ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Крокус Сити Холлехь" теракт йинарш лоцуш дакъалацарна Нохчийчуьра эскархошна совгIаташ дина


Нохчийчуьра эскархой, гайтаман сурт
Нохчийчуьра эскархой, гайтаман сурт

Подмосковьера "Крокус Сити Холл" концертан зал чохь йинчу терактана бехкехетарш лоцуш дакъалацарна махкара эскархошна совгIаташ дина аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Буьйцурш бу тIеман министраллин "Ахмат-Россия" полкан декъашхой. "Уггар билгалбевллачарна", Кадыровс ма-йаздарра, 12 "Майраллина" мидалш а, урхаллин грамоташ а йелла.

Нохчийчоьнан урхалхочо билгалдаьккхина, шеконаш йерш лоцуш Брянскан кIоштахь ФСБ-н спецназ йукъахь йолуш дIайьхьна операци. Спецназан белхахошна совгIташ дарх хаийтина дац.

"Ахмат-Россия" полкан эскархой Брянскан кIошта хьовсийна дара Украинаца долу дозанаш Iалашдан.

  • Подмосковьера концертан "Крокус Сити Холл" зал чохь байъинчу нахана тезетан де кхайхийра зазадокху-беттан 24-чохь.
  • Бехкехетарш схьалохуш дакъалаьцначу Нохчийчуьра ницкъахошна Оьрсийчоьнан тIеман министралло совгIаташ дийр хиларх Нохчийчоьнан куьйгалхочо хаамбира зазадокху-беттан 23-чохь, "Крокусехь" теракт йинчу шолгIачу Iуьйранна. Шоьтан дийнахь иштта вистхилира иза Нохчийчоьнан Конституцин денца къам декъалдеш.
  • Оьрсийчоьнан Iедалхоша чIагIдо, официалан хаамашца 13- стагана зулам деш, йинчу терактаца воьзна 11 шеконашца стаг лаьцна аьлла, ву царлахь теракт кхочушйина виъ стаг а. Лаьцначарлахь мел лахара а цхьанца ницкъахоша садизм лелош тоьшаллаш даржийра.
  • "Ахмат-Россия" полкан куьйгалла деш ву Элимханов Заурбек. ГIадужу-баттахь Кадыров Ахьмадан цIарах мидал йелира цунна "ницкъаллин урхаллин билгалваьллачунна" санна. Полкан командир хIоттавале хьалха Элимханов болх беш хилла Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университетан" куьйгалхочун гIовс санна – цигахь Iамош бу, Нохчийчуьра базехула Украинерчу тIаме хьийсон "лаамхой".
  • Украинан эскара йукъара Интернационалан легионера нохчийн лаамхоша дIахьедира Белгородан кIоштара йуьртан администраци шаьш схьайаккхарх. Кавказ.Реалии сайто къастийра, хIун дакъалоцу Ичкерин агоIнчаша тIемашкахь.
  • Нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканалан корреспонденто гайтира Белгородан кIоштара Козинка эвлахь вуно йохийна меттигаш. Дуккха а петарш шена чохь йолчу цIенна тIера хIоьънаша дитина Iуьргаш долуш, йохийна машенаш йолчу йуккъехула ЧГТРК-н белхахочо дIахьедира "Запад-Ахматан" кхиамех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG