ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Крокусера" терактана тIехула кхерамаш туьйсу Оьрсийчуьра националисташна  Нохчийчоьнан куьйгалхочо


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Оьрсийчоьнан националисташа "Крокус Сити Холл" концертан залехь теракт йарна йинчу реакцина саготта ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цунах лаьцна цо хаамбина шен телеграм-каналехь.

Цхьа "Оьрсийчоьнан мостагIий" бехкебина Кадыровс, цара "чуьра хьал талхорна", къаьмнийн хаттарх пайда а оьцуш. Цо билгалдаьккхира, "Оьрсийчоь дуккха а халкъаш шена чохь дехаш хилла а йу, хир а йу" аьлла. Лакхахь хьахийна "мостагIий" бу боху Кадыровс "лаамехь малхбузен къайлахчу сервисаша мах боцуш лелон тайнигаш".

Шен пост йерзош кхерам тесна Кадыровс, "кегийчу къаьмнех дуьйцуш, питанаш лелочаьрца къамел доца хир ду", амма Оьрсийчоьнан низамехь аьлла.

ТIом зуьйчу Институтана хетарехь, кегийчу къаьмнашка а, Оьрсийчуьра мигранташка а шайн болу цабезам дIагойтучу хенахь, "Крокус Сити Холлах" пайлаэцначу Оьрсийчуьра националисташка оцу кепара вистхила хьийза Нохчийчоьнан куьйгалхо.

  • Хьалхо Кадыровс дIахьедира сацам тIеэцна ша "лаккхара омра" кхаччалц республикера йоллу саукъадоккху, нах гуллун барамаш йукъахбаха аьлла. Подмосковьехь динчу терактаца доьзна дара цуьнан дIахьедар, иштта тIедожийра цо регионера пачхьалкхан байракхаш а охьайахийта аьлла.
  • Цхьахйолчу версица, тIелатарна бехке йу "Исламан пачхьалкх". Кавказ.Реалиино дийцира, террорхойн тобано Къилбаседа Кавказехь а, Оьрсийчоьнан къилбехь а тIаьххьарчу заманчохь лелочух.
  • "Крокусна" дина тIелатар – Оьрсийчохь уггар дакхийчех ду, 2004-чу шарахь Бесланехь школана тIелатар динчул тIаьхьа хиллачех. Беллачийн терахь 137-е даьлла.
  • Терактана бехке хиллачех 11 шеконашца стаг лацарх хаамбира Оьрсийчоьнан Iедалхоша. Царех виъ лецира зазадокху-беттан 22-чохь. Лоцучу заманчохь къизаллица йиттина хиллера царна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG