша таро йу).
Шен бехкана къера хилла Макалов, аьлла ду кхелан сацама тIехь, иштта меттахIоттийна цо дина зен. Кхело тергоне эцнера иза жима хилар а (цуьнан 23 шо кхача бутт бисинчу хенахь динера таIзар) – иштта велира иза набахте хъажочуьра.
Бакъду, Макаловца доьзна курхаллаш лелорна Оьрсийчуьра дIавахначул тIаьхьа а латкъамаш дора. Масала, стохка нохчийн Revizorro95оficial паблико нахала дьккхира шайн агIоне йазвеллачун дийцар. Блогеро цхьацца хьашташ ша кхочушдийр ду а бохуш, ахчанаш доху, мах шен каракхаьчначул тIаьхьа тIепаза вов, ша дийр ду аьлларг кхочуш ца деш. Макаловс ша виза йийр йу, йа кхечу мехкашкахь лела паспорташ дийр ду, телефонаш йухкур йу, конкурсаш хIиттор йу бохуш, ахчанаш даьхна хиллера. Цунах лаьцна йозанна бухахь Макаловс шайна тешнабехк барх дIахаийтина нохчийн иллиалархочо Эсамбаев Iийсас а, блогеро Джабраилов ИбрахIима а.
2022-чу шеран охан-баттахь оппозицин нохчийн Security Turkey телеграм-канало бехкевира Макалов кадыровхошца уьйрашкахь ву аьлла. Блогеро дийцина бохура, нохчийн хьаькамера, Кадыров Рамзанан гергарчу Ибрагимов Iийсагара 20 эзар долларшкахь ахча шега кхачарх. Гоьбевллачу оппозиционерийн каналаш цо ша дIакъовлур йу аьлла хиллера. ДIахьедора, кадыровхой Iехон гIоьртинера Макалов (оцу тайпа хIума нохчийн оппозиционерашлахь хилла ду), жигархошца ахча а доькъуш. Билггал долу тоьшаллаш пабликан авторша ца далийна, цул тIаьхьа публикацеш дIайехира цара (архивехь йиссина уьш).
"Со кадыровхошца воьзна ву аьлла цхьана а кепара тоьшаллаш ца карийра царна, хIунда аьлча, оцу тайпа хIума цкъа а хир долуш дац. ХIетахь гучуделира нохчийн Iедалхошна оппозицехь долчу Free Chanel каналан долахо со хилар. Оцу тIехула суна а, сан нахана а динчух лаьцна цхьаммо хьаха а ца дира",- элира блогеро редакцица хиллачу къамелехь.
ТIаьххьара кхеле кхайкхина хилла Макалов кху шеран зазадокху-баттахь – шарIан кхеле. Шен телеграм-канал шуьйра йовзийта хьийзара иза хIетахь, кхечу блогерийн беза мах болу курсаш зорбане а йохуш. Шен агIонашка йазбеллачаьргара эцнера уьш Макаловс жимма мах а луш, изза лелон вуьйлира иза оццу каналехь а, амма тIаьхьо дIакъевлира и.
Оцу тIехула дагестанхойн блогеро, оцу курсийн цхьахволчу авторо Исмаилов Арсена шарIан кхеле кхайкхинера Макалов Сахьаб, цо дихкира цунна нехан хьекъал даржон. Нохчийн блогер цуьнца реза ца хилира – шена ца хаьара ишта дан ца мегий. Оцу йукъанна кхул а хьалха Макаловс йукъайаьккхира 15 эзар соьмах шен курс, цо дош делира шен агIоне йазбеллачаран Iамон инстаграмехь "сийна билгало" муха эца йеза.
Оу лакхахь йаздинчунна тIехула масех жигархо гIоьртира Макалов схьалаха, делахь а, иза волу меттиг билггал хууш йац. Блогеро ша Италин къилбаседехь Швейцарин дозанан йистехь Iаш ву бахахь а, билггал ша волчу гIалин цIе ца йаьккхина ца Iаш, ша дIайазйечу видео тIехь муьлхха а йевзар йолу билгало а ур-аттала ца гойту цо, ша волу меттиг балгалйаларна кхоьруш.
Цхьахйолчу версица, Макалов Германихь ву, кхечуьнца – Бельгихь, кхоалгIа версица -Беларусица дозанехь йолчу полшхойн Бяла-Подляска гIалахь ву иза. Ишта йаздина ду Польшера оьрсийн мотт буьйцучарна лерина адамаш довза йиллинчу "Кокеточка" сайтера цуьнан цIарахчу анкетехь. Цхьана сурта тIехьа Макалов Сахьаб куьзгана хьалха ву Akhmat тIейаздина свитер йоьхна, Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а байракхийн кепехь тIетегна цуьргаш долуш.
Макаловс бакъдира, оцу суррта тIехь верг ша хилар, амма анкета ша хIоттийна йац бохура.
"2015-гIа шо дара и, йа 2016-гIа дара, "ВКонтактерчу" машане хIоттийнера ас и сурт. ХIетахь "Ахмат Сила" боху лозунг тахана санна лелош йацара. Суна дагадарца, и бохуш мохь бетташ бан а бацара. Сайн аьлларг хиллехь, суна хуур дара, тIейогIучу хенахь цунах муха пайда оьцур бара, оцу тайпа хIума аьттехь а сайна тIейухур йацара ас", - элира Макаловс.
Нохчийн адаташца жигаралла?
Социалан машанашкахь Макаловс дIахьочу "рейдаша" адаман дахар лардарх низамаш талхош ду, аьлла хета Европехь йехачу нохчийн бакъоларйархочунна Газиева Фатимина. Делахь а, цунна тIе жоьпалла диллийта, цо хьийзочу наха дIахьедан деза полицига. Нагахь санна, уьш Оьрсийчохь белахь, Нохчийчохь белахь муххале а, амма цигахь нийсо йийр йу аьлла, кIезиг дегайовхо йу, тешна йу спикер.
"ХIаъ, цхьа а шеко йац, вашас корта баьшна йоI Европехь кхеле йала тарлора цхьа а дуьхъало йоцуш, ша кхузахь Iаш хилча. Цуьнан сина а, дегIана а зен дина. Цуьнан вешина хаа деза, ша нийсо ца йиний, шен йишица къамел дан догIура цо, кхечу динах волчу стагаца къамел дан мегар дац аьлла, дукха хьолахь и тахана уьш лоьруш дацахь а. Ас цхьа а кIелхьара ца воху, амма ас хьахон йеза шолгIа агIо а – нохчийн Iадаташ а, гIиллакхаш а ду. Эфире а вуьйлуш, сийсазаллаш лелор товш доцург ду, масала, къаьсттина зудчунна. И нах а ма бац бакъ", - аьлла хета Газиевана.
Оьрсийн кIантаца дуьххьалдIа эфир йина аьлла корта баьшначу йоIах шен доглазар хаийтира цо, амма хазахеташ йара, иза дийна йитина а. Оьздангаллин ламастийн гурашкахь, оцу йоьIан нах нохчийн блогерца зIене а бевлла, цуьнгара бехкаш даха дезара.
Кхечу нахана тIаьхьаваьлла лелаш ламасташ дац нохчийн
Оцу кепара нохчаша машанехь "оьздангаллехьа къийсам" латтор дуьххьара дац. Нохчийн бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара ма-боххура, и доладеллера, шена улло бевллачаьрца йукъараллин а, политикан а дахарна тIехь контроль латтийна ца Iаш, бахархойн дахарна а йукъагIерташ, Кадыров Рамзанан шен Iазап дIахIоттадале хьалха.
"ХIара хуьлуш дерг Нохчийчуьра Iедалхойн инициативаца ду олийла дац, хIунда аьлча, оцу кепара радикалан оьздангаллех хьежамаш болуш бу къоман къаьстина цхьа дакъа. Эр ду-кх вай "ультраэкстрааьтту" адамаш шайн ма-хуьллу чолхечу йаха хьийза адамийн йукъаметтигаш", - элира Янгулбаевс.
Масална хьахийра цо "Карфаген" паблик, цо а болийра шен болх Нохчийчохь, цул тIаьхьа Австрера нохчийн диаспоре а кховдош. Цуьнан декъашхой тIаьхьабуьйлура нохчийн зудаберашна, цара суьрташ хIитторна а, комментареш йитарна а, церан гергарчьарга дIахьебора уьш, царна таIзар де бохуш.
2020-чу шарахь Австрин полицино лецира 19 шарера 37 шаре ваьлла пхи стаг а, цхьа зуда а, уьш шайн махкахошна тIаьхьабийларна, кхерамаш тийсарна, дойъур ду шу бохуш, кхерамаш тийсарна а.
Официалан версица, церан цхьанакхетарш хиллера йоьIаршца а, церан дайшца-наношца, кхерамаш тийсинера царна, царна а цхьана йиттинера.
"Австрера нохчийн а, гIалгIайн а Кхеташонан" куьйгалхочо Мусаитов Шайхис хIетахь тIечIагIдира, оцу кепара жигаралла нохчийн Iадаташца а, шарIица а, йа Австрин низамашца а йогIуш йац аьлла: "Нахана тIаьхьа а бевлла, уьш лоьцуш, сийсазбеш, йа аьшнаш беш ламасташ дац нохчийн".
2021-чу шарахь "Карфагенан" гIуллакхехула хенаш туьйхира – уггар а воккхахволчунна 15 бутт, царах 10 -арахь а токхуш.
- Санкт-Петербургера лачкъийна йигина 26 шо долу Нохчийчоьнан йахархо Сулейманова Седа йийна хила тарло цуьнан гергарчу наха, хаамбира бакъоларйархоша. Нохчийчуьра дIайахара Сулейманова "кхачам боллуш иман дац" бохуш, доьзалехь бехкаш дахарна а, бертаза маре йала хьийзорна. 2023-чу шеран марсхьокху-баттахь махкара бакъоларйаран органийн белхахойн гIоьнца Санкт-Петербургера лачкъийна Соьлжа-ГIала дIайигира иза.
- 2019-чу шарахь хаамбира "хьехарш дан" аьлла дIавигарх Нохчийчуьра ши ваша Вахарагов Аюб а, Асхьаб а. Iедалхошна хетарехь, "нохчийн оьздангаллин барамаш" бохон иллеш даржийнера цу шиммо интернетехь. Цул а хьалха хIетахь культурин министр хиллачу Дааев Хож-Баудис дIахьедира, концерташ йала а, шайн иллеш, эшарш машанашкахь даржон а бакъо хир йу лерринчу комиссино къобал бинчу артистийн аьлла.