Оьрсийчоьнан бахархошна шайн мехкалла далар сацийначу Сербин Iедалхоша кху шарахь паспорт делира Халидова Иманна, хетарехь Халидов Сумайдан йоI йу иза. Спортан нохчийн хьаькам а, криминалан сводкашкахь гIараваьлла бизнесхочух Сербин вахархо хилира 2023-чу шарахь, оцу пачхьалкхана "интересе" ву аьлла. ХIун ду ХалидовгIарах лаьцна хууш дерг, Оьрсийчоьнан кхечу бахархошна дуьхьало йечу заманчохь, муха кхаьчна царна мехкалла- тхан редакцин материалехь дуьйцу. Маршо Радион Балканан сервисца йукъахь бина болх бу хIара.
"Интересе ву"
Сербин мехкалла оьцучу хенахь, шайгарчу кхечу пачхьалкхан паспортах дIакъаста оьшуш ду. Делахь а кхузахь а цхьацца билламаш бу: меттигерчу низамца а догIуш, Сербина "интересе болчийн" бакъо йу кхечу мехкаллех ца хедаш паспорт схьаэца. Къаьстинчу къепехь паспорт луш сацам тIеоьцу Iедало.
Оцу тайпа акташ зорбане доху кест-кеста арахоьцучу "Службени гласникехь" ("Официальный вестник"), цу тIехь ца йаздо, мехкалла дала хIун бух бара а, и сацам тIеэцначу "профилан министраллин" цIе а ца хуьлу йаьккхина. Делахь а документа тIехь хуьлу керлачу вахархочун фамили, цIе, ден цIе а, иштта иза вина де а, меттиг а хуьлу билгалбаьккхина.
2025-чу шеран дечкен-баттахь арахецначу "Службени гласник" номер 8 йолчу гулар тIехь зорбане баьккхина къаьстинчу къепехь 33 шо долчу Халидова Иманна мехкалла луш бина сацам. Стенна "интересе" йу иза пачхьалкхана, хууш дац, цунах лаьцна цхьанхьа а хаамаш каро аьтто ца хилира.
Схьагарехь, Иман – Нохчийчуьра совдегаран, спортан мастеран, Оьрсийчоьнан хьакъволу боксан тренеран, Оьрсийчоьнан боксан Федерацин исполкоман декъашхочун, Европан боксан конфедерацин вице-президентан Халидов Сумайдан йоI йу
2023-чу шеран стигалкъекъа-баттахь цунна а лерринчу къепехула Сербин бахархойн бакъо йелира. 2023 шеран стигалкъекъа- беттан № 42 йолчу "Службени Гласник" гуларехь билгалдаьккхина ду Халидов вина де а, меттиг а (1966 шеран марсхьокху-беттан 16-чу дийнахь Кен-Юьртахь), ден цӀе (Айндиевич) а йу йазйина. Халидовх лаьцна изза информаци зорбане йаьккхира йиллинчу хьостанашкахь – масала, нохчийн зорбанехь. Цо а тӀечӀагӀдо, вай вуьйцург хьаькам хилар.
ХалидовгIеран йа Сумайдан а, йа Иманан а цхьана а кепара Сербихь компани йац, царех лаьцна хьахош дац Сербин зорбанийн йиллинчу хьасташкахь а. ХалидовгIеран Сербица уьйраш хиларх лаьцна а бац хаамаш йа оьрсийн маттахь долчу хьасташкахь а.
Тхан редакцино дахьийтинчу кехатана пачхьалкхан Ӏедалан зорбанан сервисо жоп ца делира, хӀунда ду уьш бахархой тӀеэцар Сербина "интерес йолуш", муьлхачу "хьакъйолучу министралло" рекомендаци йина царна паспорташ дала аьлла, шайга деллачу хаттарна.
Халидов Сумайд мила ву?
2017-чу шеран мангал-баттахь Москвара Крылатские Холмы олучу кӀоштахь герзаш детташ, урс даьккхина хиллачу конфликтах хаамийн гӀирсаша "летарш" а, "нохчийн тайпашна йукъахь хилла къестораш" а ду элира. Цигахь дакъалаьцнера 40 гергга стага, вийра ши ваша Байсуров Шарпуди а, Руслан а, кхин а ши Байсуров лазийра. БайсуровгӀарна дуьхьал хиллачарлахь вуно чӀогӀа чевнаш йира Халидов Сумайдана а, цуьнан вешина миллиардерна а, "йийбаран паччахьна" Мохьмадна а. Росбалто йаздира, и йохка-эцаран центраш хьалха Москвара бизнесхочун Зуев Сергейн долахь йара, ткъа вежарий ХалидовгIар Мохьмад а, Сумайд а, Ӏарби а цуьнан партнераш бара аьлла. "Три Кита" йохка-эцаран центрна дуьхьал лелийначу контрабандех хьалхо гIуллакх дIахьош хиллачу талламхочунна тӀе а тевжаш, Life таблоидо чIагIдора, иза эца ахча Зуевна 1998-чу шарахь Халидов Мохьмада делира, ткъа цунна и стенгара даьллера, хууш дац аьлла.
Публикацеша дийцарехь, 2004-чу шарахь Зуевс "Гранд" телеканал ХалидовгӀеран доьзалца йоьзна йолчу компанийн дола йелира, хетарехь, цхьаммо тӀеӀаткъам а беш. Иза лач тӀечӀагӀдо SPARK системин хаамашца а: 2004-чу шарахь Халидов Сумайд хӀоьттира шел хьалха Зуевс куьйгалла деш хиллачу "Альянс-95" а, "Грандпари" а компанийн коьрта директор; Халидов Мохьмад вара "Грандпари" компанин долахойх. ХӀинца и ший а организаци дӀайаьккхина.
"Росбалтан" хьостанаша дийцарехь, Зуев иштта воьзна хилла шен бизнес "латточу" Байсуров Шарпудица а. БайсуровгӀеран а, ХалидовгӀеран а доьзалшна йукъахь дов иккхира, "Гранд" тӀаьххьарчийн дола йерзийча. Оццу хенахь Mash телеграм-канало хаам бира, Халидов Мохьмад миллион доллар декхар ву Байсуровна бохуш.
"Гранд" а, "Три Кита" а йохка-эцаран центраш гӀарайевлира 2000-чу шарахь, йийбарца контрабанда лелош хиларца доьзна бехктакхаман гӀуллакх долор бахьана долуш. Дозанхоша дийцарехь, йийбар латточара цуьнан йозалла лаххара гойтуш хилла, и бахьанехь масийттазза лахара болу мах лакхабоккхуш хилла.
Таллам хьакхабелира цхьа могӀа ницкъаллин структурех; цхьа хан йаьлча, дозанхойн сервсиан хьаькамех а, талламхойх шеконаш кхоллайелира. Цу гӀуллакхо балхара дӀабаьхна цхьа могӀа баккхий хьаькамаш, шайна йукъахь суьдхо а, дозанхойн сервисан куьйгалхой а, наркотикашна тӀехь терго латточу федералан сервисан хьаькам а, ФСБ-н директоран гӀовс а волуш, хаамбина "Досье" центро.
"Важные истории" гIирсан хаамашца, контрабандан схемин дукхахболу декъашхой боьзна хиллера Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца цхьаьна КГБ-хь гIуллакх динчу Романов Александрца а, цу хенахь МЧС-н хьаькам хиллачу Шойгу Сергейца а.
2010-чу шарахь Зуев Сергейна бархI шо хан туьйхира контрабандех долчу гIуллакхна тIехула. 2024-чу шарахь кхелхира иза.
Халидов Мохьмад дакъалоцуш вара контрабандана бечу талламехь, амма жоьпе озийна вацара – коьрта прокуратуран векало кхетийра цунах, иза бехке веш телефонехула динчу къамелийн дӀайаздарш дайна хиларна ду аьлла.
Иштта, Крылатские Холмы паркехь герзаш деттар бахьана долуш юридикехь бехкаш ца дехкира вежаршна Халидов Мохьмадна а, Сумайдна а. Ши шо даьлча, стаг верах гӀуллакх дӀакъевлира, талламчаша элира цара лелийна барамаш шаьш Iалашдеш лелийна хIума дара аьлла.
Халидов Мохьмад а, Сумайд а воцург, оцу герзаш деттарх лаьцна хаамашкахь хьахош йара кхин цхьана вешин Ӏарбин цӀе а. Мохьмадан ден цӀе а хьахийра - Айндинович аьлла. 2003-чу шарахь контрабанда лелоран гӀуллакхах лаьцна йазйинчу артиклехь "Новая газета" тIетевжира полицин хаамна, цуьнца а догIуш, ву церан ишта Самхьад цӀе йолу ваша а.
Цу гӀуллакхо аьтто бо, Москвахь летаршкахь лазийна хилла Халидов Сумайд а, боксер, боксан федерацин хьаькам а – цхьа стаг хилар билгалдаккха. 2011-чу шарахь "Грозный-Информ" пачхьалкхан агенталло зорбане даьккхинчу кехат тӀехь хьахийна Халидов Сумайдан вежарий Ӏарби а, Самхьад а, уьш а боксерш бу, церан да Iайнди а (кхечу материалехь кхечу ден цIе йаьккхина – Ахьмуд; схьагарехь, и гIалат ду, Ахьмуд кхечу гергарчу стеган цIе хила тарло).
"Кадыровца дагабевлла дина хила дезаш ду"
SPARK системехь йолчу информацица, тайп-тайпанчу шерашкахь Халидов Сумайд вара 10 эзарера 400 миллион соьме кхаччалц уставан капитал йолчу цхьа могӀа компанийн директор а, долахо а. Цара коьрта лело жигаралла йара йийбарца йоьзна, гIишлойарца, складаш лелорца, машенаш йохкарца а. Цхьаццанхьа компанеш йехкинарш бу бохуш цIераш йаьхнера вежарийн Мохьмадан а, Iарбин а. Царех дукхахйерш хӀинца дIасайохийна йу, йа банкрот хилла йу.
2023-чу шарахь Адлеран кӀоштан кхело къобалйира Коьрта прокуратуран иск, Халидов Сумайдана Кубанера "Сириус" федералан территори тӀера лаьттан дакъа ханна лело далар низамехь доцуш хилар къобалдеш. Цигахь йу "Утро" пансионат а. Халидовна тӀедожийра цигара гӀишлош йохор, ишта цуьнгара а, пансионатера а экологина дина 887,3 миллион ₽ зе меттахӀоттор тIедожийра. Стохка гезгамашин-баттахь чуйеллачу апелляцихь Халидовна тIедиллина зенаш меттахӀиттор йухадаьккхира, амма вуьшта и сацам ницкъе берзийра.
Йоллу Оьрсийчохь а, цул арахьа а Кадыровн эмиссараш гIоьртира нохчийн бизнесхой шайн куьйгакIел эца
2013 шарахь Болгарин коьртачу шахьарахь Софияхь схьайиллира боксан а, муай-тайн а спортзал, Халидов Сумайдан цӀе тиллира цунна. Хаам ца бира, ша Халидов цуьнца цхьа а уьйр йолуш ву йа вац аьлла. Болгарин спортан летарийн сайта тӀехь йаздарехь, 2018-чу шарахь а спортзал болх беш йара, амма 2020-чу шарахь цо лелош кхин цIе йара.
ТӀаьххьарчу шерашкахь Халидов Сумайдан цӀе коьртачу декъана гучуйолу боксан федерацин гӀуллакхех лаьцна репортажашкахь. Цуьнан кӀант Ислам боксан спортан мастер хилира 2010-чу шарахь, ткъа 2021-чу шарахь Коьртачу федералан гонашкара Оьрсийчоьнан боксан Федерацин дирекцин куьйгалхо хIоттийра иза.
Талламан "Проект" хаамийн гӀирсан информацица, карарчу хенахь Халидов Мохьмадан долахь ду Москвара "Сколково" инновацин центрна гергахь долу 38 соте латта – цуьнан мах бу 291 миллион ₽. Цуьнан кӀентан Русланан долахь бу кхин а беза бахам – Рублевское шоссе тӀехь йолчу Раздоры йуьртара352 миллион сом мах болу 93 соте латта. Цигахь цуьнан лулахой бу Оьрсийчоьнан финансийн министр Силуанов Антон а, тӀеман министран гӀовс хилла Цаликов Руслан а, Тверан кӀоштан губернатор Руденя Игорь а, кхиболу лаккхара даржхой а.
Цхьана ширачу йозана тӀехь хьахош ду Халидов Сумайд Соьлж-ГӀалахь Нохчийчоьнан президент лаьттинчу Кадыров Ахьмадан сий деш дӀайаьхьначу боксан Европан чемпионат вовшахтохархо хилар а. И къийсадаларш схьадоьллучохь вара республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Вежарий ХалидовгӀеран а, Нохчийчуьрчу рожан а зӀенаш хиларан кхин тоьшаллаш каро аьтто ца белира редакцин.
Амма Нохчийчуьра политологна, Кавказан къаьмнийн ассамблеян президентана Кутаев Русланна хетарехь, нохчийн орамаш долчу совдегарийн муьлхха а жигаралла республикерчу Ӏедалан Ӏуналлехь бен дӀайахьа йиш яц.
"БажаевгӀеран доьзал боцург, (цо вуьйцург ву нохчийн долларийн миллиардер Бажаев Муса - Ред.) суна цхьа а стаг, йа цхьа а компани ца йевза, тахана цхьана кепара Кадыровн Ӏедалца, йа кадыровхошца йоьзна йоцу. Масссара а хIонс луш йу царна, буьззинчу барамехь церан Iуналлехь бацахь а", - бохура Кутаевс.
Цуьнан дешнашца, оцу кепара йукъаметтигаш дIатийса гIерта нохчийн хьаькамаш доллу дуьненахь болчу нохчашца.
"Со теш вац оцу кепара бинчу бертийн, амма тешна ву, нохчийн Iедалхойн леларо а, царна марзделлачо а цуьнан тоьшалла деш хилар. Путина Кадыров Рамзанан деца барт бечу хенахь, тIаьххьарчунна бакъо йелира миччахь бехаш белахь а нохчашна тIехь шена луъург дан: муьлхха а кепара, бизнес схьайаккхарца ницкъбар, Iаткъам латтор, лецар, царна тIаьхьабийлар. Цундела йоллу Оьрсийчохь а, цул арахьа а – СНГ-н пачхьалкхашкахь, Туркойчохь а – кадыровхойн эмиссараш нохчийн бизнесхой шайн куьйгакIел бахийта хьийза", - дуьйцу Кутаевс.
Цундела, жимма а шайна аьтто хилийтархьама Кадыров Рамзанца дийцарш дан деза цара аьлла хета экспертана. Ца хуьлчу далахь, совдегарна федералан центрера гӀо-накъосталла хир дац.
2023-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Халидов Сумайдна йелира "Даймехкан хьалха гӀуллакхаш дарна" 2-чу даржера орден, "физкультура а, спорт а кхиорна а, дуккха а шерашкахь хьанал къахьегарна а". Кху баттахь Халидовна Сербин паспорт а делира.
"Спорт бахьанехь делла паспорт"
Серби Евробертан декъашхо йац, амма цуьнан бахархойн бакъо йу виза йоцуш дIасалела, къаьсттина Шенгенан зонехь йолчу пачхьалкхашка а, Японе а. Оьрсийчоьно Украинехь тIом болийначул тӀаьхьа а, Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш юкъайаьхначул тӀаьхьа а, шайна йукъахь визан санкцеш а йолуш, Сербин паспорташ дахар алсамделира. Маршо Радион Балканийн сервисо йаздира, 2022-чу шарахь 50 Оьрсийчуьрчу вахархочунна ша-тайпа кепехь махкахочун бакъо йелла – иза тӀом балале хиллачу 2021-чу шарахьчул кхузза алсам ду аьлла. 2023-чу шарахь а изза тренд дӀайоьдура: беккъа цхьана хьалхарчу 7 баттахь Сербин Ӏедало махкана "интерес йолуш" лерира кхин а 43 оьрси. Оццу ворхӀ баттахь 33 паспорт бен ца делла кхечу пачхьалкхийн бахархошна лерринчу рогӀехь.
ХалидовгIеран Сумайдан а Иманан а гIуллакехь церан оцу пачхьалкхаца уьйраш хиларх хууш тоьшаллаш дац
Карарчу хенахь болчу хаамашца, Серби къаьсттина дика йу Оьрсийчуьра схьабевллачу спортан гIуллакхдархошца, къаьсттина боксерашца. Цу кепара, Халидова Иманца цхьаьна, кху шеран дечкен-баттахь Сербин паспорташ шатайпачу кепехь схьаийцира боксан спортан мастеро Фейзулина Каринас, Ярославлан кӀоштан боксан федерацин вице-президенто Котков Максима, Европан чемпионо Орябинская Еленас, иштта Оьрсийчоьнан миллиардеро Ломакин Сергейс а. Бутт хьалха Сербин боксерийн йукъараллин коьрта директор хIоттийра иза.
Ломакин ву Оьрсийчохь йохка-эцаран "Копейка", "Монетка", "ЦентрОбувь", Fix Price цӀе йолу туьканийн машанаш йукъабаьхначех, долахо, инвестор, менеджер. 2016-чу шарахь иза лаца кхайкхийра Газпромбанкан кредит лачкъорца доьзна гӀуллакх бахьана долуш, ткъа иза а ши шо даьлча йукъахдаьккхира.
20I8-чу шарахь Ломакинна Кипран паспорт делира инвестицин программехула, амма стохка гIуран-баттахь Кипро шайн махкаллех ваьккхира иза а, кхин а Оьрсийчоьнан олигархаш а.
Оьрсийн маттахь арадолучу Cyprus Daily News зорбанан гӀирсо, хьостанна тӀе а ца тевжаш, чӀагӀдора, формалан бахьана ду Ломакина дехар чулуш шен даймахкахь бехктакхаман гӀуллакх ца хиларх лаьцна харц информаци йелла хилар аьлла. Оццу баттахь Молдован TV8 телеканалан Cutia Neagră ("Ӏаьржа йьшка") программехь къаьстира, Молдавин паспорт даккха а Ломакин гIоьртина хилар, амма ша Молдавера схьаваьлла ву бохучух лаьцна харц документаш гайтина аьлла, цунна дуьхьало йинера.
2022-чу шеран гIадужу-баттера схьа дуьйна Ломакин Украинан санкцеша лаьцна ву.
Кху шарахь, Сербин боксан цхьаьнакхетарехь (БСС) шен дарж дӀалаьцча, Ломакина дӀахьедира, пачхьалкхехь дуьненаюкъара мехала боксан турнир дӀахьур йу – Нишехь хир йолчу зударийн дуьненан чемпионатах а, кегийрхойн Европан чемпионатах а. БГУ Дуьненаюкъарчу боксан ассоциаци йукъа йогIуш йу БСС, цуьнан коьртехь ву Оьрсийчоьнан Ӏедалшца гергарло лелош волу бизнесхо Кремлев Ӏумар. 2023-чу шарахь Дуьненаюкъарчу Олимпан комитето, Оьрсийчоьнан а, Беларусин а спортхошна къовсамашкахь дакъалацарна дехкарш дан реза ца хиларна IBA-н къобалйар йукъахдаьккхира.
IBA-н вице-президент ву Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкахь вехаш волу Дагестанера схьаваьлла, боксан спортхо а, тренер а хилла Абакаров ӀабдулмутӀалим (Абук). Иштта БСС-н Ӏуналлин комитетан куьйгалхо а ву Абакаров. Цо лерринчу процедурица Сербин бахархойн бакъо эцна 2021-чу шеран охан-баттахь.
Сербин спортан дахарехь Абакаровс а, Ломакина а дакъалацарна шайн бахархойн паспорташ царна даларх цхьана агIор кхеташ делахь а, Халидов Сумайдан а, Иманан а гIуллакхехь цхьана а тайпа тоьшаллаш дац пачхьалкхаца уьйраш хиларх.
Transparency Serbia программин директоро Ненадич Неманьяса тхан сайтана йеллачу комментарехь билгалдаьккхира, и тайпа сацамаш баран бахьана а, уьш тӀеэцаран процедура а йевзаш йац, цундела йукъараллин мах хадо йиш йац, сербахойн пачхьалкхан цхьаболу нах бахархой тӀеэца баккъалла а интерес хилла йа ца хилла бохучух.
"И информаци ца хиларна, Сербин къоман интересаш бахьана долуш а доцуш, и тайпа сацамаш дӀакхайкхош болчу нехан финансийн интересаш бахьана долуш бахархойн бакъонаш луш хиларан гӀуллакхаш йукъара даха йиш йац", - аьлла хета Ненадична.
Оьрсийчоьнан бахархой шина тайпана бу
Криминалан тIаьхье йолчу спортан хьаькамашна легализаци йолу паспорташ дӀасадоькъучу йукъанна Сербино де-факто сацийна къаьстинчу кепехь Оьрсийчоьнан бахархошна мехкалла далар. Доьзалан уьйрашца а, дӀатарбаларца а, Оьрсийчоьнан мехкаллех дIахаьддехь а.
2011-чу шарахь дуьйна махкахь йехаш йолчу гочдархочун, "Сербин керланаш" цӀе йолчу телеграм-каналан авторан Мартынова Викторин сюжет гӀарайелира. Мартынова Викторина Сербин пачхьалкхан паспорт дала реза хилира, нагахь санна Оьрсийчоьнан махкахочун бакъонех иза дIахадахь. Оьрсийчоьнан йахархочун паспортах дIахедира иза 2023-чу шеран гIуран-баттахь, амма цкъачунна Сербин паспорт кара кхаьчна дац цунна – Мартынова пачхьалкх йоцуш йисина шо сов хан йу.
Цуьнан гӀуллакх цхьаъ хилла ца Iа, амма оццу проблемех Iиттабелла кхин болу оьрсий дукха хьолахь ларло цунах лаьцна нахана хьалха дийцарх. Фейсбукехь цхьанакхетта къовсабала сацам бинарш инициативан тобане – Сербин омбудсмене а, чоьхьарчу гӀуллакхийн министралле а кхайкхамаш беш бу, пачхьалкхан президенте кхайкхам бан куьйгаш гулдеш бу уьш. Цкъачунна оцу акцеша жамӀаш ца дина.
Белградерчу феминистийн йукъараллин а, "ТӀамна дуьхьал йолу Серби" йукъараллин а координатор йолчу жигархочо Горелик Аннас мукӀарло дира, тӀаьхьарчу масех шарахь шена цхьа а гӀуллакх ца девзина оьрсашна Сербин паспорт схьаэцарх лаьцна.
"Керла тIабаьхкинарш дог дохуш бу, кхо шо даьлча шайна мехкалла лур ду моьттуш: и ду церан коьрта жоп, Сербихь хIунда соьцу шу аьлла, шайга хаьттича. Со тешна йу ала мегар ду, дукха ца Iаш оцу массо а нехан чIогIа дог дер ду аьлла. Дуккхаъчийн формалехь аьтто хир бу 2025-чу шарахь гражданалла йоьхуш, кехаташ чудала, цул тIаьхьа кхин а масех бутт дӀабер бу... тIаккха гучудер ду, цхьа а цигахь цаьрга сатуьйсуш цахилар", -элира Горелика.
Цо дийцарехь, цIе йаккхазчу Сербин къайлахчу сервисийн белхахочо бахарехь, Оьрсийчоьнан бахархршна паспорташ далар "лакхара дуьйна" омра дина сацийна. И аьлла хета сербахойн юристана, цуьнца Горелика бакъонан гайд кечйира Сербихь бехачу эгIазчу оьрсашна лерина.
Жигархочунна хетарехь, оцу кепара сацам бина хила тарло шина тайпанчу бахьанашца.
"Цхьана агIор, европахошкахьа болчу политикашна а, хьаькамашна а гуш ду, Оьрсийчуьра эмигранташ тIаьхьий-хьалхий паспорташ а луш, тIеоьцур цахиларо Евробертан синтем бохориг хилар. Цо а чолхе доккхур ду пачхьалкх цунах дIакхета дагахь деш долу дийцарш. Вукху агӀор, "оьрсийн дуьне" хазахеташ хиллачарна оцу мIаьргонехь дика гуш дара, Сербе баьхкина "русаш" царна кхузахь тӀеэца хазахетар долуш нах цахилар. Белградехь масех вуно йоккха оьрсийн дуьхьалонан акцеш хилира – ткъа уьш эзарнаш нах бара, тӀамна дуьхьал а, Путинна дуьхьал а плакаташ а долуш, гӀалин йуккъехь вовшахкхетта. 2024-чу шеран зазадокху-баттахь дийно сарралц прессехь болчарна гуш йара "Ах де Путинна дуьхьал" (Оьрсийчоьнан президентан харжамаш боьлхучу хенахь. – Ред.) аьлла, хIоьттина йоккха рагI. Кхаж тасаран жамӀаша билгалдаьккхира, оцу эмиграцин тулгӀенан хьежамаш а вуно къаьсташ хилар Оьрсийчоьнна чоьхьа къобалбинчех. Оьрсийчоьнан а, Сербин а къайлахчу сервисаша цхьаьнаболхбар къайле йац, цунах дозалла до массо а декъашхоша. Суна дагадеана дац, оццул гергарло тидаме эцча, бӀеннаш эзарнашкахь Сербе дехьабевллачу Оьрсийчоьнан бахархойн хаттар кӀорггера а, кест-кеста а дийцаре ца дина аьлла. Ткъа цхьатерра ойла йан йиш яц, цу кепарчу къамелашкахь оцу эмигранташна хила тарлучу Сербин бахархойн тема хьакхалуш хир йацара аьлла", - дерзийра шен къамел Горелик Аннас.
- Стохка дечкен-баттахь Сербера делегаци хилира Нохчийчохь – пачхьалкхаша сацам бира боксан декъехь цхьаьна болх бан. Сербин боксан Ассоциацино динчу дӀахьедарца, Кадыров Рамзан дагахь ву Соьлж-ГӀалахь Сербин а, Оьрсийчоьнан а гулйинчу тобанашна Ӏамораш вовшахтоха а, Белградца юкъаметтигаш кхин дӀа а кхио а, "шина а пачхьалкхана пайденна" аьлла. Карарчу хенахь и болх муьлхачу муьрехь бу, хууш дац.
- Сербин а, Нохчийчоьнан а уллора экономикан а, политикан а йукъаметтигаш йац, амма "вежараллин" уьйраш йу боху Белградо а, Кремло а. Цуьнан коьрта бахьана ду Косовоца йолу юкъаметтигаш дӀанисъйан Iалашонца Оьрсийчоьно дина дийцарш. Къаьсттина дахначу шарахь хаам баьржира, Сербехь цхьана урамна Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхелхинчу ден Кадыров Ахьмадан цIе тилла сацам бина бохуш, ткъа иштта дийцаредора цуьнан цӀарах КъорӀан Ӏамо школа йан а тарло бохуш
- 2022-чу шеран лахьан-баттахь Даудов Турко Белграде вахара, Сербин президентаца Вучич Александрца цхьанакхета. Даудовс совгIатна верта а, чола куй а белира Вучична. ХIун Iалашо яра цхьанакхетаран, хIун дийцаредира шина политико – хууш дац.