ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Крокусехь" йинчу терактан гIуллакхехула бархIолгIаниг лаьцна мехах хIусам йаларна


Касимов Алишер
Касимов Алишер

Подмосковьерчу "Крокус Сити Холлехь" йинчу терактан гIуллакхехула бархIолгIа стаг Касимов Алишер дIалаьцна Москварчу кхело. Мел лахара а стигалкъекъа-беттан 22-чу дийне кхаччалц хан йоккхура йу цо СИЗО-хь, хаамбина оьрсийн Свобода Радионо.

Хьалхо Касимов лаца бехира Оьрсийчоьнан Талламан комитето. Талламхойн версица, Касимовс "Крокусан" тIелатар динчу цхьанна чохь Iен петар йелла хилла мехах. Кхелан кхеташонехь Касимовс дIахьедира, шен ца хаьара шен петар чохь вехаш верг терроризмаца воьзна вуй. ХIусам цо "Авито" сервисехула дIайеллера.

Касимов – Оьрсийчоьнан вахархо ву. Иза ГIиргIазойчохь вина ву, карарчу хенахь Красногорскехь вехаш ву, кхо бер ду цуьнан. Шен вешица йуккъехь чайхана йу цо лелош.

Заздоккху-беттан 25-чу буса, оццу кхело лецира концертан хIусаман тIелатар дина аьлла шеконашкахь волу виъ стаг. ШозлагIчу дийнахь чувоьллира бехке хета кхин а кхо стаг.

Царлахь вара – Исломов Диловар, талламан версица, тIелатар динчара лелийначу кIайн "Рено-н" тIаьххьара хилла долахо ву иза. Исломовс бахарехь, машен цо шен стунвешина дIайоьхкинера, цецваьллера иза, теракт йинчу меттехь иза гайтича.

  • Заздоккху-бетта 22-хь, пIераскан сарахь масех эскархойн духарш доьхначу наха маса тоьпашца герз детта долийра Москван йистерчу концертан хIусамехь. Йуха эккхар хиллачул тIаьхьа йоккха цIе йелира. ТIаьххьара хаамашца терактехь беллачийн терахь ду 139 стаг, царлахь кхо бер ду. Лазийна лаххара а 180 стаг.
  • Заздоккху-беттан 23-хь ФСБ-но терактана бехке хиллачех 11 шеконашца стаг лацарх хаамбира Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире. Царех виъ герз деттарна бехке лору. Самукъа доккхучу центре уьш кIайчу "Рено" машенахь баьхкира, нах байъинчул тIаьхьа уьш оццу машенахь дIа а бахара, амма йуха лецира Брянскан кIоштахь. Важа лаьцна ворхI стаг, бакъоларйаран органаша чIагIо йарехь, теракт кечъеш гунахь хиллачух тера ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG