ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIобан губернатора шена оьгIазбахийтина кавказхой


Оьрсийчоь -- Краснодар-мехкан губернатор Ткачев Александр, 21Заз2012
Оьрсийчоь -- Краснодар-мехкан губернатор Ткачев Александр, 21Заз2012

Хьалха а къаьмнаш ца дезарца билгалволуш хилла волчу Краснодар-мехкан губернатора Ткачев Александра деношкахь кавказхошна дуьхьал рогΙера мур айбеш къамел дина мехкан полицин а, гΙалгΙазакхийн а юкъарчу барамехь. Оцу къамело оьгΙазбахийтина дуккха а нах, шайлахь цкъачунна хаалуш хьаькамаш бацахь а. Ткачевн дΙахьедар тидаме а эцна, цунна дуьхьало ян гΙертачех ву Оьрсийчоьнан президента Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъяр тергонехь кхаба шен векал вина волу Нухажиев Нурди.


Оьрсийчоьнах а, цуьнан кIоштийн куьйгалхойх а дозуш мел долчу хIуманна само еш, шена лартIа ца хетарг Iорадаккха кIадо ца еш схьавогIучех ву Нохчийчуьра адамийн бакъонашларьярхо Нухажиев Нурди. Ша буххера дуьйна реза цахилар дIахоуьйтуш цо зорбанехь рогIера «тохар» динарг ву Краснодаран кIоштан губернатор Ткачев Александар.

Цу лаккхарчу тIегIан хьаькамо аьлла хIара дешнаш даладо юьхьанца Нухажиевс: «Вай тахана керлачу кепара лардан деза вешан дозуш цахилар а, орамаш а, ламасташ а. Оьрсийн къомаца дустарца доза тоха деза Кавказан кхечу къаьмнийн мехкара баьхкинчу хьешашна Краснодаран махкахь баха».

Нухажиев Нурдина хетарехь, и дIахьедар, Оьрсийчоьнан низамца догIуш цахиларал совнаха, къаьмнашна юкъахь хьагI-гамо кхолларна гIо деш ду аьлла , бехк-токхаман гIуллакх долон мегар долуш, галдаьлла ду. Пачхьалкхан цхьаалла, барт бохабе къамелаш лору Нухажиевс Ткачевс деш дерш.

Нохчийн омбудсменна гергахь, Кущевскехь бехк-гуьнахь доцу нах байъар тоьуш дара и гIантда шен даржера вохо, дукха хан йоццуш Крымск-гIалахь, хи чу а хьаьдда, иккхина бохам ца бийцича а. Ша шен хеннахь жоьпалле ца озаварна Ткачев Александр шен йоьжна цIе чIагIьян тIаьхь-тIаьхьа чуьравуьйлуш , хьервуьйлуш хета Нухажиевна. Цо хьекъале, лартIа ца лоручех цхьаъ ду гIалгIазакхийн полици кхолла еза, аьлла, Краснодаран кIоштан хьаькамо Iорабаьккхина хаам а.

«ГIалгIазакхийн Iер-дахар, синтем, церан Iадаташ, ламасташ лардан, - боху Нухажиевс, - оьшуш ерг гIалгIазакхийн полици яц , оьшург хьекъале политика ю, доьзална гIоьнна, цуьнан орамаш чIагIдарна тIехьажийна. Кхиош чIагIбан безарш гIалгIазакхийн баххаш бу - ярташ а, кIотарш а. Уггаре хьалха лахлуш долу къам дебо хьажа веза хьаькам. Кхузара цхьаъ дан деза къаьркъанаш мийларна а, наркотикаш яржарна а, бIаьрга Iуналлехь доцу бераш дебарна а….

Деньян езарш гIалгIазкхийн мехаллаш ю, кеп-духарш дац. ТIаккха церан а хир бу баккхий доьзалш а, къаношка лерам а. Хьакъйоллу меттиг дIалоцур ю юкъараллехь зудчо а. ТIаккха хир бац шаьш кхечу къаьмнел кIезиг а, Iадаташ дицделла а, Даймохк боцуш бисарна кхоьруш а. Ткъа хийранаш, «кхиберш» махках баха дIахьош йолу политика челакха, бIаьрзе, кхерамца доьзна хIума ду». Цу кеппара дIахьедар хааме даьккхина Нухажиев Нурдис.

Цо Краснодаран губернаторна дагадоуьйту Оьрсийчохь долу кегийра къаьмнаш цхьанхьара тIедаьхкина цахилар, хIара пачхьалкх цара оьрсийн къомаца цхьаьна кхоьллина хилар. Иза церан юкъара Даймохк хилар, церан баха кхин меттиг цахилар.

Нухажиевс, ша дипломат хиларе терра, хьахоза дуьту, къаьмнаша юкъа «зайлаш» беттар марсадаьлча, даима а санна, карладуьйлуш лаьтта историн цхьамогIа бакъдерш . Делахь а, оццу кегийчу къаьмнийн векалша, могIарерчу наха, дукха гена кхийда хьашто а йоцуш, истори евзаш болчара-м муххале а, карладахаза ца дуьту шайн иэсана лазаме хеттарш.

Иштачех ву соьлжа-гIалахо Мусайп.

Мусайп: «Истори ца евза- те оцу Краснодаран губернаторна? Цо хийранаш, тIебаьхкинарш, бохуш, лелочо цецваьккхина ву-кх со а, кхиберш а. ГIалгIазакхийн полицин стенна кхуллуш ю? Уьш хIун динарш бу? Ницкъаллин структураш йолуш яц? Цу Ткачевс лелориг Москохна ца хууш ду –те, я иштта политика ю техьа хIинца а дIахьош? Цхьа къаьмнашна юкъа стим туьйсуш, леррина леладе хIуманаш санна туьду ас-м уьш».

Дерзош аьлча, мел гIо до техьа Ткачев Александра Краснодар-махкахь бехачу гIалгIазкхашна а, ерриг Оьрсийчоьнна а боху хаттар диллина дуьсуш ду. Цунна жоп, схьахетарехь, дала дезало Кремло, цо мел йоху гIулчаш бакъйина я иза, урх узуш, сацийна.
XS
SM
MD
LG