ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ксенофобеш патриотизмаца хьерчайо: Ахматан критикаш а, къамнашна йукъара девнаш а


Нохчичоь, Гудермес
Нохчичоь, Гудермес

Украинан герзахойн ницкъаша Курскан кӀоштахь дӀахьочу операцин муьрехь Оьрсийчоьнан тӀеман блогерша алсам критика йо нохчийн лерринчу ницкъийн буьйранчана Алаудинов Аптина, "Ахмато" регион ларъярехь дакъалацарх лаьцна. Курскера тӀеман "коьртачу дийцархочо" жоп луш бехкаш дохку "къоман билгалонца" тIаьхьабевлла аьлла. ТӀом лаьттачу шина шарахь Оьрсийчоьнан эскаршна юкъахь вовшийн бехкаш дахар даьржина даьлла. Кавказ.Реалии корреспонденто дагалоьцу, хьалха Оьрсийчохь къамнашна йукъахь лелха девнаш муха дерзадора.

Национализм а, ксенофоби а даимна а хилла йу Оьрсийчоьнан эскарехь. Массо а дакъошкахь бохург санна –"дедовщина", "махкахой" боху кхетам лаьттина даим а, ша могIарехь буьйлабала Iамор а санна. 1944-чу шарахь Сталина нохчийн къам махках даьккхинчул тӀаьхьа, 1950-гӀа шераш чекхдовлуш бен эскаре дӀакхайкха ца буьйлабеллачу нохчаша чӀогӀа дуьхьало йора оцу системина: "дедаш" а, инарлаш а цаьрца девне ца бийла гIертара, ткъа эпсарша уьш кест-кеста лахарчу даржашка хьалхатоьттура. Буьйранчаллин гIоьнчаш санна, йа чохь оьшург дан хIиттабора.

СССР-ан пачхьалкх йоьхча а, Нохчийн пачхьалкх дӀакхайкхорца а, цул тӀаьхьа хилла тӀемаш бахьана долуш 1991 шарера - 2000-гӀа шераш юккъе даххалц Нохчийчуьра бахархой оьрсийн эскаре ца кхойкхура. Нохчийн республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана массо а меттехь дӀахьедарш динехь а, республикехь дӀахӀиттийна тӀеман министраллан батальонаш йара, Оьрсийчуьра бахархойх кхоьллина.

Оьрсийчоьнан эскарехь ксенофоби даимна а хилла йу, Советан пачхьалкхан заманахь а дуьйна, иза цхьана хенахь тайп-тайпанчу, кхин а политикан нийсачу къастамашца къайлаха йаккхина йара, бохуш дуьйцу Норвегехь йолчу юкъараллин, адамийн бакъонашларъяран центран (Human Rights Analysis Center- ред) куьйгалхочо Гисаев Ахьмада : "Цунах "дедовщина" олура, и ксенофоби массо а кегийчу къаьмнийн нахана тIехь лелош йара".

Украинехь буьззинчу барамехь тӀом болабелча, дуккха а хӀума хийцаделира: нохчий, Оьрсийчохь кхин долу кегий къаьмнаш а санна, йуха а пачхьакхана оьшуш хилира. Оьрсийчоьнан Федерацин тӀеман куьйгалло, СССР-ан куйгалхоша санна, даима а харцдо эскарехь "ксенофоби а, национализм" а хилар. Шен цхьана къамелехь Оьрсичоьнан президенто Путин Владимира дIакхайкхийра "Оьрсийн пачхьалхкана тIелатар санна лорур ду, динна а, къаьмнаша юкъахь доьвнаш ира-кара хIитторна лерина муьлхха а ямартлонаш лелор".

Кремлан пропагандо дуккха а къахьоьгу арахьарчу мостагӀчунна дуьхьал патриотизм а, къамнийн вежараллин дог-ойланаш а хьалаайъа. Социалан машанашкахь а, мехкан телеэкранашкахь а гучуйовлу Z-флеш-мобаш, пачхьалкхан шолгӀа "махкан-эшар" бохург санна хуьла Z-иллиалархочун Шаманан "Со оьрси ву" илли. Оьсийчоьнан президент Путин а ца лаьтта йуьстах, хоьттина, хаамийн гӀирсаша шуьйра даладо цуьнан Оьрсийчоьнан Федерацин Кхерамзаллин Кхеташонехь аьлла дешнаш: "Со гIазгIумки ву, со адыг ву, со дагестанхо ву, со нохчо ву".

Регионашкахь флешмобаш а, клипаш а йу йохуш. Ткъа "Путинан гIашсалти", "толам баккхалц" тIеман агIонча волчу Кадыров Рамзана Соьлжа-гӀалин юккъерчу майданахь эскархойн гулам бо, йуха а "мостагӀашна" дуьхал кхерамаш туьйсуш. ХӀора кӀиранах бохург санна, Нохчийчоьнан Ӏедалан куьйгалхочо Даудов Мохьмада, Гуьмсера "спецназан университетехь" Ӏамийна, Оьрсичоьнан Федерацин тайп-тайпанчу регионашкара йолахой Соьлж-ГӀаларчу аэропортера новкъабоху Украинера тӀаме.

Хаамийн гӀирсан агIонашкахь хьалхо кӀезиг бевзаш хилла нах хьалха бовлу, масала, "Ахмат" спецназан буьйранча Алаудинов Апти. Оьрсичоьно "дерриг а дуьненан зуламна" дуьхьал тӀом беш, массо къаьмнийн цу тIехь барт хиларан васт кхолла гIерта иза, шен массо дIахьедаршкахь. Украинехь тӀом болабелчхьана иза кест-кеста Оьрсийчоьнан юккъерчу пропагандин программашка кхойкху хьаша ву. Шен къамелехь даимна Алаудиновс тидам тӀебохуьйту "Ахмат" эскархой маасо Оьрсийчура кIошташкара бу, цаьрна юкъахь барт бу бохуш, иштта а КъорӀанера а, Библи тӀера тайп-тайпана аларш а далош.

Амма тIеман аренашкахь долу "вежаралийн васт" талхадо социалан машанашкахь кест-кеста гучуйохучу видеоша. Цара гойту, оьрсий боцчу эскархошна дуьхьал лелош болу къийсамаш, ницкъ бар а, иштта "Ахмат" а, кхи долу оьрсийн эскархошна а юкъахь йолу ирча юкъаметтигаш а.

Пачхьалкхо ша Ӏуналла дечу хаамийн гӀирсашкахула кхуллаш йу ксенофоби, боху бакъонашларъярхочо Гисаев Ахьмада: "Иза къаьсттина хаало Украинана дуьхьал агресси йолаяларца, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан пропагандо коьртачу Ӏалашонех цхьаъ санна къастийна а ю, цуьнан билгало йу -пропагандан жигара болх".

Эскар- юкъараллийн куьзга ду

Муьлххачу а тӀамо, муьлххачу юкъараллехь "накъосталла" до "национализм" а "ксенофоби" а кхиорехь, комментарий йо Украинерчу аналисто, стратегин коммуникацийн а, информацин а кхерамзаллин центран белхахочо Майоров Максима: "Йа оьрсий а, халахеташ делахь а, йа украинхой а бац цунах къаьсташ. Оьрсийн пачхьалкхан эскар - юкъаралийн куьзга ду, кхи йолу муьлхха пачхьалкхан эскар санна. Оьрсийчоьнан юкъаралла "атомизаци" йина ду, кӀезиг инициатива йолуш, юкъараллехь ницкъан гIелонехь йуьзна, хIинца а коьрта Iалашо - Iедалан культ йаржор ду".

Аналитикна хетарехь, пачхьалкхан тӀегӀанехь кхиош болу "къамнийн цабезам" алсам боккхуш кхин а цхьа бахьана ду - Оьрсийчоьнан эскарехь тайп тайпана къаьмнийн векалш дукха хилар, оьрсийн юкъараллехьчул а алсамох. Цул сов, "Оьрсийчоьнан куьйгалхоша шаьш "ксенофоби" совйохккху, иза "патриотизмах" хьерчош", - тӀетуьхийра эксперто.

Гисаевс дийцарехь, Оьрсийчоьнан ксенофобин йа дискриминацин политикан кепех цхьаъ ю - Нохчийчоьнан бахархой а, кхин долу кегий къоман векалш а лаамза тӀаме хьийсор, церан демографин ледара хьал тергал а ца деш: "Хаамийн чулацаман леррина цензура а йеш, Оьрсийчоьнан пропагандо сурт хIоттадо, Украинина дуьхал беш болу тIамехь, оьрсийн къам – "гӀоьнча-къам санна" гойтуш. Доккхачу декъанна, фронтехь эшамаш хиларна бехке бо кегийчу къаьмнийн векалш, изза буряташ а, нохчий а".

Цхьаболу пропагандин Z-каналаша Кадыровн леррина эскарш "барт барна" бехке дан долийра, царех "тиктокан эскарш" олуш, эскархоша интервьюш ло, "Ахмат" штурмовикийн эскарш тӀом беш ду, ткъа изза цӀе йолу спецназ тӀом беш йац бохуш.

ТӀом чIагIлучу муьрехь, къоман республикашкахь байина эскархой алсам бевлча, шайн кегийрхой эскаре дӀа ма эцахьара бохуш, аьзнаш алсам довлуш ду. Цу кепара, марсхьокху-бутт болалуш Къилба ХӀирийчохь меттигерчу 12 гуламан куьйгалхочо зорбане баьккхира республикин куьйгалхочуьнга Меняйло Сергейга лерина кхайкхам. Цу кехат тӀехь цара доьхура, тIамехь шайн махкара байина эскархойн терахь гучудаккхар а, Путинан тидам тӀебахийтар а, "меттигера бахархойн терахь лахдаларан юхаметтахIотто йиш йоцчу хьоле далар". Дагестанехь дуьйцу Къилбаседа-Кавказан федералан регионашна юкъахь уггар дукха баларш шайн махкахошлахь ду бохуш.

"ДӀадаханчу бӀешарашкахь Оьрсийчохь Ӏедал массийттазза хийцаделла. Амма ксенофоби а, национализм а ладаме социалан проблема санна йисина. Украинера тIамо схьагайтина, кегийчу къаьмнашца йолу халонаш а, Оьрсийчоьнан юкъаралла мел кӀорггера халлачу хьолехь йу а", - аьлла, жамӀ до Гисаевс .

  • Анапехь Нохчийчуьра ши вахархо лацар "къоман билгалонца тIаьхьабовлар ду" аьлла "Ахмат" спецназан буьйранчас Алаудинов Аптис. Гезгамашин-беттан 3-чу буса меттигерчу клубана уллехь йиттина шина аниматорна – ГӀебартойн-Балкхаройчохь лецна тӀелатар динарш, хулиганалла лелорна бехке а беш, СИЗО хьовсийна уьш.
  • Оккупаци йинчу Мариуполан хийистехь конфликт иккхина садоӀучу нахана а, Нохчийчуьра схьаваьллачу стагана а юкъахь, Иза шен машенахь пляжа йуккъе а веана, машен юха дӀахӀоттон реза ца хиллера. "Ахмат" цӀе йолчу нохчийн декъан буьйранчас Алаудинов Апти шен махкахочо лелийначух къинтӀера довлар доьхуш, цунна таIзар дийр ду аьлла, кхерамаш тийсина.
  • Оьрсийчоьнан "тӀеман корреспонденто" Романов Владимира нахана йуккъехь къинтӀера довлар дехна Белгород-махкарчу "Ахматан" дакъош эскаре кхойкхучарна тӀехьа лаьтташ ду аьлла ша аьллачу дешнашна. Цо шен дӀахьедар харцдира, кхетийра ша Алаудинов Аптица "деха, даггара къамел" динчул тӀаьхьа "информаци кхин а леррина толлур йу" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG