Нохчийчоьнан куьйгалхочун "долара бохча" аьлла цӀе тиллинчу Кадыров Ахьмадан фондо хаам бира Африкехь маьждигаш деш хиларх лаьцна. Цо хьалхо дӀакхайкхийра ГIазза секторе а, Шема а, Эфиопе а, кхечу пачхьалкхашка а гуманитаран гӀо хьажорх а. Кремло Москвана хьашт йолчу исламан регионашкахь "кӀедачу ницкъашна" хьалхаваьллачух санна цунах пайдаэцарца йозу Кадыровн арахьарчу политикан проекташ Кавказ.Реалиин редакцино къамел динчу эксперташа.
Мангал-бутт йуккъе баьлча Кадыров Рамзана дӀахьедар дира, шен ден Кадыров Ахьмадан цӀарах йолчу фондо ахча лур ду Гвинея-Бисаухь пхи маьждиг дан аьлла – оцу мехкан президент коьртехь волу делегаци хилла хьалхо республикехь. Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен телеграм-каналехь яздина бусулба динан ГӀурбан дезчу денна лерина деллачу сагӀанех лаьцна.
Цул сов, цо тӀетоьхна, цу фондан ахчанах Гвинея-Бисаун 500 вахархо Макка зиярт дан вахийтира аьлла. Цуьнца цхьаьна, "Кавказ.Реалиин" редакцино билгал ма-даккхара, фондо 200 "квота" йелира Нохчийчуьрчу бахархошна ХьаьжцӀа боьлхуш ахчанца гӀо дан. Цул сов, Кадыровс дӀакхайкхийра, бусалба дино билгалдаьхна гӀурбанаш даха СаӀудийн Маккара бахархошна 12 эзар уьстагӀ ша эцарх а. Дустуш аьлча: луларчу Дагестанна а, ГӀалгӀайчоьнна а белира цо ши эзар устагI, ткъа Нохчийчохь 20 эзар даьхни декъарх дIахьедира фондо.
Гвинея-Бисауна тӀе тидам бахийтар доьзна дара стигалкъекъа-баттахь мехкан президент Iумар Сисоку Эмбало Соьлжа-ГӀала варца. Цуьнан делегацино масех де даьккхира Нохчийчохь, ткъа цуьнан цхьана декъашхочо тӀедиллира Кадыровн 16 шо долчу кӀантана Адамна (тӀеман министраллан батальонан а, лерринчу ницкъийн университетан а куратор ву иза) шайн эскархошна герз тоха Iамадахьара аьлла. Соьлжа-ГӀалахь Iумару Сисоку Эмбалоца цхьаьнакхетар хиллачул тӀаьхьа дукха хан ялале Нохчийчоьнан куьйгалхочо дӀакхайкхийра Бисаухь Нохчийчоьнан дуьххьарлера Оьрсийчоьнехьа хиллачу президентан Кадыров Ахьмадан цӀарах проспект схьайоьллуш хиларх лаьцна.
Африка Ӏаламат мехала ю Путинна, цо "антиколониалист" волуш санна духар лелош хиларна
Къаьсттина бусулба дукха нах бехачу оцу Африкан пачхьалкхера делегаци Нохчийчу йар дуьйзира политологаша Гвинея-Бисау, кхин а 143 Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин декъашхой-пачхьалкхаш санна, Украинан оккупаци йина дозанаш оьрсийн лара реза ца хиларца, ткъа Кадыровн Сисоку Эмбалоца хиллачу зӀенах Кремло бинчу тIеIаткъаман канал ю аьлла. Цул хьалха Москвано Гвинея-Бисауна тIехь хилла 26,1 миллион доллар барамехь доллу декхар царна дитира.
Ша Гвинея-Бисаун статус тидаме эца догӀу: Ӏамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн наркотикашца къийсам латточу урхалло бинчу хаамца, тӀаьхьарчу шерашкахь наркотикаш йухкучийн база хилла дӀахӀоьттина и пачхьалкх. Карарчу хенахь Гвинея-Бисау дуьненахь уггаре а къечу пачхьалкхех цхьаъ ю, иза "таро йоцу пачхьалкхийн" могӀарехь ю.
Фонд "Оьрсийн доцу дуьне"
Маьждигаш дан Кадыровс Африкера пачхьалкх хаьржина хилар ларамаза дацара. Политолог, Карлан университетан социологин Ӏилманийн хьехархо Дубровский Дмитрий тешна ву: "Африка Оьрсийчоьнна мехала регион ю, иза цига тайп-тайпанчу кепара чуйаха гӀерташ ю: Пригожинехула а, ЧВК-хула а ма-хиллара. Цуьнца, суна хетарехь, кхин цхьа бахьана ду, хIунда хьехна, йа тIедожийна Кадыровна цигахь маьждигаш дан. Путинна Африка чIогIа оьшуш йу, хIунда аьлча, цо "антиколонизаторан" духарш доьхна, ткъа хIинца Кадыров ву цигахь гуманитаран кеп-кепара гIо латтадо бохуш, доттагIалла гайта хьийзаш".
Оьрсийчоьнан "ШариӀатан арахьарчу гӀуллакхийн министралла"
Оцу хьолехь къамелдечо Нохчийчоьнах "жима Оьрсийчоьнан Туркойчоь" олу: "Цу пачхьалкхо, СаӀуда Ӏаьрбийчоь санна, маьждигаш а, кхин йолу культурин гӀишлош а ярца классикан кӀеда ницкъ лелабо. Маьждиг -мехала гӀишло ю, амма оццу хенахь йу иза иштта регионехь политика а, культура а хиларан билгало а".
Оьрсийчоьнан регионаша шайггара арахьара политика лелош йац, амма Нохчийчоь дукха хенахь дуьйна башхалла йолуш йу цу тIехь, билгалдоккху оьрсийн политолога Преображенский Ивана: "Иза доьзна ду, Оьрсийчоьнан Iедална Кадыров Рамзан "Оьрсийн доцу дуьне" фонд хиларца, йа Оьрсийчоьнан Федерацин "шариӀатан арахьарчу гӀуллакхийн министралла" хиларца. Иза дерриг а арахьарчу политикан цхьа дакъа ду, Кадыров Рамзанан куьйгаца, дукха хан йоццуш "Проектан" профайлера ма-хаъара, Оьрсийчоьнан бюджетера кхочучу ахчанца дӀахьош йолу. Россотрудничество, йа цхьана кхечу организацеша йеш йелахь а Парижера Оьрсийн цIенна уллохь йеш килс йу, ткъа Гвинея-Бисаухь маьждиг деш Кадыров Рамзан ву".
Цо хьесап дарехь, Кадыровс пайдаоьцу арахьарчу проектех ша чӀагӀван а, ишта кхин а пайда схьабаккхархьама а: "Цо маьхза хӀумма а ца до. И хаттар дика тидаме эцча, гучудала тарло кху махкахь ахчанаш лечкъо, йа герз дохка таро хилар. Кхин а тIе пайда бан хьаста хила тарло, цо дайина ахча меттахIоттийна ца Iаш, кхин а тIе пайда бохьур бу".
Арахьара политикан мандат
Оьрсийчоьнал арахьарчу бусулба нахана гӀо дарх лаьцна фондан а, ишта Кадыровс бечу хаамийн а билгале долу дакъа – Оьрсийчоьнео арахьарчу бусалбанашна гIо дарх дIакхайкхор ду. Цу кепара, фондо дӀахаийтира Маккахь 30 эзар стагана ифтар (марха дохор) вовшахтохар, цигарчу мискачу нахана 10 эзар уьстагӀийн жижиг дӀасадекъар.
2023-чу шарахь Туркойчохь а, Шемахь а 58 эзар сов стаг а вуьйш, ирча мохкбегор хиллачул тӀаьхьа, Кадыровн фондо дӀакхайкхийра Латакерчу бахархошна гуманитаран гӀо дийр ду, 32 контейнерийн цӀа дIахIоттор ду аьлла, цул тӀаьхьа дӀахьедира махкахь бехкачу нохчашна леррина мохь дIакхачор хиларх а.
Иштта 2017-чу шарахь цу фондо хаам бира Мьянмехь хьийзочу рохинджа бусалбанашна гуманитаран гӀо дахьийтарх лаьцна. ТӀаьххьарчу шерашкахь республикерчу Ӏедалша дӀакхайкхийра Сомалихь а, Эфиопехь а, Урдунехь а, Шемахь а сагӀа даларх. Израилна а, ХӀАМАС-на а юкъахь керла тӀом болабеллачул тӀаьхьа Кадыровс хаам бира Соьлжа-ГIалара орцаллин министралло ГIазза секторе гуманитаран гӀоьнан кхоъ мохь бахьийтарх.
И дерриге а догӀу Кремло билгалйаьккхинчу Кадыровн дипломатин ролехь, комментари йо Къилбаседа Кавказерчу аналисто Чемберс Гарольда: "Дуьненаюкъарчу ловзархочун васт хилар а, цуьнан дипломат санна мехалалла кхуьуш хиларан тоьшаллаш а хилар пайдехьа ду цунна. Оцу тайпа белхан жамI ду пачхьалкхан гIуллакхаш доьзна Нохчийчу пачхьалкхийн векалш бахкар, масала, Гвинея -Бисау санна, йа Кадыровс кхечу пачхьалкхийн куьйгалхой Москва баьхкича цигахь дакъалацар".
Кремло бакъо ло Кадыровна шен цӀарах гуманитаран гӀуллакхаш лело - эххар а, иза стандартехь доцуш дисахь а, Москван Ӏалашонашна гӀуллакх деш ю иза, тӀетуьйхира къамелдечо: "Москва вуно пайдехьа йу 2018-чу шарахь тайп-тайпанчу пачхьалкхашца болх бан аьтто хилар кху дуьненаюкъарчу тӀеӀаткъаман муьрехь. Делахь а, пайда хьулчу оцу пачхьалкхийн Iедалхой мел реза бу Кадыровна, цуьнан хьесап дан хало ду".
Исламан пачхьалкхашца зIенаш латторехь ша воцуш ца терг ван хьийза Кадыров
Исламан пачхьалкхашца зIенаш латторехь ша воцуш ца тера ван хьийза Кадыров, и до цо церан гIуллакхе хьажа гIерташ, шена гIо-накъосталла доьхуш а, бохура коррупцица къийсам латточу Transparency International - Оьрсийчоьнан коммерцин йоцчу организацин куьйгалхочо Шуманов Ильяс: "Географин дӀасадаржаран агӀор хьаьжча, хӀара шатайпа ду, хӀунда аьлча, Кадыровн мандат ду Мьянмехь а, Шемахь а, кхечу пачхьалкхашкахь а цу кепара "кӀеда ницкъан" проекташ хила а, уьш кхочушйан а - и дерриге а цуьнан роль ю, исламан дуьне лардеш волчун санна. Цул сов, со кхетарехь, уьш оьшуш а бу: Кадыров тӀеоьцуш ву тӀеман хьаькам санна – герз долу стаг, хьал долу буьйранча, возуш воцу, амма низамехь волу. Цундела, и хатI товш йолчу пачхьалкъашна оцу кепара нах оьшуш бу".
Кадыровс дӀахьош йолу арахьара политика, шайна юкъахь тайп-тайпана гуманитаран акцеш а йолуш, йозуш йоцуш йу ала йиш яц, тӀетуьйхира политолога Дубровский Дмитрийс: "Делахь а, иза дикка къеггина гайтам бу цуьнан говзаллин. 90-чу шерашкахь цхьайолчу Оьрсийчоьнан регионийн таро яра цхьацца йозуш йоцу арахьара политика дӀаяхьа. Масала, ГIезалойчоь йа Якути. Амма хӀинца Кадыров бен ца вуьсу оцу йерриге а "хьалха хиллачу сийлахьаллах" - цунна хӀара шен Iедалан ницкъ а, шен маьӀна а чӀагӀдар ду. Иза, цхьана агӀор, Путинан салти ву, ткъа вукху агӀор, дуьненаюкъара актер, Шемахь а, Гвинея-Бисаухь а цхьаъ хьалайеш, шен репутаци йазйан хьийзаш".
15 шо хьалха массо а Оьрсийчоьнан губернаторийн аьтто бара шайн-шайн арахьара политика дӀайахьа, дагалоьцу Преображенский Ивана: "Масала, хӀетахь Москван мэр хиллачу Лужков Юрийс хӀетахьлерачу Украинан Севастополехь цӀенош а дора, Москван пачхьалкхан университетан филиал схьайелла ахча а делира. Йа цхьаболчу губернаторша санна Лукашенко Александрца юкъаметтигаш лелийра, амма цул тӀаьхьа дерриг а сацийра, хӀунда аьлча, Оьрсийчоьнан Ӏедало политикан гӀуллакх дан бакъо дӀайаьккхира, иза логикаца догӀуш ду: мухха делахь а федералан центран декхарш ду уьш".
Кхачалур доцу хьал
Кадыровн фондан Нохчийчоьнал арахьа болх хаъал чӀагӀбелла Оьрсийчоьно Украинина дуьхьал буьззина тӀом болийначул тIаьхьа. 2022-чу шеран гурахь дуьйна фондо денна бохург санна хаам бо дӀалаьцначу дозанашкахь шаьш "сагIадаккхарх". 2022-чу шеран зазадокху-баттахь а, оханан-баттахь а Кавказ.Реалиин редакцино багарбина иттаннашкахь цу кепара хаамаш. Масала, фондо йаздира Мелитополе молханаш, кхчачанан сурсаташ дӀакхачорх а, сепаратистийн "ЛНР" олучу меттигера бусалба нахана ифтар вовшахтохарх а, дIахьедира Мариуполера кафедралан маьждиг юхаметтахӀотторх а. Оьрсийчоьнан эскархоша гIала схьайоккхучу заманчохь дохийна дара и.
2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Кадыров Рамзана хаам бира, цхьана баттахь цу фондо 4 миллиард гергга ахча дайина гӀоьнна аьлла – цо билгал ца даьккхира и ахча мичара долу а, ткъа иштта мел дайина цунах Нохчийчоьнал арахьа а.
Фондо кхайкхош йолу йерриге а проекташ а, сагӀанаш далар а кхочушдан йиш яц, нагахь санна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнгахь кхачалур доцу хьал дацахь, тешна ву Шуманов Илья: "ТӀаьххьара "Проекто" бинчу талламо гайтира, пачхьалкхан контракташ кхочушйеш къа а ца хьоьгу цигахь, кир дIасакхоьхьучу машенаш тIехь ахчанаш, тоннашкахь деший аракхоьхьу цара. Кадыровн фонд жигара дакъалоцуш йу бюджет ахчанца схьаоьцучу компанийн балха тIехь. Оцу хӀумано ойла а йойтуш, теша до вай, цхьана кисанара вукху кисана ахча кхачор хIара хиларх".
Цуьнан хьесапашца, Кадыровс далочу терахьийн таллам бойла дац: "Цул сов, уьш хаддаза хийцалуш ду: цхьана меттехь цо дуьйцург цхьаъ ду, ткъа вукху меттехь – кхин дуьйцу. ХӀара ахчанан Ӏовраш чухьадар цхьаммо а тергал деш дац, вайна и гуш ду, банкашкахь цхьана а кепара байракхаш ойбуш йац, царна тергал ден хIума ца хета Нохчийчуьра кIошташкахь таксхой болчу наха даккхий ахчанаш шайга схьаоьцуш хилар".
Шен юкъараллин гӀуллакхашца султанийн дахарх а, Ӏаьрбийн эмирийн дахарх а тардан гӀерта Кадыров
Виртуалехь йаьсса рапорташ зорбане яха таро йолчу кӀеззигчу организацех цхьаъ йу Кадыровн фонд, дагалоьцу Шумановс.
Къамелочо Нохчийчоьнан куьйгалхочух "президентан официалан воцу векал" олу, Кадыров Ахьмадан цӀарахчу фондера йерриге а проекташ республикан куьйгалхочун шен интересашкахь кхочушйеш хилар билгал а доккхуш. Цо шен финансийн а, политикан а каналаш шорйеш, чӀагӀйеш йу, цул совнах, гӀортор латтайо Кремлан арахьарчу политикана.
"Иза пиар йу, дера йу. Де-факто, Кадыров Рамзанна таро ло, субъектийн куьйгалхойх цхьаъ санна, йозуш йоцу арахьара политика дӀайахьа, масала, цо, накъост санна, саӀудхошца цхьаьнакхетар вовшахтухуш хилча. Де-факто шен массо а юкъараллин гӀуллакхашца Кадыров гӀерта султанийн дахарх а, Ӏаьрбийн эмирийн дахарх а шен дахар тардан", - аьлла дерзийра шен къамел коррупцица къийсам латточу эксперто.
- Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу фондах масийттаза элира КадыровгӀеран "долара бохча" ду, цу тӀе массо а пачхьалкхан секторан белхахой декхаре бо цу йукъа ахчанаш дахка. Фондан активаш 2023-чу шарахь хилла 5,3 миллиард ₽ – иза маситтазза кӀезиг ду, нохчийн Ӏедалша ма-аллара, цо Украинерчу тӀамна дайинчу ахчанал а. Иштта и фонд ю Ӏамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн санкцийн тептарехь, "Глобалан Магнитскийн актан" буха тӀехь.
- Нохчийчоьнан бюджете кхачон федералан ахча Кадыровн Ӏуналла дечу кхаа компанехула схьадоккху – царех доккхаха долу дакъа дӀадоккху бюджетан организацешца динчу контракташкахула, ткъа цул тӀаьхьа долахь болчу нахе ахча доккху. Компанийн финансийн дӀахьедаршна тӀе а тевжаш, Нохчийчохь бюджетан ахча схьадаккхаран схемийн деталаш зорбане яьхнера "Проект" зорбанан гӀирсо.