ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кремлах дIакъасталур доцу дакъа": Нохчийчуьра бахархой лечкъор, уьш лехар


Соьлжа-ГIалин урамашкахь, гайтаман сурт. 2018 шо, гIадужу-бутт
Соьлжа-ГIалин урамашкахь, гайтаман сурт. 2018 шо, гIадужу-бутт

Нохчийчуьра Iедалхошана критика йарна лачкъийна Умаров Мовсар верца доьзна гIуллакх таллийта дуьхьал хиларна тIетайна Соьлжа-ГIалара кIоштан кхел а. Цуьнан гIуллакхан материалашна шаьш тIедитар доьхура цуьнан гергарчара, хIинцале а гIуллакх талла доьазза дуьхьало йина, сацийна гIуллакх мича тIегIанехь ду хаа лууш бара уьш. Чоьхьарчу гIуллакхийн официалан хаамашца, 2018-чу шарера схьа 2021-чу шаре кхаччалц Нохчийчохь вайна 5 эзар гергга вахархо, ткъа билггал хьаьжча, уьш кхин а алсам хила тарло. Дуккха а нах лечкъош хилар сацочу меттана, Оьрсийчоьнан Iедалхоша йаржийна и практика, шайна чудогIучу кхечу дозанаш тIехь а, аьлла хета бакъоларйархошна.

Кхетош-кхиоран къамелаш

33 шо долу Умаров Мовсар лачкъийра 2020-чу шеран аьхка – ницкъахоша дIавигинера иза, цо болх беш хиллачу Соьлжа-ГIалин йуккъерчу ресторанера. Ленинскан кIоштарчу полицин декъехь карийра иза Умаровн гергарчарна шолгIачу дийнахь. Полисхоша дIахьедира, YouTube каналехь оппозицин нохчийн блогеран Абдурахманов Тумсон роликашка хьоьжуш ву аьлла, полисхойн бIаьрг цунна тIехIоттинера аьлла. Умаровх иштта шеконаш хиллера, кест-кеста оьзда йоцчу кепехь Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан гонна а луьйш хуьлучу 1АДАТ телеграм-каналана цо видео дIайахьийтина аьлла а. Умаровн нанас бахарехь, ша цунна бехкехилар цо тIе ца дуьтура.

Лачкъийначун вашас Умаров Мусас дийцира Кавказ.Реалиига: иза вайначу хьалхарчу сахьташкахь гергарчара орца даьккхинера, Нохчийчуьра адамийн бакъонаш Iалашйан векал йинчу Саратова Хедига а цхьана дIахаийтинера аьлла. Кхо кIира даьллачу хенахь полисхоша гергарнаш тIекхайкхира, цаьрга дIахьединера, интернетехь Кадыровна луьйш, къамелаш дина, амма вукхо цунна гечдина, мархийн беза бутт карабарна, "кхетош-кхиоран" къамелаш динчул тIаьхьа цIа воуьйтур ву аьлла.

ТIаьхьа полисхоша дIахьедира, лаьцнарг ведда аьлла. ХIетахь дуьйна цуьнан кхолламах лаьцна хууш хIума дац. Иза лачкъорна бехкевира Нохчийчоьнан урхалхочун гIоьнча Байтуев Мохьмад, амма Кадыров Рамзана и бакъ ца дира.

Ницкъахоша лечкъабо нах, уьш кхерон, цаьрагара шайна пайден дараш даха, йа бекхам беш

Умаров къайлаваккхарх Нохчийчуьра Талламан комитетан урхаллин къаьсттина коьрта гIуллакхаш толлучу хьалхарчу талламан декъо стаг вийна аьлла, гIуллакх айдира. Доьазза йукъахдаьккхира талламбар, талламан маьIне барамаш цхьаммо а дIабаьхьна бац, ткъа вайначун гергарнаш тIе буьтуш бац материалашна. "Iазапашна дуьхьал Командин" Къилбаседа Кавказера филиалехь хаамбира, материалашна рогIера тIебита дуьхьалойар волайнхойн конституцин бакъонаш хьешар ду аьлла.

"Кхелехь цуьнан латкъаман бухех лаьцна дийцале хьалха оцу гIуллакхан материалашка тхайга бIаьрг тохийта аьлла, дехар динера оха. Делахь а, кхело йуха а дуьхьало йира, Мовсаран гергарнаш шайн позици дIахьейан таронех бохуш", - кхетийра бакъоларйаран организацин векало.

Оцу кхелан сацамна латкъам бира бакъаоларйархоша Нохчийчуьра Лакхарчу кхеле.

Нах лечкъоран конвейер

Нохчийчохь адамаш лечкъор – цхьа наггахь хуьлу хIума дац. Бакъоларйархоша масийттаза билгалдоккхура, "меттигерчу Iедалхошна луьйш берш лоьцу, регионехь таIзар доцуш дерриг а дуьсуш хиларна, царна тIехь ницкъ бо, уьш къайла а боху" аьлла.

Махкара лечкъийначу бахархойх лаьцна кху шарахь тIечIагIбина хаамаш бац. Нохчийн оппозицин жигархоша ларарца, кху шеран дечкен-баттера гIадужу-батте кхаччалц 246 регионера вахархо лачкъийна вигина олийла ду.

Кху шарахь дуьххьара нах лечкъор гучуделира дечкен-баттахь. ХIетахь ницкъахоша Соьлжа-ГIала дIавигира Iалхан-Йуьртара 20 вахархо. Кавказ.Реалиица къамел динчара бахарехь, экстремизмаца доьзнера царна бехкаш дахкар. Iалхан-Йуьртахь нах лечкъорах дуьйцура нохчийн оппозицин телеграм-каналаша. БархIаннан цIе йаьккхира 1АДАТ-боламо, NIYSO канало йовзийтира 14 фамили. Цул тIаьхьа итт де даьлча бакъоларйаран "Мемориал" центро тIечIагIдира, 25 борша стаг лаьцна хилар, царлахь бара тоххара а кадыровхоша лечкъийна хилларш. Царех цхьахволчу гергарчо дийцира редакцига, мел лахара а кхаа стагана тIехь къиза ницкъбира цара, Iедалхошна критика йеш уьш хиларна бохуш. Хьастан хаамашца, божарий латтийнера Грознескан кIоштара полицин декъан ларми чохь, ткъа дечкен-беттан 9-чохь экстремизмана дуьхьало латточу Центре дехьабехира уьш.

Дуккха а нах лоьцуш, Iалхан-Йуьртахь а, Хьалха-Мартанахь а йоьзна рейдаш даим а цхьана сценарийца хуьлу, дийцира бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара.

"Iалашонаш билгалйохучу заманчохь Сталинан кепех пайдаоьцу: цхьа стаг схьалоцу, цуьнан телефон, чаташ, контакташ. ЗIенехула схьагулбо, лаьцначаьрца, йа лечкъийначаьрца боьзна нах. Церан телефонаш толлу, цара дина кхъамелаш каракхочу полицин белхахошна. ХIаъ, и дерриг а бакъонехь дац. Иштта цхьана адамийн тоба вовшахкхета, уьш а иштта лечкъабо, цаьрца болх бо - ткъа цара, керла цIераш, фамилеш, адресаш дIадуьйцу",- билгалдаьккхира къамелдечо.

РогIера "зIенашкахула" нах лечкъорах бакъоларйархоша хаамбира стохка товбеца-бутт бовш, хIетахь Соьлжа-ГIалахь лаьцначул тIаьхьа вайра тIепаза меттигера вахархо Дадаев Ризван. ТIаьхьо машанехь ролик гучуйелира жимчу стаге хеттарш деш, цу тIехь цо дIахьедира, цхьана кIантаца цхьанакхета дагахь вара ша аьлла. ШолгIачу дийнахь Нохчийчохь вайра кхин а шиъ меттигера вахархо – Дадаевн телефон чохь хиллера церан номерш.

Стохка гIуран-бутт бовш NIYSO канало хаамбира, оццу шарахь лачкъийна хилла Хьалха-Мартанан кIоштара Олхазаран-кIотарара вахархо Гатаев Ахьмад къайлах дIаволларх. ДIахьедора, цуьнан дегIа тIехь ницкъбина таммагIаш хиларна, цуьнан дакъа гергарчаьрга дIаделла ца хиллера бохуш. Иза валарх цуьнан йуьртахошна хиира гIуран-бутт бовш пIераскан рузба дечохь. "Мемориалан" хаамашца, официалехь цунна тезет хIоттон ца магийра, амма чоьхьара гергарчарна пурба деллера иза лаьтте кховдош уллохь хила, ницкъахоша тIехь тидам а латтош.

ГатаевгIарна тIаьхьабовлар дуьххьара дацара хIара. 2013-чу шарахь оцу хенахь 18 шо долу жимчу стагана таIзар дира, социалан машанашкахь цо гамо, мостагIалла даржош комментареш йитина аьлла. "Мемориалан" хаамашца, цунна тIехь Iазапаш хьегийтинера.

Гатаев лачкъор нисделира Хьалха-Мартанахь дIахьочу рейдашца. Коьртачу версица, гIуран-беттан 11-чу буса Росгвардин резервхочун дов даьллера некъан полицин белхахочуьнца – дов дирзира летаршца а, герз тохарца а, цул тIаьхьа царна йукъагIоьртинера кхинболу ницкъахой а, ларамза цигахь нисбелла тешаш а. "Кавказский узел" хьастан информацица, оцу дийнахь цу кIоштара 20 гергга борша стаг лаьцнера. Оцу конфликтан видео лоьхура ницкъахоша телефонаш чохь.

Лар йоцуш вайна

МогIарера регионан бахархой лечкъийна ца Iаш, къайлабоху полисхой а, нагахь санна, "системехь болхан бан" царна кхин дIа лууш дацахь. Стохка стигалкъекъа-баттахь Казахстанца долчу дозанехула дехьавала гIоьртинчу хенахь сацийра 19 шо долу, Нохчийчуьра МВД-хь болх бина хилла Халидлв Ясин. Цуьнан 17 шо долуш, школа чекхйаккхале гергарчара полици балха хIоттийнера иза, йаздора "Новая газета. Европа" хьасто.

Дукхачу меттигашкахь лечкъийнарш латтабо арахьарчу дуьненца зIе а йоцугш, тIехь ницкъ а беш

Формалехь Халидовн болх боьзна хиллера Шела-кIоштарчу полицин декъан КПП-ца, амма цуьнан баккхийчу белхан накъосташа экстремизмана бехе бу боху, Нохчийчуьра нах лечкъош, оперативан балхана а йукъаийзавора иза. 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Халидов Украинерчу тIаме хьажийра, амма биъ бутт баьлча балхара дIавала хьоьвзира иза, цунна ца магийра. Ткъа Нохчийчу йухавеача, официалехь а доцуш, лецира иза Iедалхошна муьтIахь вац аьлла.

Дечкен-баттахь Халидовн аьтто белира республикера вада, цо гIо дийхира нохчийн блогершка, 1АДАТ телаграм-каналан администраторшка- ЯнгулбаевгIаьрга ИбрахIиме а, БойсгIаре а. Цара дош делира шаьш гIо дийр ду Оьрсийчуьра араволуш аьлла, амма цунна дуьхьал Халидовс кхаьрга кхачон йезара нохчийн полицихь болх барх а, тIамехь дакъалацарх а информаци. Полисхо хилларг реза хилира, нагахь санна, и хаамаш, ша дIавахначул тIаьхьа зорбане бохур белахь.

Бина барт бохийра ЯнгулбаевгIара, шайн каналехь оцу сохьта информаци йаржийра цара. Цул тIаьхьа ницкъахо хиллачун гергарчарна тIе баьхкира цуьнан хилла белхан накъостий. Царна тIехь гIело латтийра, йетта а йиттира, Халидов Ясин волу меттиг бийца бохуш. Иза лаца кхайкхийра, Омскан кIоштара КПП-хь лаьцна иза дIавелира нохчийн ницкъахошка

Карарчу хенахь Халидов Ясин стенгахь ву, йа иза дийна а ву, хууш дац. Адаминй бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" центро политикан тутмакх лаьрра иза.

Протоколаш ца хIиттош лецарш

Дуккха а нах лечкъош хиларан проблемин йист йоккхучу метта, Оьрсийчоьнан пачхьалкхо шайна чуйогIучу кхечу территореш тIехь а йаржийна и практика, аьлла ду "Мемориал" Центран а, "Бакъонан инициативин" а юристаша ООН-е хьажийначу рапортехь.

Оьрсийчоьнан ницкъахоша лечкъабо нах, уьш кхерон, шайна оьшу дараш цаьргара даха, йа цхьана хIумана бекхам беш. Кхерам лаьттачу нахалахь бу – терроризмаца уьйраш йу аьлла, шеконехь берш, гIаттамхойн вовшахтохараллаш йукъахь хилларш, ЛГБТКИА+персонаш а, Iедална луьйш берш, йа церан гергарнаш, аьлла ду рапортехь.

Дукхачу меттигашкахь бакъоларйаран органаша шаьш лецна нах арахьарчу дуьненца уьйр йоцуш буьту, ницкъбо царна тIехь, ишта кхечу кепара шогалла а лелайо цаьрца. Царна тIехь гIело латтийна хиларан тоьшалла ден таммагIаш дIадирзича, Iедалхоша "гучубоху" къайлабаьхьна хилларш: лоьцу уьш шайггара бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал а дохуш, дIахьедира бакъоларйархоша.

"Адамалла йоцчу" хьелашкахь латтадо адамаш беттанашкахь

Билггал Нохчийчохь маса стаг лачкъийна официалан хьасташкахь информаци йац. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн официалан хаамашца, 2018-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц Нохчийчохь вайна лоруш ву пхи эзар гергга стаг.

Йаккхийчу гIаланашкахь, масала Москвахь а, Москван кIоштахь хуьлучуьнга хьаьжча, терахь жимма бен лахара дац.

Нохчийчоь ишта "хьалха йу", байнарш кIезиг карочу регионашлахь. ХIора шарахь республикехь тIепаза бовчу 1700 стагах караво 20-30. "Iазапашна дуьхьал Командо" Кавказ.Реалиин корреспондентацйа хиллачу къамелехь тIечIагIбира и хаамаш. Даржехь болчу наха адамаш лечкъорах организацино Къилбаседа Кавказехь дIахьош долу дукхахдолу гIуллакхаш Нохчийчоьнах хьакхалуш хуьлу, йа кхечу регионашкара нохчех, билгалдоккху бакъоларйархоша.

Шаьш стаг лацарх кехаташ ца хIиттош, лармаш чохь уьш латтор шуьйра даьржина догIу регионехь, хьахийра редакцица къамелдечо. Адамаша ловр доцчу хьелашкахь латтабо уьш беттанашкахь кеп-кепарчу Iалашонашца: ахча даккха, таIзар деш, дараш даха

"Оцу лармаш чохь хIуъа а царах хила йиш йу, Iазапаш хьегийтар а. Цигахь цхьана а кепара Iалашбеш бац уьш, - билгалдоккху организацихь. – Кест-кеста ишта а нисло, адам лачкъийначул тIаьхьа иза ца гуш хан йаьллехь, хаа ду, иза воцуш вуй".

И стаг лачкъийначул тIаьхьа дукха хан мел йолу, кIезиг дегайовхо йу иза дийна хиларх

"Дерриг а доьзна ду, иза лачкъоран бахьанах, гергарчеран реакцих, гIуллакх нахала даккхарх, бакъоларйаран организацеша оцу гIуллакхехь дакъалацарх, кхиндолчу бахьанех а. Тхан практикехь нисделла аьттонца дирзина гIуллакхаш а, лецна нах дIахоьцуш: масала, Амриев Мурад дIахийцира тIехь ницкъ а бина, хьайн ваша тIеваийта аьлла. Кхечу хиллачу бахьанашца байнарш кхин цхьанна а гина бац", - тIетуйхира бакъоларйархочо.

Европехь вехачу нохчийн бакъоларйархочо Кутаев Руслана кхетийра Кадыровн критикашна тIаьхьабийларх регионехь нах протесте бовла кхоьруш хиларца: "Къайлахчу сервисашкара Оьрсийчоьнан кураторш кхеташ бу, нагахь санна, нохчийн протестийн дог-ойланаш сизал тIехйалахь, и сацон хало хир ду. Царна тIедиллина ду, ураме, майдане нах ца бовлийта хIуъа а йукъахдаккха аьлла. Машанехь комментарий йитарна бехкбаьккхина ца Iаш, орамца иза бухдаккха, и цара хIинца дан а до".

Кутаевна хетарехь, нохчашна тIаьхьабийлар – Кремлан политикана йукъара даккха йиш йоцург ду: и хьакхалуш ду республикера бахархойх а, Оьрсийчуьра бахархойх а цхьаьна. И дерриг а магийна ца Iаш, федералан центро "и ца дича ца буьту", аьлла хета цунна.

"Iедалхойн пурбанца Нохчийчохь лелош йу репрессеш, цхьана лабаратори чохь санна, цул тIаьхьа оцу барамех Оьрсичоьнан кхечу регионашкахь а пайдаоьцу. Политикан тутмакхех а, Орсийчоьнан Iедалан оппонентех а, кхиндолчу хIуманех а хьакхалуш ду и", - боху эксперто.

  • Дуьненайукъара бакъоларйаран Amnesty International организацино охан-баттахь ООН-н адамийн бакъонашкахула волчу Лакхарчу комиссаран урхалле рапорт хьажийна Оьрсийчохь адаминй бакъонех лаьттачу хьолах лаьцна. Цу тIехь билгалдаьккхина тIаьхьарчу пхеа шарчохь хьал талхарх, "политикан буха тIехь тIаьхьабийлар кхиар, кхин а чIогIа репрессеш лелон магош низамаш дахар, аьттехьа деш таIзар цахиар адамийн бакъонаш хьешарна". Доккхачу декъанна масалш далийна Нохчийчохь нехан бакъонаш ларйеш цахиларх.
  • Бакъаоларйархоша билгалдоккху, "Нохчийчохь меттигерчу Iедалхошна критика йийраш лецар, уьш къайлабахар, регионехь и дерриг а могуьйтуш хилар". И тIечIгIдо Тепсуркаев Саламан, оппозицин 1АДАТ телеграм-каналан чатан модератор хиллачун масало. Иза лачкъийра кадыровхоша, цунна тIехь Iазапаш хьийгира, тера ду иза цул тIаьхьа вийначух. Иштта бакъоларйархочун Янгулбаев Абубакаран нана, Мусаева Зарема, кадыровхоша лачкъийира иза Лаха Новгородехь, бехкейира полисхочунна тIелатарна.
  • Йалх шо хьалха муьлш бу цахуучу наха Соьлжа-ГIалахь лачкъийра нохчийн иллиалархо Бакаев Зеламха. Оцу хеначохь цуьнан гергарчеран аьтто ца хилла, оцу зуламна бехке мила ву хаа а, иштта бехкзуламан гIуллакх деллийта а. "Бахьана дац гIуллакх доло", - дIахьедира 2017-чу шеран гезгамашин-баттахь Нохчийчуьра МВД-хь, хIетахь дуьйна церан позици кхин хийцайелла йац. Амма хIетте а вайначун нана тахана а сатуьйсуш йу шен кIанте. Кризисан "СК SOS" тобано шайн талламехь йаздира, Бакаев Зеламха кадыровхоша вийна аьлла.
  • Къайлах набахтеш республикехь йац бохуш, чIагIдо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Доккхачу декъанна, цо дIахьедира, шен шахьаран дозана тIехь бакъо йоцуш лецнарш чохь латтон лармаш йац аьлла. Оцу йукъанна "Новая газето" а, бакъоларйаран "Комитет за гражданские права" организацино а масийттазза хаамаш бира Нохчийчуьра къайлахчу набахтешкахь республикехь лачкъийна нах бу латтош аьалла. "Оппозицин блогеро Янгулбаев ИбрахIима дийцира, ша чохь валлийначу къайлахчу набахтех лаьцна, дийцира иштта Кадыровс дакъалацарх ницкъбеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG